Мухьаммад

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
(Мохьмад дӀасахьажийна кхузе)
Дехьа гӀо: навигаци, Лахар
Мухьаммад
محمد
Мухьаммад.jpg
Мухьаммадан цӀе «Сулюс» шрифтца
«Ахьмад, Абуль Къасим, Абу ТӀаййиб, Набиййут-Тавбат, Набиррахьмат, Набиль Мархьамат, Набиль Мальхьамат, Рахьматуль МухӀдат, Саййид Валад Адам, Хьабибир-Рахьман, Мухтар, МустӀафа, Муджтаба, Садикъ, Масадукъ, Амин, Сахьабуль ШафаӀат валь Макъамуль Махьмуд, Сахьабуль Василати валь Фадилати Ваддаражатти-р-рахьиӀат, Сахьабуль-Таджи валь МиӀрадж, Имамуль Муттакъина, Саййидуль Мурсалина, Къаридуль ГӀуруль Мухьаджалина, Набиль Умми, РасулуллахӀ, Хатаму-н-Набиййина, Расулуль АӀзам, Ас-Сараджуль Мунир, Ан-Нур,[1][2] Ар-Рауфуррахьим, Ӏурватуль Вускъа»
Вина де

571 шеран 20 апрель({{padleft:571|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:20|2|0}})

Вина меттиг

Маккатуль Мукаррамат

Кхелхина де

632 шеран 5 июнь({{padleft:632|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:5|2|0}}) (61 шо)

Кхелхина меттиг

Мадинатуль Мунавварат

ДӀавоьллина меттиг

Масджиду-н-Набави

Къам

Ӏаьрбий, Къурайш, Бану ХӀашим

Да

ӀабдуллахӀ бин Ӏабдул-МуттӀелип

Нана

Аминат бинт ВахӀб

Зуда

Хадижат бинт Хувайлид
Савдат бинт ЗамӀат
Ӏаишат бинт Абу Бакр
Хьафсат бинт Ӏумар
Зайнап бинт Хузаймат
Умм Саламат бинт Абу Умайят
Зайнап бинт Джахьш
Джувайрият бинт Хьарис
Умм Хьабибат бинт Абу Супьян
Райхьанат бинт Зайд
Сафият бинт Хьуяй
Маймунат бинт аль-Хьарис
Марьят аль-КъибтӀият

Бераш

ПетӀимат, Умм Кульсум, Рукъаййат, Зайнап, ИбраьхӀим, ӀабдуллахӀ, Къасим

Динлелор

ислам, хьанифизм

Динашкахь ларар

Ислам

Кхидерш

Къуръан

Генеалоги

Деда:
Ӏабдул-МуттӀелип
Денана:
ПетӀимат бинт Ӏамр
Ненада:
ВахӀб бин Ӏабд-Манап
Ненанана:
Баррат бинт Ӏабдул-Ӏузза
Вакхина нана:
Хьалимат ас-СаӀдият
Тайпа: Мухьаммад бин ӀабдуллахӀ бин Ӏабдул-МуттӀелип бин ХӀашим бин Ӏабд Манап бин Къусай бин Килаб бин Муррат бин КаӀаб бин Луай бин ГӀалиб бин ФихӀр бин Малик бин Ан-Надар бин Кинанат бин Хузаймат бин Мудрикат бин Ильяс бин Мудар бин Низар бин МаӀад бин Ӏаднан.

КуьгтаӀор

КуьгтаӀор

Мухьаммад (Ӏаьр. محمد‎‎ / 22 апрель 571 - 8 июнь 632) — исламан пайхамар а, Ӏаьрбийн хьехамча а, АллахӀ-дала тӀаьххьара ваийтина пайхамар а, элча а ву. Мухьаммад Mohamed peace be upon him.svg вина Ӏаьрбийн махкахь — Маккахь, дӀавоьллина ву Мадинатехь. Къурайшин тайпанах вар иза. АллахӀ-дала бусалба дин Ӏамаде а, даржаде а аьлла, нахана тӀе воссийна хилла иза. Исламан хьехарехь ма-бохху, АллахӀ доссийна цуьнга шен деза жайна — Къуръан. АллахӀ-дала иза дуьненчу ваийтина хилла, цхьа бӀе ткъе виъ эзар пайхамарш чӀагӀбеш, АллахӀ-дала хӀоттийна мухӀар ву шен элча — Мухьаммад Mohamed peace be upon him.svg. Иштта Мухьаммад политикин гӀуллакххо а, бусалбанийн юкъараллин куьйгалхо а (уммат) хилла. ИбраьхӀим пайхамаран وصلة= кӀентан ИсмаьӀилан тӀаьхьенах ву Мухьаммад а, цуьнан къам а. Мухьаммадал хьалха дӀавахана пайхамар а, элча а хилла Мареман кӀант Ӏиса пайхамар وصلة=.

