Насуханова, Ляля Андарбековна

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Насуханова Ляля Андарбековна
Насуханова, Ляля Андарбековна.jpg
Йина терахь 1939 шо({{padleft:1939|4|0}})
Кхелхина терахь 2000 шо({{padleft:2000|4|0}})
Кхелхина меттиг Къилбаседа ХӀирийчоь
Корматалла лётчик-инструктор, парашютист, юкъараллин гIуллакхо
Гражданалла ССРС СССРРоссиFlag of Russia.svg Росси Росси
Да Андарбек Даудович Шамилёв
Бераш
  • кӀант Казбек
  • йоӀ Лариcа

Ля́ля Андарбе́ковна Насуха́нова (Бита́рова) (1939, Йоккха АтагIа, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР — 2000 шеран январь, Къилбаседа ХӀирийчоь) — хьалхара нохчийн лётчица а, парашютистка а, летчик-инструктор, авиацин спортан СССР Сийлахь спортан мастер, Москвахь хилла йолу зударийн юкъахь кеманийн спортан СССР хьалхара чемпионатан борзан совгӀатхо (1963 шо), лакхара пилотажан СССР вовшахтоьхна командан декъашхо, юкъараллин гӀуллакххо.

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Йина 1939 шарахь Йоккха АтагIахь. 1944 шарахь цӀера яккхира. Казахстанехь йолуш хенахь иза дӀаязъелира Алма-Атара аэроклубан парашютан секцин, 86 парашютаца кхоссаелира иза. Чекхъяккхира Юккеъра кеманийн техникан школа Саранскехь.

1957 шарахь цӀа дирзинчултӀехь Ляля балха яхара Махачкалан аэроклубе лётчик-инструктор. Дагестанан вовшахтоьхна командан юкъахь Российн къилбера зонан Ростовехь хилла лакхара пилотажан чемпионатехь иза чемпион хилира. 1962 шарахь Куйбышевехь хилла СССР чемпионатехь божарийн юккъехь цо яккхира 18-гӀа меттиг 54 спортсменан юккъехь. 1963 шарахь цо борзан медаль яккхира зударийн юккъехь йолу кеманий спортан хьалхара СССР чемпионатехь Москвахь. Оцу чемпионатехь ша дика гайтаран иза СССР вовшахтоьхна командан юкъаяхара. Амма дуьненан чемпионатехь дакъа лацар ца нисделира цуьна.

1964 шарахь иза хӀоттира кеманийн звенон командир. Цул хьалха реактивни кеманаш тӀехь цхьанна зудчуна делла дацар оццул дарж. 4-за гӀиртира иза космонавтийн тобан юкъаяха, амма нохчи хилар бахьнехь цуьнан гӀуллакх ца хилира.

Цо болх бира Соьлжа-ГӀалин кеманаш Ӏаморан центрехь: иза яра лётчик-инструктор, «МиГ-17» кеманий звенон командир. Тайп-тайпан кеманаш тӀехь цо хӀаваэхь деккхира 2560 сахьт. Цо Ӏамийра 200 сов лётчик. Шозза Советски Союзан Турпал Г. Т. Береговойс елира цунна Авиацин спортан федерацин диплом цуьнан ДОСААФ спортхой кхиабарехь хилла кхиамашан.

Цо чекхъяккхира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан хьехархойн институтан историн факультет.

Шен дахарехь 23 шо Ляляс кеманашан дӀаделира. Авиацера дӀаялча иза юкъараллин гӀуллакх бан йолаелира. Иза яра КПСС Соьлжа-ГӀалин юртан райкоман секретарь, цул тӀехьа Соьлжа-ГӀалин советан депутат. Цхьа хан ялча иза балха яхара профсоюзан областан совете: культуран белхалош хаьржира иза шайн профсоюзан обкоман председатель. Пенси яххалц бира цо и болх.

Хьалхара тӀом болабелчул тӀехь шен майран даймохке яхара иза. Иза елира 2000 шеран январехь Буро-ГӀалин генахь йоцу юртехь.

Исбаьхьаллехь[нисъе бӀаьра | нисъе]

Цунна лерина язйира шайн байташ Кусаев Адизас а, кхиболу нохчийн поэташ. Масала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР халкъан поэтессас Раиса Ахматовас цунна лерина язйира шен байташ:

«
Раз Лялю к звездам позвала природа,
Путь показал к высотам взлет орла,
Она пошла. Нелегкий путь прошла -
Такая уж была ее порода!
»

Иван Минтяк[1] цӀе йолу поэтас цунна лерина язйира дина поэма «Дуьненан стигал».

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]