Муцураев, Тимур Хамзатович

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Муцураев Тимур
Бакъ цӀе

нох. Кеп:Нохчий маттара цӀе

Юьззина цӀе

Муцураев Тимур Хамзатович

Вина терахь

1976 шеран 25 июнь({{padleft:1976|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:25|2|0}}) (42 шо)

Вина меттиг

Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, ССРС

Жигараллин шераш

1991—2008

Пачхьалкх

ССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРС
Нохчийн Республика Нохчийчоь Ичкери
РоссиFlag of Russia.svg Росси

Жанраш

Авторан йиш


Images.png Арахьара суьрташ
Image-silk.png Тимур МуцураевМедузера Киселёва Мариян сурт

Тиму́р Хамза́тович (Хаса́нович) Муцура́ев (нох. МуцӀурин Хьамзатан кӀант Тимур; вина 1976 шеран 25 июнехь, Соьлжа-ГӀала, ССРС) — нохчийн автор-иллиалархо, Нохчийчуьра тӀеман девнан декъашхо, НРИ тӀеман ницкъаш юкъахь.

Эшараш, коьртаниш, лерина ю нохчийн девнан а, ислам динан а, делахь а хаъал меттиг шен кхоллараллехь безаман хьажийна а бу — зударшка болу а, Даймахке болу а безаман. Цуьнан цхьацца эшарш РФ лакха магийна яц.

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Муцураев Тимур вина 1976 шеран 25 июнехь, Соьлжа-Г1алахь. № 30 йолчу юккъерачу ишколан дешархо. Жимчу хенахь дуьйна спортехь вара. 1991 шарахь каратэ кепара латарехь Нохч-ГӀалгӀайн АССР чемпион хилира[1].

1994 шо чекхдолучу хенахь дакъа лецира Нохчийчуьра хьалхарчу тӀамехь, тӀом бира НРИ юккъерачу фронтехь[2][3]. Соьлжа-ГӀалин штурм дӀаяьлчи дехьавелира Гелаев Русланан тобане. Сиржа-Эвлахь чӀогӀа чов йира, велла а моьттура иза[4][5].

2000 шарахь Нохчийчохь жигара тӀемаш хиллачул тӀехьа Муцураевс республика йитира. Цхьаьна хаамашца иза дӀавахана Азербайджане, 2008 шо кхаччалц Бакохь ваьхна[3], кхечу хаамашца иза дӀавахна ХӀункара[2]. 2000—2008 шерашкахь иза масийттаза а хилла Украинехь[2].

2008 шеран майхь—июнехь Муцураевс шиъ аудиояззам бина нохчийн маттахь, шена чохь вистхилира «Хьамзатан нахе» (вуьйцург Гелаев Руслан «Хамзат»), хаам беш, ша Кадыров Рамзанца цхьаьна кхетар хоуйтуш[4], кхайкхам бира нохчашна юкъара вежарий бойу тӀом сацабе аьлла. Цул тӀехьа иза ямарта веш бехкбилла болийра, амма цуьнца цхьаьна интернетехь гучуделира «Гелаев Хьамзатан Эмирийн кхеташон кхайкхам» иза бакъ веш[3]. Цхьацца хаамашца, оцу хенахь дуьйна иза веха Нохчийчохь, амма кхин иллеш олуш вац[2].

Кхолларалла[нисъе | нисъе чухулара]

Silk-film.png Арахьара видеофайлаш
Silk-film.png Тимур Муцураев Добро пожаловать в АД — Youtubeра эшар
Silk-film.png Тимур Муцураев - Иерусалим — Россехь видео гуш яц

Муцураев Тимуран кхолларалла гӀарадаьлла Нохчийчохь а, арахьа а. Хала боцучу гитаран мукъамашца исламах, джихадах, Нохчийчоьнах, доттагӀех лаьцна эшарш яржаран шуьйра фактор хилла оьрсийн маттахь уьш лакхар[4]. Нохчичохь цуьнан кхолларалла гӀарадаьлла дара нохчийн сепаратисташна юкъахь а, оьрсийн салташна юкъахь а[2]. Цхьацца эшарш, тӀехьо Россехь экстремистийн леринчул тӀехьа, уьш хилира Нохчийчоьнан сепаратистийн а, вахьабийн боламан шакепара «шатлакхан иллеш»[6], иза гучуделира кхин тӀе нохчийн девнах лаьцначу исбаьхьаллин литературехь а[7].

