Невски проспект

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Сийлахь меттиг
Невски проспект
Невский проспект (5).jpg

Невски проспект (оьрсийн маттахь Невский проспект)- Оьрсийчоьнан федералан маьӀна долу Петарбух шахьаран коьрта урам бу. Ураман малхбалерачу агӀорхьара лаьтташ йолу Невски Александран Лавро йелла проспектан «Невски» цӀе. Ткъа ша лавра йина 1221—1263 шерашкахь ваьхна волу оьрсийн сийлахьчу элан Невски Александран безамна. Ураман шалза агӀонах наха «ӀиндагӀ долу aгӀo» олу, ткъа шала агӀонан цӀе «маьлхан агӀо» ю. И агӀо нах буьйлабелла лелаш меттиг ю. Адмиралтействон тӀера Невски Алексадран Лавран тӀе кхаччалц 4,5 км йохалла ю цуьнан.

Санкт-Петербурхан историн декъе юкъайогӀуш ю проспект. Ураман хӀолламийн комплекс дуьненан мехалла а лоруш, ЮНЕСКО-н тептара язйина.

Дукха шахьаран историн сийлаллаш лаьтташ ю Невски проспектехь- Строганован ЦӀа а,  йоккха Казанан килс а, модерн кепехь долу Книшкийн цӀа а, Елисеевски йохк-эцаран а, садаӀаран а туька а, Адмиралтейство а, Гостини Двор а, Оьрсийчоьнан къоман библиотека а, Александрински театр а, Н. П. Акимовн цӀарах йолу комедин театр а, Аничков цӀа а, Аничков тӀай а, Москван вокзал а, Невски Александран лавра а.

Ураман шалза агӀонах наха «ӀиндагӀ долу aгӀo» олу, ткъа шала агӀонан цӀе «маьлхан агӀо» ю. Маьлхан агӀо нах буьйлабелла лелаш меттиг ю.

Ураман истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьалхалера заманчохь Адмиралтейство а, Невски Александран лавра а цхьанатухуш некъан тайп-тайпана цӀерш яра:

1718 шарахь — Невски монастыран тӀе боьду некъ;

1733 шо- XVIII бӀешаран юкъ- Невски монастыран тӀе боьду першпективан некъ;

1774 шо- Невски некъ; иштта лелош яра кхи цӀерш Йоккха перспективан а (1730—1784 шш), Боккха некъ (1736 шо) , Боккха першпективан некъ (1735—1751 шш.), Перспективан урам (1736—1737 шш.), Боккха урам (1769—1773 шш.), Йоккха проспект (1782—1820 шш.), Йоккха Невски першпектива, Невски першпектива (1768 шарахь дуьйна). Амма уьш официалан цӀерш яцар.

Кхузаманан цӀе юкъаяьлла 1776-чу шарахь.

1781-ра шарера схьа дуьйна Невски проспект цӀе официалан кепехь лелош яра. Амма 1783-1820-чу шерашкахь Йоккха Невски Проспект цӀе яьржина яра.

1918-чу шарахь эсаран (октябрь) баттахь  Сийлахь-йоккхачу Октябран социлистийн революцин шо кхачарна ураман цӀе хийцира. Керла цӀе 25-чу Октябран проспект яра. Ткъе пхиъ шарахь литтира и цӀе. Амма блокадан Ленинградехь сацам бира историн цӀе меттахӀотто.

1944-чу шарахь кхолламан (январан) 13-чу дийнахь дуьйна магистралан цӀе юхаъ Невски проспект ю.