Мохьмад Гакашев

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Мохьмад Гакашев (вина 1930, Мускал ”Шуьйтан район” — кхелхина 1975) — нохчийн гӀараваьлла илланча хилла. Мохьмад вина ахархочун доьзалехь. Тайп-тайпана белхаш беш, къинхьегамехь дӀадахана цуьнан дахар. Илли ала жимчохь волавелла Мохьмад. Дас башха къобалбина тӀеоьцуш ца хилла кхуьнан илли аларе болу лаам. Делахь а Мохьмада, говзачу илланчашца уьйраш а тесна, караерзийна иллиаларан корматалла.