Мухина, Елена Вячеславовна
| Елена Вячеславовна Мухина | |
|---|---|
| Мухина Елена 1978 шеран дуьненан чемпионатехь | |
| Шен информаци | |
| Сте-боьршалла | сте |
| Пачхьалкх | |
| Клуб | ЦСКА |
| Йина терахь | 1960 шеран 1 июнь |
| Йина меттиг | |
| Кхелхина терахь | 2006 шеран 22 декабрь[1] (46 шо) |
| Кхелхина меттиг | |
| Тренер | Клименко Михаил Яковлевич |
| Локхалла | 152 сантиметр |
| Йозалла | 41 Кийла |
| Олимпиадехь уггаре дика жамӀаш | |
Му́хина Еле́на Вячесла́вовна (1960 шеран 1 июнь, Москох — 2006 шеран 22 декабрь[1], Москох) — советийн гимнастка, ССРС спортан хьакъ долу говзанча, ССРС (1979) а, дуненан (1978) а спортан гимнастикехь абсолютан чемпионка, Европин чемпионка, ССРС, Европин, дуьненан чемпионатийн совгӀатхо. 1980 шеран аьхка Минскехь аьхкенан Олимпийн ловзаршна кечам беш букъсурт лазийна, иза бахьнехь спортан карьера чекхйаьккхина.
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хьалхара шераш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Мухина Елена йина Москохахь 1960 шеран 1 июнехь[2]. Жима йолуш Мухина нана йоцуш йисира, ткъа дас кхин доьзал болийра, йоьӀан дахарехь дакъа ца лоцура[3][2]. Иза кхиош ши шо долуш дуьйна ненан нана, Анна Ивановна йара[2][4]. Берд олуш дуйна лууш йара гимнастка хила[4]. Цхьаьна уроке ишколехь Мухина Еленин класс чу тренер Олежко Антонина Павловна а йеина, цуо хаьттира, хьанна лаьа гимнастикин секце лела, Мухинас сихха шен лаьа аьлла жоп делира[4][5].
Цкъ уроке йеира ца йевза зуда. Ша йовзийтира: Олежко Антонина Павловна, спортан говзанча. Цуо боху: «Хьанна лаьа гимнастикин секце лела, хьалаайа куьгаш.» Аса маьӀӀаргона мохь хьокхура хазахетта[2].
Спортан карьера
[бӀаьра нисйан | нисйан]Дукха хан йалале Мухина Елена йолайелира тренер Эглит Александр волчохь тренировкаш йан, цуьнан куьйгаллица 14 шо долуш спортан говзанчийн кандидат хилира, кхи дӀа цуьнан тренер хилира Клименко Михаил, цул хьалха божарийн тренировкаш бен йина воцу[4][2].
Шатайпа "Корбутан шад" дакъалг тойира Мухина Еленас, винт тӀе а тухуш. Оцу дакъалгехь гимнастко шен когаш дӀахӀиттабо тайп-тайпана локхалла йолу брусан лекхачу декъе, аркъал кхоссало, тӀема йаьлла йоьдушехь 360 градус хьавза а хьевзаш, куьйгашца тасало лакхара васхалах, дуьхьалара сема Ӏалашйеш[6].
Дакъалгаш, дуьххьара кхочашдина долу гимнастко, цуьнан цӀе тиллина (Muchina)[7]:
- (Зударий. Брусаш). — Чуэккхар;
- (Зударий. Брусаш). — лакхара васхалан тӀехь кхазар.
- (Зударий. ПаргӀата). — Шала сальто тӀехьанехьа.
Лазйар
[бӀаьра нисйан | нисйан]1980 шеран 3 июлехь[8] Минскехь аьхкенан Олимпийн ловзаршна кечам бечу хенахь Мухинин чӀогӀа лазийна букъсурт[9][10][11]. Операци йира профессоро Лившиц Аркадийс, цуо дог дохуьйтура иза тойаларна[12], амма ша йаллалц заьӀапчун вордана тӀаьхь йисира[13]. Масех операци лайра, амма аьтту ца хилира.
Мухинас 26 шо даьккхина шен дахар къуьйсуш, лазийначул тӀаьхьа. Шен дегӀан могашалла йухаметтахӀотто гӀерташ, цо леррина техникех пайда а оьцуш, упражненеш йора, шайна йукъахь Дикульнаш а йолуш, амма саца дийзира, хӀунда аьлча жаннаш галдала доладелира чӀогӀа лазар бахьана долуш. Амма лазийна масех шо даьлча, гӀанта тӀе охьахаа а, Ӏайг-мӀар лаца а йолайелира, жимма йаздан а аьтто белира цуьнан. Физоьздангаллин институт чекхйаьккхира цо.
Кхелхина 2006 шеран 22 декабрехь[14] Москохахь 46 шо долуш дог гӀедаларца. Цуьнан тезет 27 декабрехь хилла.
Кхиамаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Спортан хакъ долу говзанча
- Дуьненан абсолютан чемпионка (1978)
- Дуьненан чемпионатан командин хьалхейаккхарехь а, паргӀата упражненешкахь чемпионка (1978)
- Дуьненан чемпионатан брусаш а, хен а тӀаьхь дети совгӀатхо (1978)
- Брусаш тӀаьхь Европин чемпионка (1977, 1979)
- Хен тӀаьхь а, паргӀата упражненешкахь а Европин чемпионка (1977)
- Хьуьнарш къовсарехь а, паргӀата упражненешкахь а детин совгӀатхо (1977, 1979)
- ГӀорторан кхоссайаларехь борзанан совгӀатхо (1977)
- Брусаш а, хен а тӀаьхь Дуьненан Кедан толамхо (1977)
- ССРС абсолютан чемпионка (1978)
- Брусаш тӀаьхь ССРС чемпионка (1977, 1978)
- ПаргӀата упражненешкахь ССРС чемпионка (1977)
- ССРС чемпионата хьуьнарш къовсарехь а, ССРС Кедехь хьуьнарш къовсарехь а детин совгӀатхо (1977)
- Брусаш тӀаьхь ССРС чемпионатан борзанан совгӀатхо (1977)
- ПаргӀата упражненешкахь ССРС чемпионатан борзанан совгӀатхо (1978)
- «Сийлаллин билгало» орденан кавалер (1980)
- Олимпийн сийлалин лакхарчу совгӀатца совгӀат дина — Дуьненайукъара олимпийн комитетан «Детин Олимпийн орденца» (1984)
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- 1 2 Former Soviet gymnastics star Mukhina dead
- 1 2 3 4 5 Дарья Сеничкина. Елена Мухина: трагедия прославленной советской гимнастки. www.woman.ru (2019 шеран 15 август). ТӀекхочу дата: 2020 шеран 12 апрель. Архивйина 2020 шеран 12 апрелехь
- ↑ Валиев Борис. «Спрячьте мои руки от Самаранча...». Близкие люди рассказывают о том, как прожила свои последние 26 лет гимнастка Елена Мухина. Советский спорт (2007 шеран 30 январь). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 21 август. Архивйина 2019 шеран 1 июлехь
- 1 2 3 4
Документальный цикл «Несвободное падение». Елена Мухина - ↑ СпортМед, 2007.
- ↑ Петля Корбут в исполнении Мухиной. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 28 февраль. Архивйина 2018 шеран 2 апрелехь
- ↑ Именные элементы в Спортивной гимнастике. sportguide.kiev.ua. Спортивный гид Киева. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 8 август. Архивйина 2021 шеран 20 июлехь
- ↑ Что случилось в Минске 3 июля 1980 года // Спортивная панорама. — 1997. — 1 июлехь (№ 93). — С. 1.
- ↑ Успенский, 2003.
- ↑ Вайцеховская, 2006.
- ↑ DNA-India, 2006.
- ↑ Бударагин. «Большое всем спасибо!» // «Советский спорт» : газета. — 1980. — 29 ноябрехь (№ 174 (10093)). — С. 4.
- ↑ Бударагин, 2014.
- ↑ Краснов, 2006.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Успенский А. «Петля Мухиной». Новая газета, №38. novayagazeta.ru (2003 шеран 29 май). ТӀекхочу дата: 2014 шеран 17 февраль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2019 шеран 13 августехь Архивйина 2019-08-13 — Wayback Machine
- Краснов П. Умерла Елена Мухина. gazeta.ru (2006 шеран 24 декабрь). ТӀекхочу дата: 2014 шеран 17 февраль.
- Вайцеховская Е. трагедия длиной в 26 лет. sport-express.ru (2006 шеран 26 декабрь). ТӀекхочу дата: 2014 шеран 17 февраль.
- Бударагин М. И милость. Взгляд (2014 шеран 14 февраль). ТӀекхочу дата: 2014 шеран 17 февраль.
- Козин В. Смертельное сальто Елены Мухиной. kp.ru. Комсомольская правда (2006 шеран 27 декабрь). ТӀекхочу дата: 2021 шеран 8 август.
- Самая трагическая судьба в истории гимнастики. sportmedicine.ru. Спортивная медицина (2007). — По: Успенский, 2003, Вайцеховская, 2006. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 8 август.
- Жить вопреки. История одной победы над смертью. championat.com. "Чемпионат" (2015 шеран 1 июнь). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 21 сентябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2017 шеран 21 сентябрехь
- Former Soviet gymnastics star Mukhina dead (инг.). dnaindia.com. DNA-India (2006 шеран 26 декабрь). ТӀекхочу дата: 2021 шеран 8 август.
- Бинарш 1 июнехь
- Бинарш 1960 шарахь
- Бинарш Москохахь
- Белларш 22 декабрехь
- Белларш 2006 шарахь
- Белларш Москохахь
- ССРС Спортан хьакъ долу говзанчаш
- Детин Олимпийн орденан кавалераш
- «Сийн хьаьрк» орденан кавалераш
- Адамаш абатца
- Спортхой абатца
- Википеди:Кепаш нийса ца лелош йолу агӀонаш
- Россин гимнасташ
- ССРС гимнасташ
- Спортан гимнастикехь ССРС чемпионаш
- Спортан гимнастикехь дуьненан чемпионаш
- Москохан спортхой
- Троекуровн кешнашкахь дӀабоьхкинарш
- Чов хиллачул тӀаьхьа агӀо сецнарш
- Дог гӀелделла белларш