Amzil Basmalah.png

Генеалоги (тайпа)

Нохчийн Ӏаьрбийн
Тайпа (дайн цӀерш) نسب
Абуль-Къасим Мухьаммад أبو القاسم محمد
ӀабдуллахӀ عبدالله
Ӏабдул-МуттӀелип (Шайбат) عبد المطلب (شيبة)
ХӀашим (Ӏамру) هاشم (عمرو)
Ӏабд Манап (МугӀират) (المغيرة) عبد مناف
Къусай (Зайд) قصي (زيد)
Килаб كلاب
Муррат مرة
КаӀаб كعب
Луай لؤي
ГӀалиб غالب
ФихӀр فهر
Малик مالك
Ан-Надр (Къайс, Къурайш) النضر (قيس، قريش)
Кинанат كنانة
Хузаймат خزيمة
Мудрикат (Ӏамир) مدركة (عامر)
Ильяс إلياس
Мудар مضر
Низар نزار
МаӀад معد
Ӏаднан عدنان

Мухьаммадан куц

Иза юккъерачу дегӀехь хилла: лекха а воцуш, лоха а воцуш. Розин-кӀайн юьхь хилла цунна, бӀаьргаш — Ӏаьржа, месаш — юькъа, къегаш, лепаш, чӀогӀа хаза. Юьхь гонаха маж а. Месаш белшаш тӀе охьаяхна, Ӏаьржачу бесаца яра уьш. Болар тӀахъаьлла дара цунна. Доккхачу дегӀехь а вара ша[3].

Дахарех лаьцна

Дуьнен чуваларх а, иза бер долуш хилларш а.

Мухьаммадан дай а, наной а цӀераш (Ӏаьрбийн маттахь)

АллахӀ-делера салам хиларг, Мухьаммад пайхамар Mohamed peace be upon him.svg дуьненчу ваьлла 571-чу шарахь, Ӏаьрбашна юкъахь сий долуш хиллачу къурайшин тайпанан Ӏабдул-МуттӀелипан кӀентан ӀабдуллахӀин доьзаллехь. Иза вина нана ю ВахӀабан йоӀ Аминат. Ӏабдул-МуттӀелипан хилла кхойтта кӀант. Царех цхьаъ ӀабдуллахӀ хилла. Куьцана товш а, юьхь-сибат хаза а хиларна чӀогӀа къаьсташ а, мехкаршна везаш а стаг хилла. Цо Аминат ялийначу буса, иза везаш хилла, ши бӀе йоӀ иза лан ца делла дог иккхина елла, бохуш дуьйцу. РабиӀуль-авваль беттан шийтталгӀачу буса дуьненчу ваьлла, Делан элча — Мухьаммад пайхамар, оршотан буьйса хилла иза. Нанна ницкъ хилар доцуш а вина иза. Оццу минотехь стигал а, латта а тохалуш лестина, Ӏаьмнаш а, хиш а шайн хьостанехьа духа дуьйла-делла, шайн тачанаш а къагош.

Ша дуьненчу валарца Мухьаммада бӀаьргаш стигала хьала а хьовсош аьлла: «АллахӀу акбар! Ла илахӀа иллаллахӀ, Мухьаммадан расулуллахӀ; Дела хьо воккха ву! АллахӀ воцург кхин дела вац. Делан элча Мухьаммад ву». Мухьаммадан нана дог-ойла цӀанъелла а, цецяьлла а хилла. Седа жайна хьожуш волчу Аминатан вашас, шен йишин кӀант цӀенчу динан да хир ву, воккха паччахь хир ву, аьлла чӀагӀдина. Иза дуьненчу ваьллачу ворхӀалгӀачу дийнахь ӀабдуллахӀин дас Ӏабдул МуттӀелипа шен кӀентан кӀант вазварца доккха шун а хӀоттийна, езаниг ша хаьржина Мухьаммад цӀе тиллина. Мухьаммад дуьненчу валале ши-бутт хьалха кхелхина ӀабдуллахӀ.

Амината шен кӀант кхаба дӀавелла Хьалиматан. Мухьаммад шеца а волуш дӀайоьду Хьалимат цецяьлла хилла. КӀант тӀехь эмкал адамах, йист хилла. Цо мохь тоьхна шен букъа тӀехь верг пайхамарех уггаре везаниг а, шен Элча хиларца Далла везнарг а ву, аьлла. Бер дахьаш йогӀу эмкал герга кхочуш даьхний гора хӀуьттуш хилла, иза тӀехваларца. Ткъа бер-Мухьаммад батте дӀа хьаьжча, бутт цунна герга беана.