Шен эшарш Муцураев Тимура лерина тайп-тайпанчу теманашна, коьртаниш динан а, историн а[2][6], оцу юкъахь Нохчийн исторех а, цуьнан шакепара хиларх а[4][6]. Кхоллараллехь коьрта меттиг дӀалоцу безаман темано — зударшка болу а, Даймахке болу а безаман темано. Амма уггар гӀараевлларш яра Яричев Асланан байташ тӀехь яьхна эшарш, шен кхоллараллехь коьртачу меттехь йолу[8].

Тимура дийцарехь, цуьнан кхоллараллин уггар боккха Ӏаткъам бина 1990-гӀачу шерашкара рок-музыко, ма-дарра аьлча Metallica, Nirvana[2].

Муцураевс кхин а байташ язйо Муцураев Тимерхан псевдонимца дахаран маьӀнех а, исламах а лаьцна[9].

«Марша догӀийла жоьжахате» (1995)[нисъе | нисъе чухулара]

Муцураевс дуьххьарлера альбом язйина 1995 шарахь шен 19 шо долуш. Альбоман цӀе а, иштта цӀе йолу эшар а нохчаша оьрсийн салташна 1994 шеран 31 декабрехь гӀалин дуьххьара штурм йолуш Соьлжа-ГӀалин пенаш тӀехь буьтуш хиллачу уггар баьржина яззамех схьаяьлла[2].

«Гелаевн спецназ» (1996)[нисъе | нисъе чухулара]

Муцураевн шолгӀа альбом. Язйина Гелаев Русланан «Борз» батальонехь волчу муьрехь. Хьалхалерчуьца дуьстича хӀокху альбомехь алсама композицеш ю, дукхах ерш царех лерина ю тӀамехь кхелхинчарна. «Сиржа-Эвла» эшар лерина ю тӀамехь кхелхинчу доттагӀан Яхьяев Асланан, цуьнца цхьаьна 1980-гӀа шераш чекхдовлуш иза каратэ лелла, ткъа 1994 шарахь тӀамехь дакъалаца барт бина. Эшар шолгӀачу альбомехь араяьллашехь, цуо дийцарехь цуьнца йолаелла цуьнан музыкан карьера[2].

«Гелаевн спецназ» (1996)[нисъе | нисъе чухулара]

Муцураевн шолгӀа альбом. Язйина Гелаев Русланан «Борз» батальонехь волчу муьрехь. Хьалхалерчуьца дуьстича хӀокху альбомехь алсама композицеш ю, дукхах ерш царех лерина ю тӀамехь кхелхинчарна. «Сиржа-Эвла» эшар лерина ю тӀамехь кхелхинчу доттагӀан Яхьяев Асланан, цуьнца цхьаьна 1980-гӀа шераш чекхдовлуш иза каратэ лелла, ткъа 1994 шарахь тӀамехь дакъалаца барт бина. Эшар шолгӀачу альбомехь араяьллашехь, цуо дийцарехь цуьнца йолаелла цуьнан музыкан карьера[2].

«Ялсамане таррийн ӀиндагӀехь» (1997)[нисъе | нисъе чухулара]

«Оьрсийн салти (Нана, дӀавигахьа со Нохчийчуьра)» эшар язйина боху кхелхинчу оьрсийн тӀемлочунгахь карийначу дӀатасанза долчу кехато Ӏовжийна. Эшар чӀогӀа хазахеташ яра оьрсийн тӀемлошлахь. Федералан командовани гӀоьртира Муцураевн эшарш яржар сацо, амма и гӀуллакх аьтту болуш ца хилира цуьнан эшарш чӀогӀа гӀаръевлла хиларна[2].

«Иерусалим» (1998)[нисъе | нисъе чухулара]

Муцураевн кхоллараллехь альбом а, цуьнан коьртера эшар уггар гӀараевлла а лору[2][8]. Альбом Еза меттиган, тӀеман, дахаран, безаман, антиизраилан тематикан лерина ю. «Иерусалим» эшар хезира Балабанов Алексейн «ТӀом» фильм йолалуш. Локхуш иза Муцураев, амма хазара иза сихйина рожехь (оригиналаца юьстича), шаерг а ца хезира. Публицисто Шмулевич Авраама мах хадийна эшаран «уггар антиизраилан» ю аьлла, Муцураевн интервьюра дешнаш а далош, цигахь илланчо чӀагӀдо Иерусалим «къаръян» езар[8]. Эшар экстремистийн материалийн исписка юкъахь ю, «ТӀом» фильм паргӀата яржош йоллушехь, Россехь ша эшар яржаяран мах хадо таро ю «экстремистийн материалаш массехь яржаяр» аьлла, иза административан низам дохадар ду[2]. Иерусалиман тема хуьлу Муцураевн кхечу эшаршкахь а[10][11].

