Чулацаман тӀегӀо

Мурадов, Ширвани Гаджикурбанович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Ширвани Гаджикурбанович Мурадов
Шех лаьцна
Стен-боьршалла боьршаниг
Пачхьалкх
Говзалла спортехь латар
Клуб «Динамо» (Махачкала)
Вина терахь 1985 шеран 20 июнь({{padleft:1985|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:20|2|0}}) (40 шо)
Вина меттиг
Локхалла 181 сантиметр

Ширвани Гаджикурбанович Мурадов (лак. Мурадхъал Ширвани, 1985 шеран 20 июнь, Кешен-Эвла, ДегӀастанан АССР) — Россин паргӀат кепар латархо, 2007 шеран Европин чемпион, 2008 шарахь Пекинехь хилла Олимпиадан чемпион.

Мурадован халхара тренер вара Россин Сийлахь тренер И. Э. Алиев. 2005 шарахь Россин чемпионатехь цо дашо мидал йаьккхира финалехь Олимпиадан борзан совгӀатхо Сажид Сажидов эшавеш. 2007 шо дуьйна иза Россин гулйина тобанан декъашхо ву. 2008 шарахь Мурадов туьйлира Гран-При Иван Ярыгин турнирехь, амма цамгар бахьнехь цуьна Европин чемпионате вахар ца хилира. Цу шарахь Мурадовс Россин чемпионатехь толам беккхира. Оцу толамо цунна бакъо йелира Пекинехь хилла Олимпиаде ваха. Олимпиадехь Мурадовс дашо мидал йаьккхира. Цу шарахь Мурадов Россин Сийлахь спортан говзанча хилира. 2009 шарахь цунна йелира ДоттагӀалин орден.