Чулацаман тӀегӀо

Налог

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Нало́г — пачхьалкхан а, муниципалан кхолламан а финансийн гӀуллакх дӀадахийта Ӏалашо йолу, кхолламийн а, физикин а йаххьаша шайн долахь болчу бахамах йуха ца луш хӀорангара йоккху йал[1][2].

Налогаш къасто йеза гулдарех (пошлинех), уьш йахар биллам бу иза луш болчара цхьа гӀуллакх лелорна.

Налогаш йахар леладо налогийн законашца (хьаьжа налогийн бакъо). ХӀиттийна йерриг налогаш, кхин а принципашаш, кепаш, хьесапаш, уьш хӀитто, хийца, дӀайаха, схьайаха, терго йан кхуллу пачхьалкхан налогийн система[3].

Налог йу, пачхьалкхан функцеш кхочуш йан оьшу, пачхьалкхан налогийн структураша физикин а, юридически а йаххьашкара нуьцкъала доккху ахча.

Дуьххьарлера налогийн система йевзаш йу Ширачу Мисарехь (вайн эрал 3000-2800 шо хьалха)[4]. Уггаре йаьржина налоган формаш йара хьарш (пачхьалкхан белхаш) а, итт дакъа а. Библин «Йуьхьанцара жайна» (47:24) чохь а хьахийна йу Мисарехь хилла налогаш: бахархоша шаьш гулдинчух пхьоьлгӀа дакъа ПирӀунна дӀадала дезаш хилла[5].

Персин имперехь вайн эрал 500 шо хьалха Дарий I-чо низаме йалийна налогийн система йукъайаьккхира[6]. Налог хӀора сатрапин (провинцин) бахаме а, латтан лахьоралле хьожжуш хӀоттайора[7].

Ширачу Руман республикин муьрехь налогаш гулйора шерашкахь дӀахьош йолчу аукционашкахь тоьллачу нах (публиканаш). ТӀаьхьо императоро Августа и система хийцира: хӀора провинцин 1 % бахаман налог а, бахархойн налог а хӀоттийра[8].

Бусалба пачхьалкхашкахь налогийн коьрта формаш йара Закат (бусалбашна) а[9], Джизья (кхечу динехь болчу бахархошна) а[10].

Доктриналан налог билгалйаккхар

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Мисран префекта Рокка Эмилийс налогаш айа аьлла кховдам бича руман император Тиберийс жоп делира: «дикачу Ӏуьнан Ӏалашо шен уьстагӀий ларгар йу, царна тӀера кхакха баккхар йац»[11].


Хьажа кхин а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. «Яндекс». Словари", определения налогов Архивйина 2013-10-30 — Wayback MachineКеп:Мёртвая ссылка
  2. Налоги // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). СПб., 1890—1907.
  3. Налоговая система — это совокупность налогов, устанавливаемых государственной властью, а также методы и принципы построения налогов. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 13 декабрь. Архивйина 2012 шеран 17 сентябрехь
  4. Taxes in the Ancient World - Almanac, Vol. 48, No. 28. University of Pennsylvania Almanac (2002 шеран 4 февраль). ТӀекхочу дата: 2025 шеран 30 декабрь. Архивйина 2018 шеран 25 апрелехь
  5. Michael Olmert. . ISBN 978-0-684-80164-3.
  6. Darius I (Darius the Great), King of Persia (from 521 BC). 1902 Encyclopedia. ТӀекхочу дата: 2025 шеран 30 декабрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2018 шеран 24 апрелехь
  7. History of Iran (Persia). Historyworld. ТӀекхочу дата: 2025 шеран 30 декабрь. Архивйина 2024 шеран 11 ноябрехь
  8. Roman Taxes - Taxation in the Roman Empire. UNRV. ТӀекхочу дата: 2025 шеран 30 декабрь. Архивйина 2007 шеран 6 февралехь
  9. Zakah. www.islam101.com. ТӀекхочу дата: 2025 шеран 30 декабрь. Архивйина 2007 шеран 7 мартехь
  10. jizyah, Islamic tax (инг.). Britannica. ТӀекхочу дата: 2025 шеран 30 декабрь.
  11. Сергеев В. С. Принципат Тиберия // Вестник древней истории. — 1940. № 2 (11). С. 78—95.

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Викитекин логотип
Викитекин логотип
Викитекехь ду  йозанаш
Налоговый кодекс РФ темин
  • Налоговое право: Учебник для вузов. М.: Альпина Паблишер, 2015. — 796 с. ISBN 978-5-9614-4891-7.
  • Горский И. Сколько функций у налога? // Налоговый вестник. — 2002. — № 3.
  • Щепотьев А. В., Яшин С. А. Налоги и налогообложение: учеб. пособие/ А. В. Щепотьев, С. А. Яшин. — Тула: НОО ВПО НП «Тульский институт экономики и информатики», 2011 . — 161 с.
  • Яроцкий В. Г. Налоги // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). СПб., 1890—1907.