Нохчийн пачхьалкхан университет
Арахьара хатӀ
Нохчийн пачхьалкхан университет (НПУ) | |
---|---|
Дацдар | НПУ |
Хьалхара цӀе |
|
Кхоьллина шо | 1938 шаран 7 февраль |
Лаьтта меттиг | Соьлжа-ГӀала |
Сайт | http://www.chesu.ru |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Нохчийн пачхьалкхан университет (оьрс. Чеченский государственный университет) — Соьлжа-ГӀалара классикан университет. Кхоьллина 1938 шарахь.
Структура
[бӀаьра нисйан | нисйан]НПУ болх беш ву 814 хьехархо, царна йукъахь 55 Ӏилманийн доктор, профессор, 236 Ӏилманийн кандидат. Вузехь болх беш йу 72 кафедра.
13 факультетас арахоьцу 40 говзалла йолу специалисташ. Университететхь доьшуш бу 20 эзар. сов студент.
2003 шо дуьйна Данин журналистийн школаца цхьана кхочуш йеш йу журналистикан партнёран проект.
Факультеташ
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Факультет дополнительного профессионального образования и повышения квалификации
- Географин а, геоэкологин а факультет
- Математикин а, компьютеран технологийн а факультет Архивйина 2013-10-22 — Wayback Machine
- Физикин а, информацин а, коммуникацин а технологийн факультет Архивйина 2016-11-11 — Wayback Machine
- Агротехнологин факультет
- Биологин-химин а факультет
- Кхоьчу пачхьалкхийн меттанашан факультет
- Пачхьалкхан урхиллин факультет
- Финансийн-экономикин факультет
- Экономикин факультет
- Юридически факультет
- Медицинин факультет
- Историн факультет
- Нохчийн а, юкхаралин а филологин институт
Бевзуш болу хьехархой а, дешна баьлларш а
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Алханов, Руслан Шахаевич (1962) — полицин генерал-лейтенант, юридически Ӏилманийн кандидат;
- Арсанукаев, Шайхи Абдулмуслимович (1930—2012) — нохчийн йаздархо, поэт, Нохчийн Республикин Халкъан йаздархо;
- Ахмадов, Муса Магомедович (28 января 1956) — нохчийн йаздархо, поэт, драматург, Нохчийн Республикин Халкъан йаздархо;
- Бадалов, Руслан Нурдиевич (1955) — нохчийн паргӀат кепар латархо, масийттуза СССР Кубок яккхинарг, СССР чемпион, дуьненан чемпионатан совгӀатхо, СССР халкъашна йуккъера классан спортан говзанча;
- Байсултанов, Одес Хасаевич (1965) — Нохчийн Республикин Правительстван председатель;
- Бексултанов, Муса Эльмурзаевич (1954) — нохчийн йаздархо, прозаик, Нохчийн Республикин Халкъан йаздархо;
- Бисултанов, Апти Дибаевич (1959) — нохчийн поэт, филолог, доцент;
- Бурлаков, Михаил Петрович (1952) — Российн политическан гӀуллакххо, Пачхьалкхан думин депутат, физикин а, математикин а Ӏилманийн доктор;
- Гайтукаева, Бана Мустафаевна (1959—1994) — нохчийн поэтесса;
- Гамидов, Анвар Гамидович (1924—2000) — гӀумкхийн поэт, гочдархо, хьехархо;
- Делимханов, Адам Султанович (1969) — Российн пачхьалкхан гӀуллакххо, Нохчийн Республикин правительстван председателин когаметтаниг, Чеченской республики, Российн Пачхьалкхан думин депутат;
- Довлеткиреева, Лидия Махмудовна (1974) — литературин критик, литературовед, редактор, гочдархо, филологин Ӏилманийн кандидат;
- Ибрагимов, Канта Хамзатович (1960) — нохчийн йаздархо, йукъараллин гӀуллакххо, Российн Федерацин литературин а, исбаьхьаллан а Пачхьалкхан совгӀатан лауреат, Нохчийн Республикин Халкъан йаздархо, Нохчийн Республикин Ӏилманийн Академин академик, экономикин Ӏилманийн доктор, профессор;
- Кан-Калик, Виктор Абрамович (1946—1991);
- Кацаев, Сайд-Хасан Абзуевич (1966) — нохчийн йаздархо;
- Минкаилов, Эльбрус Салаудыевич (1955) — нохчийн журналист, йаздархо, гочдархо, литературин критик, литературовед;
- Саралиев, Шамсаил Юнусович (1973) — политик, пачхьалкхан гӀуллакххо, Пачхьалкхан думин депутат, Нохчийн Республикин уьрийн, халкъан политикин, зӀорбан, информацин министр;
- Ханбиев, Магомед Ильманович (1962) — дивизин генерал;
- Цуруев, Шарип Мовладович (1963) — таханлера нохчийн йаздархо, поэт, журналист, публицист, филолог, гочдархо;
- Яндарбиев, Зелимхан Абдулмуслимович (1952—2004) — нохчийн поэт, Ичкерин президент.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Нохчийн пачхьалкхан университет Викилармехь |
- Чеченский государственный университет . — Официальный сайт Чеченского Государственного Университета. ТӀекхочу дата: 2009 шеран 5 февраль. Архивйина 2022-04-09 — Wayback Machine
- Факультет математики и компьютерных технологий ЧГУ . — Официальный сайт факультета математики и компьютерных технологий ЧГУ. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 8 январь. Архивйина 2013 шеран 2 февралехь
ХӀара чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. ХӀара дехар ду, хьай аьтту балахь хийца йоза билгала долучуьнца. |