«Дала мукъалахь, бошмаш ю вайга хьоьжуш» (2001)[нисъе | нисъе чухулара]

Альбоман цӀарехь ду бусулба пачхьалкхашкахь бусулбачара АллахӀа диначун реза хилар гойтуш лелош долу динан айдаран дош.

«Тхан йижарий»[нисъе | нисъе чухулара]

«Тхан йижарий» эшар лерина 17 шо долчу Бараева Хьавана, машена чохь Российн блокпостан уллохь ша эккхийтанчу[12].

Россехь эшарш ца магаяр[нисъе | нисъе чухулара]

Муцураевн эшарш экстремистийн хилар ларарехь долу гӀуллакх кхаьчна Кемеровн областерачу Юрган гӀалан суьде 2008 шеран декабрехь, амма 20 эшар ца магаяран кхел 2010 шеран 14 апрелехь бен ца йина. Дуьхьанца масс эшар яра кегориг ца хаьа, амма «Сова» цӀе йолчу аналитикан центаран хаамашца прокуратура гӀиртира ца маго 100 гергга эшар. Муцураевн дукхаха йолу эшарш хӀинци а ладогӀа йолуш ю, амма Экстремистийн материалийн Федералан испискера эшарш эфире хӀиттаяр та1зардеш ду. Масала, 2013 шеран 25 январехь Калуган областера Малоярославецкан кӀоштерачу № 37 йолчу машаран суьдхочо административан жоьпалле а озийна, гӀуда тоьхна Малоярославецкан кӀоштан вахархочун, цуо шен ВКонтакте агӀон тӀехь «Нохчий» цӀе йолу эшар хӀоттаярна[13].

Дукхах дерг бехкам болуш ю Яричев Асланан байташца эшарш[6][8]. Амма кхин йолу Муцураевн эшаршна вас яц российн Ӏедалан, ткъа кхин артисташ нахана юкъахь лакха а локху уьш[2][3].

Дискографи[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Смирнов А. Г. Тимур Муцураев, биография. Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 31 июлехь. Теллина 2016 шеран 18 февралехь.
  2. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 Казинник М. Добро пожаловать в ад. К 20-летию Первой чеченской. Михаил Казиник — о главных песнях Тимура Муцураева. Meduza. Архив йина хьалхара хьостан чура 2015 шеран 5 сентябрехь. Теллина 2016 шеран 12 февралехь.
  3. 1 2 3 4 Тимур Муцураев: Певец джихада призывает к миру?, REGNUM (29 июня 2008). Архивировано коч дечара 9 января 2013.
  4. 1 2 3 4 Сухов И. Аллах, свобода и джихад: на кого Россия опирается в Чечне? // Время новостей. — 2008. — № 114. Архивировано из первоисточника 18 апреля 2013.
  5. Щербакова, Шведов, 2004, с. 34.
  6. 1 2 3 4 Добаев, 2006, с. 86—88.
  7. Федотов, 2010, с. 40.
  8. 1 2 3 4 Шмулевич А. Поколение, которое выбирает джихад против поколения, выбравшего Пепси // Вести. — 2005. Архивировано из первоисточника 9 июля 2012.
  9. Тимерхан Муцураев. Стихи.ру.
  10. Возможны ли в России «многоцветные революции»?. evrazia.org (4 февраля 2006). Архив йина хьалхара хьостан чура 31 июля 2012.
  11. Люсый А. Кавказский рок. Русскоязычная сепаратистская муза на фоне «Последней осени». apn.ru (26 сентября 2008). Архив йина хьалхара хьостан чура 20 июля 2012.
  12. Речкалов, 2005, с. 186.
  13. Федеральный список экстремистских материалов, поиск: «Муцураев». Сайт Министерства юстиции Российской Федерации.

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

  • Добаев И. П. Сетевые стратегии Запада на Юге России. — Кеп:Ростов н/Д: СКНЦВШ, 2006. — 168 с. — ISBN 5-87872-141-4
  • Речкалов В. Живых смертниц не бывает: чеченская киншка. — Время, 2005. — 282 с. — ISBN 978-5-969-10046-6
  • Федотов С. В. Дети Беслана: Сентябрь 2004. — Аураинфо, 2010. — 477 с.
  • Щербакова И. Л., Шведов Г. Быть чеченцем: мир и война глазами школьников. — Мемориал, 2004. — 222 с. — ISBN 978-5-983-79021-6