Назма

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Portal.svg     Folder Hexagonal Icon.svg     Wiktionary-logo-ru.png     Wikiquote-logo.svg     Wikisource-logo.svg     Wikinews-logo.svg     Commons-logo.svg

Назма — бусалба динах лаьцна чулацам а болуш, мукъамца дӀа а олуш, стихашкахь язйина исбаьхьаллин произведени ю. Назманаш фольклоран тайпанех яц, амма вайнахана юкъахь церан лелар, уьш аларан башхаллаш, церан цхьайолу исбаьхьаллин агӀонаш барта произведенешца цхьаьнайогӀуш ю. Назманаш шайн авторш болуш ю. Амма хьалха язйинарш хан-зама яларца дукхахьолахь шайн авторийн цӀераш йиц а лой, халкъан барта произведенеш санна, наха кар-кара а луш, баккхийчаьрга кегийчаьрга а кхочуш нахана юкъахь лелаш ю. Бакъду церан авторш баккхийчу Ӏеламнахана дукхахьолахь бевзаш хуьлу.

Назманийн чулацам бусалба динах бозабелла бу. Динах болу хьехамаш беш, Далла дуьхьал гӀуллакх дар, динан дай бовзийтар, бусалба нах къинойх ларбар, Далла дуьхьал хӀуттуш цӀена хилийтаран Ӏалашо ю назманийн. Дуьненахь а, эхартахь а пайдехьа хиндерг дуьйцу назманашкахь.

Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

Нохчийчохь вевзаш хиллачу Ӏелам стага Закин-юьртарчу Ӏабдул-Хьалима яьккхина и назма. Назманаш яьхнарш дукха хьолахь баккхий нах хилла, Ӏаьрбийн маттана говза а болуш, церан поэзи а евзаш, шайгахь поэтически похӀма а долуш. Назманаш Ӏаьрбийн маттахь а, нохчийн маттахь а яьхна цара. Тахана а баккхийчу Ӏеламнаха шайн йозанаш Ӏаьрбийн маттахь леладо, вовшашка кехаташ цу маттахь яздо, назманаш а Ӏаьрбийн маттахь йоху. Масала, Ӏалхан-Юьртарчу Арсанукаев Мохьмад-Бешир Хьаьжин дукхаха йолу назманаш Ӏаьрбийн маттахь ю, цуьнан жайнаш а Ӏаьрбийн маттахь яздина ду.

Назманан бӀогӀамалгаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Муъмин наха хало хьоьгу,
  • ПаргӀатонах хийла хьоьгу,
  • Цунна кхойкху гӀийла хьоьга,
  • Дела, бехьа хьайн къинхетам.
  • Ӏисъян вониг, дегӀо лоьху,
  • ТӀаӀат, дикий, даго хьоьху,
  • И шиъ нисдар хьоьга доьху
  • Бехьа, Дела, хьайн къинхетам.
  • Хьан неӀарге хьан леш баьхки,
  • Къинош дарна болуш бехке,
  • Хьайца там болчу уьш бахкий,
  • Бехьа, Дела, хьайн къинхетам.