Нижлой

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Къена тайпа
Нижлой
Авторханов Ӏабдурахьман Геназан кӀант Авторханов Ӏабдурахьман Геназан кӀант
Кхин цӀерш Нижалой
Этноиерархи
Раса кавказан
Тукхам ЧӀебарлой
Юкъара хаамаш
Мотт ЧӀебарлойн лер меттанийн вайнехан тобанаш
Дин ислам (суннизм)
Къам нохчий
Таханлера дӀасакхалхар
РоссиFlag of Russia.svg Росси: хууш дац
НохчийчоьFlag of the Chechen Republic.svg Нохчийчоь: хууш дац
ДегӀастаFlag of Dagestan.svg ДегӀаста: хууш дац

Хьалхалера дӀасакхалхар

Къилбаседа Кавказ:

• шира. мохк ЧӀебарла

Нижлой - нохчийн ЧӀебарлойн тукхумара тайпа, ткъа М.А.Мамакаевс дийцарехь Шотой тукхум юкъара ду. М.А.Мамакаевс Нижлойн тайпа Нохчийчоьнан орамера тайпанашна юкъатуху[1]. Тайпа J2 гаплотобанера ду[2].

Географи[нисъе | нисъе чухулара]

Юкъараллин дозанаш ду: къилбаседехь – ЭгIашта а, МахкатӀе а, малхбалехь – ЧӀебарлой, малхбузехь – ДӀай, къилбехахь – Чобаьккхинрой.

Иштта «Нижала» цӀе йолуш кхоъ эвла хилла: хьалхарниг – Осхар-овлан малхбалехь, шолгӀаниг – ГӀази-овлан малхбалехь, кхоалгӀаниг – Жубиган-овлан а, ГӀази-овлан юкъахь[3].

Нижлойн лам лаьтта Нижалан къилба-малхбузехь[4].

Нижалан эвланаш[нисъе | нисъе чухулара]

Нижалан юкъайогӀу: Бейсхор овл, ГӀези овл, ГӀонтӀа, Дангар овл, Дургойн овл, Жубиган овл, Тамбийн овл, Чуьрейн мохк, ЦӀинтиг овл[3], Лаха Нижала, Муьшиечуо, Нижала, Осхар овл, ПатӀайн овл, ЧӀадана[4].

Беха меттигаш[нисъе | нисъе чухулара]

Нижлой беха ярташ: [Тоьвзана], [Хоттане], [Устрада-Оьвла] , [2- Отделение], [Закан-Юрт], [Хамби Ирзе],ВаларгтӀе[5], Лаха Невре, ЧӀулга-Юрт ишта кхи а, дуккха а.

Этимологи[нисъе | нисъе чухулара]

Тайпанан векалша дийцарехь Нижал цӀе схьаяьлла доларчу цӀарах, церан дайшах цхьаьнан цӀе хилла иза.

Гениалоги[нисъе | нисъе чухулара]

Нижлой, Босой, ДӀай кхаа вешийн доьзалаш лору[6]. Амма Сулейманов Ахьмада дийцарехь уьш схьабовлар ду кхечу кхаа вешех Гундал, Гундарген, Нижал. Амма еллачу ДНК тесташца Гуной кхин гаплотоба ю, цундера Гундалах дериг шеко йолуш ду. Иштта силсил ю Нижлойн: Сайд-Ӏали Шами – Ӏабдул-Хан – Сайд-Ӏали – АргӀун – Нижал.

Тайпа декъадалар[нисъе | нисъе чухулара]

Нижлой бекъало 14 гаран; БагӀай (J2), Бейсхор, Богач, ГӀези, Дангар, Дургой, Жубиг, Имай (J2), Майд, Осхарой (J2), ПатӀай, Тамбий, ЦӀинтиг, Чуьрей.

Истори[нисъе | нисъе чухулара]

Нижалой эмиран Сайд-Ӏали Шамин тӀаьхьенех бу.

Шемара эмир Саид-Ӏали велчи, цуьнан меттиг дӀалецира кхечу тайпанчу стага. Цуьнан кӀенташна Сайд-Ӏалин, Абул-Ханан, Решед-Ханан, Хьамзат-Ханан ден меттиг дӀалаьцчи, ца лиира даймахкахь баха, уьш кхелхира къилбаседехьа. Кавказан лаьмнашкахь кхечира Курку-лам я Кхеташ-кортан кӀоште, хӀинца ЦӀонтара а, Тезa-Кхаьлла а лаьттача. Церан цхьаннах кхоъ кӀант вара – Гундал, Нижал, Гундарген. ТӀаьххьарниг – Гундарген охьахиира хӀинца Гендаргана лаьттача, ткъа ши ваша – Гундал а, Нижал а – циггахь висира. Нижал охьахиира Яьссин дехьа[7].

ГӀарабевлла тайпанан нах[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Мамакаев М.А. «Чеченский тайп (род) в период его разложения» Грозный, ГУП «Книжное издательство», 1973.
  2. https://www.familytreedna.com/public/chechen-noahcho/default.aspx?section=yresults
  3. 1 2 Сулейманов, 1997, с. 239.
  4. 1 2 Сулейманов, 1997, с. 240.
  5. Сулейманов, 1997, с. 388.
  6. Сулейманов, 1997, с. 221,239.
  7. Сулейманов, 1997, с. 269-270.

Литература[нисъе | нисъе чухулара]