Мухтаров Муртузан цӀарах маьждиг (БуритӀе)

43°01′33″ къ. ш. 44°40′33″ м. д.HGЯO
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Маьждиг
Мухтаров Муртузан цӀарах маьждиг
хӀир. Мухтаровы мæзджыт
Пачхьалкх
ГӀала БуритӀе
Координаташ 43°01′33″ къ. ш. 44°40′33″ м. д.HGЯO
Архитектурин хатӀ Исламан архитектура
ГӀирс Кибарчиг
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Мухтаров Муртузан цӀарах маьждиг (оьрсийн маттахь Мече́ть Мухта́рова; гӀалгӀайн маттахь Мухтаров Муртуз цӀера маьждиг; хӀирийн маттахь Мухтаровы мæзджыт)- БуритӀехь Теркан аьрро бердаца дина суннитийн маьждиг ду. ГӀалин билгалонах (символах) цхьаъ ю.

Федералан маьӀна долу Оьрсийнчоьнан оьздангаллин  тӀаьхьалонан юкъайогӀуш архитектурин хӀоллам бу (№ 161410016990006)[1].

1900-1908-чу шерашкахь хьалайоьттина маьждиган гӀишло.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

ГӀишло ян бакъо йелла 1900-чу шарахь. ГӀалин урхалло Теркан хийистехь лаьттан дакъа билгалдаьккхира маьждиг хьаладотта.

«Приазовский край» газето хаам бира, маьждиг даран белхийн мах 80 000 сом хиларна. Царах 50 000 сом сагӀан теснера азербайджанийн миллионер а, мехкадаьттадаккхархо а волу, ДегӀастехь вевзаш волу меценато Мухтаров Муртузас.

Проект кечъяран белхаш диллира цо лоруш волу архитекторан И. К. Плюшкон тӀе.

1908-чу шеран эсаран (октябран) 14-чохь маьждиг схьадиллира.

1934-чу шарахь гӀалин кхеташоно суннитийн маьждиг хӀаллакдан сацам тӀечӀагӀбира.

84-чу кавалерийн полкан 25-чу гӀезалойн ротан командир волу Я. И. Беткеневс буьйр дира салташка маьждиг тергаме эца а, ха хӀотто а[2].

1960-чу шеран хьаьттан (августан) 30-чохь 1327 № йолу  РСФСР-ан Министрийн Кхеташонан Сацамца маьждиган гӀишло пачхьалкхан тергаме эцна. Маьждиг чохь мохкбовзаран музейн филиал яра.

Кхузаманан хьал[нисйе бӀаьра | нисйе]

1996-чу шарахь Къилбаседан ХӀирийчоьн Динан Урхаллин долалле яьккхира[3].

1996 шарахь кхолламан (январь) баттахь маьждиган йистехь бомба иккхира. Эккхийтарехь даккхий зенаш хилира зияртан[4]. Амма адаман  чевнаш ца хилира.

Меттигерчу бахархошна хетарехь, цхьа маьӀна дацар Суннитийн маьждиган тӀехьа шийттазза тӀекӀелдина цӀа дар, хӀунда аьлча массарна а евзаш йолу маьждиган панорама хӀаллакхилла[5][6].

Хьостанаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Объекты культурного наследия федерального значения Архивйина 2020-06-25 — Wayback Machine, Комитет по охране и использованию объектов культурного наследия Республики Северная Осетия-Алания
  2. «…когда в 1934 году горсовет принял решение уничтожить суннитскую мечеть, командир 25-й татарской роты 84-го кавалерийского полка Я. И. Беткенев отдал приказ воинам-татарам с оружием в руках встать на охрану мечети. Властям пришлось уступить и дать мечети статус памятника архитектуры». Архивйина 2019-02-20 — Wayback Machine
  3. «15-й регион»: В Суннитской мечети начались реставрационные работы
  4. Ъ-Газета — Взрыв во Владикавказе
  5. Хасан Дзуцев, интервью газете «Пульс Осетии» № 29 (320), 27 июля, 2010 г. Архивйина 2019-10-19 — Wayback Machine
  6. «Линия горизонта» (фото)