Неоклассикан экономикан теори

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци a, Лахар

Неоклассикан экономикан теори юкъаяьлла 1870-гӀа шерашкахь.

Векалш: У. С. Джевонс а, Л. Вальрас а (математикан ишкол), Дж. Б. Кларк (американ ишкол), Фишер Ирвинг, А. Маршалл, А. Пигу (кембриджан ишкол).

Неоклассикан агӀоно толлу экономикан адаман (хьаштхочун, совдегархочун, белхалочун) лелар, иза гӀерта максимум пайда бан а, минимум харж ян а. Анализан коьрта категореш — тӀеххьара йоккхаллаш ю (хьаьжа Маржинализм).

XIX бӀешеран шолгӀачу декъехь марксизмаца цхьана могӀарехь кхоллалой, кхуьу неоклассикан экономикан теори. Церан оццул шорта болчу векалшлахь уггар гӀараваьлларг ингалсан Ӏилманча Маршалл Альфред (1842—1924) ву. Иза Кембриджан университетан политикан экономин кафедран куьйгалхо а, профессор а хилла. А. Маршалла керлачу экономикан талламан жамӀ дина шен «Экономикан теорин принципаш» (1890) цӀе йолчу фундаментан белхачохь.

Шен белхашкахь А. Маршалл тӀетовжара классикан теорин ойланашна а, маржинализман ойланашна а. Маржинализм (ингалсан marginal — дозанера, йисттера) — XIX бӀешеран шолгӀачу декъехь кхоллабелла болу экономикан теорин некъ бу. Экономисташ-маржиналисташ шайн талламашкахь лелайора йисттера локхаллаш, масала, йисттера пайданалла (беркатан тӀеххьара, тӀетоьхначу бараман пайданалла), йисттера эвсаралла (тӀеххьарчу механ болх бечу белхалочо динадолу сурсаташ).

ХӀара кхетамаш лелабора цара механ теорехь, алапан теорехь, кхин дукхха а экономикан процессех а, хиламех а кхетош.

Шен механ теорехь А. Маршалл тӀетовжура хьаштан а, кховдоран а концепцина. Беркатан мах хадабо хьашташка а, кховдоре а хьаьжжина. Беркатан хьаштийн бух тӀехь лаьтта субъективан йисттера пайданаллин беркатан мехаш хьаштхочун (эцархочун). Беркатан кховдоран бух тӀехь лаьтта арахецаран харжаш. Арахоьцучо йохка йиш яц шен яран харжал йорахчу мехах. Нагахь классикан экономикан теорино мехаш кхоллар арахоьцучун агӀора гайтахь, неоклассикан теорино гойту мах кхоллар хьаштхочун (хьашт) агӀора а, арахоьцучун агӀора (кховдор) а.

Неоклассикан экономикан теори, классикан теори санна, схьайолу экономикан либерализман принципера, паргӀата конкуренцин принципера. Амма шен неоклассикан талламашкахь йоккха акцент йо прикладан практикан баланаш талларехьа, дикачул алсама лелайо дукхаллин анализ а, математика а. Дукха тергойо кӀезиг йолчу ресурсийн микроэкономикан тӀегӀан баланаш эффективаца, предприятин а, цӀеран бахаман а тӀегӀа санна лелабаран. Неоклассикан экономикан теори ю таханлерачу экономикан ойлан дукхаха йолчу агӀонийн бух болуш.

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

  • Блауг М. Неоклассическая теория денег, процента и цен // Экономическая мысль в ретроспективе = Economic Theory in Retrospect. — М.: Дело, 1994. — С. 586—606. — XVII, 627 с. — ISBN 5-86461-151-4

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]