Новарера тӀом (1849)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Новарера тІом
Коьрта конфликт: Австрин-италин тІом
Панорама Феррари Джузеппе Новарера тІом (1849)
Терахь 1849 шеран 2223 март
Меттиг Новара
ЖамӀ Австрин толам. Карл Альберта Сардинин Іарш йитар.
МостагӀий

 Сардини

 Австрин импери

БӀаьччаш

Сардини Хржановски Войцех

Австрин импери Радецки Йозеф

Массон ницкъаш

85 000

72 000

Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Новарера тІом (итал. battaglia di Novara) я Бикоккера тІом (итал. battaglia della Bicocca; Бикокка — Новаран уллора меттиг) — Австрийн империн а, Сардини паччахьаллин а йукъара коьрта тасадалар Австрин-италин тІамехь. ТІом лаьттира 1849 шеран 22 мартехь ша долчу дийнахь, сецира сатоссуш 23 мартехь. ТІамо инзаре эшам бина, юхадаьккхира Пьемонтера Сардинин эскар.

1848 шарахь Австрин а, Сардинин а юкъахь бина чолхе машар, ворхІ баттахь а ца лаьттира, 1849 шеран 12 мартехь Сардинин паччахьо Карл Альберта, хьалха шен цахилла аьттонаш берзо гІерташ, шеггара Австрица болу машаран барт бохийра. Австрин эскаро шен тІелецира тІеман инициатива Ломбардехь. Баьччаллехь инарла-фельдмаршал Радецки Йозеф волуш, австрихоша дІалецира Мортара гІала.

Мортара дІалацаро австрин а, сардинин а эскарш Миланан 45 км малхбузехьа йолчу Новарера тІаме кхачийра. 85 000 сардинхой дукхаллин барамца сов боллушехь 72 000 мостагІийн тІемлойл, австрихой хилира алсама низам долуш а, тІеман кечаме а. Иштта сардинин эскаран кхечу италин пачхьалкхашкара гІо а дацара хуьлуш. Инарла Джироламо Раморино, куьйгаллехь волу сардинин эскаран цхьаьна дивизин, Іехавелира Радецкин боламах, коьрта баьччанера омар доллушехь, ша ларъян еза Павин уллора пост йитира цуо. Радецки сихвелира оцу гІалатах шайн аьтту бан, Тичинон дехьавелира, иза коьрта бахьна хилира сардинин эскар эшаран.

Сардинхой юхакхийсира Альпийн кІажошкарчу Боргоманеро, тІаккха австрин эскарша ницкъ ца беш дІалецира Новара, Верчелли, Турин. Австрин инарло барона Юлиус фон Хайнаус яьккхира Брешиа, Миланан 54 милехь йолу, цул тІаьхьа Карл Альберта йитира Іарш шен кІантана Виктор Эммануилан, тІехьуо цхьаьнатоьхна Италин паччахь хилира цунах. Пьемонтан республика ца йира, Руман республика а, Венецин республика а кхайкхийна йоллушехь. Карл Альберт дІавахара Португалин Порту гІала, дукха хан ялале велира.

Мшаран барт буха куьйгаш яздира 9 августехь. Сардинин дийзира Австрин йоккха контрибуци такха – 65 миллион франк. ЖамІ, Италин доккхаха долу дакъа юха а австрихойн Іедал кІелахь хилира.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Максутов. La guerre à va banque (опыт исследования на почве кампании 1849 года в Италии).