Чулацаман тӀегӀо

Муслим ибн аль-Хьажжаж

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Муслим ибн аль-Хьажжаж
Ӏаьр. مسلم بن الحجاج‎‎‎‎
Говзалла мухьаддис, факъихӀ
Вина терахь 821[1][2][…]
Вина меттиг
Кхелхина терахь 875 шеран 6 май({{padleft:875|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:6|2|0}})[1]
Кхелхина меттиг
Пачхьалкх
Динлелор ислам, суннаталла
МазхӀаб тардол. шафиӀийн мазхӀаб
Динан Ӏилманан гӀуллакх
Дешархой Ибн Хузайма[3]
ГӀарадевлла белхаш Сахих Муслим, Almnfrdāt wālwḥdān

Абул-Хьусайн Муслим ибн Хьажжаж ибн Муслим аль-Къушайри ан-Найсабури (Ӏаьр. ُأَبُو الحُسَينِ مُسلِمُ بن الحَجَّاجِ بنِ مُسلِمٍ القُشَيرِيُّ النَّيسَابُورِيُّ‎‎), кхечу тайпана аьлча имам Муслим (Ӏаьр. الإمام مسلم‎‎; 821[1][2][…], Нишапур, Великий Хорасан, Ӏаббасийн халифат — 875 шеран 6 май[1], Нишапур, Великий Хорасан, Ӏаббасийн халифат) — иза хьадисан Ӏилманан коьртачу бусалбачу Ӏеламнахах (мухьаддис) цхьаъ ву. Иза «Сахьихь аль-Бухарил» тӀаьхьа шолгӀа сахьихь лоруш долу хьадисийн жайна «Сахьихь Муслим» йаздинарг ву. Иза Баккхийчу хьафизех цхьаъ ву.

Дахар дӀайаздар

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Муслим ибн Хьажжаж вина де билггал хууш дац, цхьаболчу Ӏеламнаха иза хӀижрин 201-чу шарахь (григорийн рузманца 815-чу йа 816-чу шарахь) вина аьлла, ткъа кхечара 202-чу йа 204-чу йа 206-чу шарахь вина аьлла. Иза вина Найсабурехь (Нишапурехь). Иза Ӏилманан хӀусамехь кхиъна. Ӏилманан чӀагаршкахь хьалхарчу могӀарехь болчарна йукъахь хилла цуьнан да. Муслима хьадисаш лехна жима волуш, хӀетахь цуьнан шийтта шо дара. Цо дуьххьара шен махкарчу шайхашкара Ӏилма схьаэцна, церан дуккха а дийцаршка ла а доьгӀна. Хьадисаш лахарехь шуьйра некъ хилла цуьнан. Цу йукъахь цо масийттазза исламан пачхьалкхашкахь гуо тесира. Иза вахара Хьижаз-махка хьаж дан а, хьадисан имамашка а, баккхийчу шайхашка а ладогӀа а. Цо зийарт дина Мадийнате а, Макка а. Иза Ӏиракъе а, Басрат чу а, БагӀдад чу а, Куфат чу а кхечира иза. Иштта Шема а, Мисаре а, Рай а кхечира иза[4]. Пхийтта шо гергга хан йаьккхина цо хьадисаш лоьхуш, оцу йукъахь дуккха а шайхашца цхьаьнакхийтира иза, кхо бӀе эзар сов хьадис гул а дина цо. Цуьнан заманахьлерчу а, цул тӀаьхьарчу а Ӏеламнаха хестийна иза, цуьнан имамалла а, хьадисийн Ӏилманехь кхиамаш а, говзалла а хилар а къобалдина цара. Иза имам Мухьаммад ибн ИсмаӀил аль-Бухарин мутаӀелам хилла ву. Шен сахьихь доцург кхин а хьадисан Ӏилманах а, рижал Ӏилманах а лаьцна жайнаш йаздина хилла цо, амма царах дукхахдерш тӀепаза дайна ду.

Муслим кхелхина хӀижрин 261-чу шеран (875-чу шарахь) ражаб беттан 25-чу дийнахь, шен шовзткъе пхийтта шо долуш, иза дӀавоьллина оршот-дийнахь, цуьнан каш ду Насрабадехь Зияд майданан коьртехь Нишапурехь.

  1. 1 2 3 4 Али-заде А. Исламский энциклопедический словарьМ.: Ансар, 2007.
  2. 1 2 AA.VV. Encyclopaedia of Islam, Encyclopédie de l’Islam (фр.) — 1913.
  3. 1 2 3 4 5 арабская Википедия — 2003.
  4. الإمام مسلم ومنهجه في صحيحه، د.محمد عبد الرحمن الطوالبة، صـ 27: 34، دار عمار، الطبعة الثانية 2000م