Нийсо-ДегӀаста

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Нийсо-ДегӀаста
Нийсо-ДегӀаста.jpg
Тайпа юкъаралла-политикин

Коьрта редактор Якиев Ӏумар
Кхоьллина 1990
Мотт нохчийн, оьрсийн
Коьрта офис Росси, ДегӀаста, гӀ. Хаси-Эвл, урам Октябрьски (Мусаевн), 18
Тираж 3000
Веб-сайт niyso-dag.ru

Нийсо-ДегӀаста — советийн, а, российн а юкъаралла-политикин газет нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь, арахоьцуш ду ДегӀастанахь[1].

Газетано бовзийту юкъаралла-политикин хиламаш, ДегӀастанахь хиларш, цул совнах нохчийн историца а, культурица а йозна йолу материалаш язйо[2].

КӀиран чохь 1-цӀа арахуьйцу еарин дийнахь. Тираж — 3000 герг экземпляр[2].

Газет арахоьцуш ду 1990 шеран 2 августехь дуьйна. Оцу хенах цӀе яра «Халкъан аз». Газетан хӀинца-йолу цӀе ю — 2001 шарахь дуьйна. Дуьххьара коьрта редактор вара Аблиев Зайнади[2].

Редакцин хӀоттам[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Якиев Ӏумар — коьрта редактор[3][2],
  • Баймурадов Салвади — коьрта редакторан гӀовс[2],
  • Бибулатова Ӏайнаъ — жоьпаллин секретарь[2],
  • Султаханова Руми — «Истори а, культура а» декъан редактор[2],
  • Якиева Седа — корреспондент[2],
  • Баймурадов Мовсар — корреспондент[2],
  • Зайнулабидов Халид — корреспондент[2],
  • Соипов Ильмудин — корреспондент[2].

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]