Мудадджан
Мудадджан (испан. mudéjar, схьадаьлла Ӏаьр. مدجّن [mudaǧǧan] — караӀамийна) — XI—XVI бӀешерийн Испанин архитектурера, сурт дилларера, декоративан-прикладни говзаллин ша-кепара синтетикан хатӀ. ЦӀе схьаяьлла динан тобанан мудадджанаш цӀарах.
Цунах яздар[нисйе бӀаьра | нисйе]
XII—XVI бӀешерашкахь кхолладелла ша-кепара синтетикан хатӀ Испанин архитектурехь, сурт дилларехь, декоративан-прикладни говзаллехь, цунна чохь чӀогӀа уьй тесира мавританин а, готикан а (тӀаьхьуо) ренессансан исбаьхьаллин элементаш. «Мудадджан» хотӀан кхолламаш бора бусалба а, керста а пхьераша. Мудадджанийн говзалла — чолхе хилам бу, даиман исбаьхьаллин дикалла йолуш а йац; талламхоша билгалбоккху уггаре дикачу масалийн а шалхаллин бос.[1]
«Мудадджан» хотӀехь Ӏалашйина мавританин архитектурин коьрта конструктиван элементаш: лан кепара нартол, нартолийн тхьевнаш, план тӀехь бархӀ са болу седа беш, тхьевна хьалатоьхна дечиг, гипсан бустам, бес-бесара аьнгалеш пенаш тӀехь («асулехос»). Дийна а, паргӀата а гӀишлойн композицийн бух бара чоьхьара керт, цунна гонаха гулйинера йисина гӀишлош. ГӀишлош билгала йовлу атта а, йораха а, чӀогӀа дика йогӀуш климатан хьолашца планаца; «мудадджан» хотӀехь лууш йора хӀусамаш — марздора гӀирс бораха хиларо а (кибирчиг, дечиг, гипс), халкъан пхьерийн болх бораха хиларо а. ХатӀ башха кхиира Кастилехь, Арагонехь, Ӏандалусехь, гӀаланашкахь Толедохь, Сарагосехь, Кóрдовехь, Севильях, кхин а.
ХатӀ йукъахь къастало ши агӀо. «Халкъан мудадджан» цӀе еллирг, кхуьура шашаха испанхоша схьаяьхначу областашкахь, цигахь мавританин исбаьхьаллин ламасташ яра дика йогӀуш керстачеран динца а, бахаман оьздангаллийца. «Халкъан мудадджанан» гӀишлош дӀалецира килсан а, гӀалин а архитектураш, уьш йора дукхах дерг кибирчигех, уьш къаьстара хӀиттинчу гӀишлойн кепашца а, декоран мукъамашца а. Кечйина елахь а, гӀишлош къегина а, яккхий а йацара. «Халкъан мудадджанан» хатӀ амалехь ду севильян килсийн: Берриг Безачеран, Санта Марина, Санта Каталина, Сан Хиль, Сан Андреc, Сан Эстебан, Сан Исидро, Сан Маркос (башха гӀараяьлла шен шала кораш долу бӀов-мимарца). Килсанаш йора кибирчигех, шера дечиган хьалатоьхна тхевнашца, готикан кевнийн хьалхенаш дика йогӀура лан кепара а, дуккха ларанийн а нартолашца, геометрин дуцаршца, делла ца луш долчу корашца. Мавританин гӀишлошъяран ламастан сипташ хаало оцу гӀишлошкахь готикийн кепел дика къаьсташ.
«Кертан мудадджан» даьржара испанхой Ӏедал чӀагӀ мел ло, схьадаьхначу латташ тӀехь, кхиира XVI бӀешо кхаччалц. Оцу агӀора гуора Испанин син-мехаллин а, дуьненан а бевза нах хьолалле а, аьттонашка гӀертар. Оцу агӀонера ду уггаре шира дакъош XIV бӀешерера Севильян Алькасаран (дикка тӀехьа йинчарах къаьсташ). Дукхаха болчара паччахьан Педрон гӀала (1364) олуш йолу гишлонан хьалхенехь, гранадан Альгамбра архитектурин сипташ каро тарло. Иза кхоьллина хила тарло, кастилин паччахьан дехарца, эмиратан урхалчо Мухьаммада V-гӀачо бахкийтина Гранадера мавританин пхьераша. Кертан мудадджанан ламастехь йина кхин XIV бӀешеран севильян гӀаланаш: Лас Дуэньяс Альбан герцогийн а, Мединасели герцогийн а Пилатан цӀа олуш дерг. ХотӀан коьрта иэсашна йукъайогӀу иштта Гвадалахарера Инфантадо герцогийн гӀала (XV—XVII бӀешераш).
XIV бӀешарахь готикан а, мавританин а ламастийн цхьаьнакхетаран йукъара процессо ийцира алсама дийна а, органикан а амал.
Галерей[нисйе бӀаьра | нисйе]
Севильян Алькасаран чоьхьара керт
Сарагосера кафедралан КӀелхьардохучун килсан бустам
Синтрин къоман гӀалара бустамаш, Португали
Гваделупера килс
Хьажа иштта[нисйе бӀаьра | нисйе]
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Мудадджан — йаззам бу Большой советской энциклопедии чуьра.
- Стиль мудехар (XII — XVI вв.)
- Torres Ballas L. Arte almohade. Arte nazari. Arte mudéjar // Ars Hispaniae, v. 4. Madrid, 1949.