Пайхамараллин билгалонаш

Мухьаммадан пайхамараллин мухӀар, цу тӀехь яздинарг ду «محمد رسول الله» (Мухьаммад расулуллахӀ — Делан элча Мухьаммад).

Мухьаммад жимчохь дуьйна а билгала хилла. Шен ворхӀ бутт кхаьчча иза кога вахана. БархӀалгӀачу баттахь къамелах кхеташ, мотт бийца хаьара цунна. ДоьалгӀа шо цуьнан долуш Мухьаммадца вакхош хиллачу Масрудаца иза ловзуш, ши Малик доьссина. Шиннах цхьаъ Джабраил хилла. Цо Мухьаммад охьа а виллина, цуьнан накха а батӀийна, кийрара дог схьаэцна, цӀандина, Делан динах тешарх дузуш юха кийра а диллина, белшаш юккъе мухӀар таӀийна иза билгала воккхуш хӀетахь дуьйна цуьнан юьхь тӀе доьссина нур хилла. Хьалимат а, цунан майра Зайд а, хилларг хиъча, сагатдан даьлла. Хьалимата волчу нене кӀант дӀавала сацам бина. Иштта Амината шен кӀант кхиош ши шо а даьлла. Цкъа Мадинате гергарнаш болчу яхана юха йогӀуш Аминатан новкъахь кхалхар хилира.

Да-нана доцуш висина кӀант, шен ден а, ненан а цхьаъ бен ца хиллачу ялхочуьнца, Баракатца висина. Цу хенахь ханна воккха хиларна гӀелвелла воьллачу ден дас Ӏабдул МуттӀелипа, шен воккхах волу кӀант Абу ТӀелип шен тӀе а ваийтина, Мухьаммад къаьсттина Ӏуьналла а, дола а дар тӀедиллина. Догдика стаг хилла Абу ТӀелип. Шен вешин кӀант къевлина мара а воьллина, цо дӀаэцна шега. ХӀетахь дуьйна дикачу ден метта хилла иза ӀабдуллахӀин кӀантана.

АллахӀан элчан Мухьаммадан Mohamed peace be upon him.svg да ӀабдуллахӀ, Ӏабдул-МуттӀелипан кӀант, Элчанан ткъе барх бутт кхаьчначу хенахь велла хилла. Цхьаболчара, цуьнан да иза ворхӀ бутт кхаьчча а волуш велла хилла аьлла. Вукхара, цуьнан да иза ненан кийрахь а волуш, На́бигӀатан цӀахь велла хилла аьлла. Маккина а, Мадинатна а юкъахь йолчу аль-Абва́ъ олучу меттехь велла хилла аьлла а ду иза. Абу ӀабдуллахӀ Зубайр бин Баккар аз-Зубайрийс аьлла: «Ӏабдул-МуттӀелипан кӀант ӀабдуллахӀ велла АллахӀан Элча (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) Мадинатехь а волуш, цуьнан ши бутт кхаьчначу хенахь».

Мухьаммад пайхамар вакхийна хилла Сувайбата, Абу ЛахӀабан азатхо хилла йолчу. Цуьнца цхьаьна цо вакхийна хилла Ӏабдул-МуттӀелипан кӀант Хьамзат а, Абу Саламат ӀабдуллахӀ бин Ӏабдул-Асад аль-Махзуми а. Шен кӀентан Масру́хьан шуьрийца бакхийна хилла цо уьш. Кхин а, Бану СаӀд тайпанах хилла йолчу, Абу Зуайбан йоӀа Хьали́мата а вакхийна хилла иза.

МутӀӀиман кӀанта Джубайра дийцина, АллахӀан Элчано Mohamed peace be upon him.svg элира аьлла: «Бакъдолуш, со Мухьаммад ву 9 со Ахьмад а ву 10 со дӀадойъург а ву, АллахӀа соьца керстаналла дӀадойъуш ду со Гулдийриг а ву, адамаш гулдеш волу; со тӀаьххьарниг а ву, сайл тӀаьхьа кхин пайхамар воцуш волу». ХӀара хьадис нийса ду, Бухарийс а, Муслима а дийцина а ду.

Цуьнан шовзткъа шо кхаьчча, АллахӀа Шен сийлахьаллийца къастийна иза, Шен кхайкхаман геланча а вина иза. Джабраил малик وصلة= деана цунна тӀе, иза Маккахь Хьира́ъ цӀе йолчу хье́ха чохь волуш. Маккахь хан яьккхина цо (цул тӀаьхьа), кхойтта шо. Пхийтта шарахь Ӏийна аьлла а ду иза, итт шарахь Ӏийна аьлла а ду. Ткъа нийса дерг — дуьххьарниг ду. Ша Маккахь Ӏаш волуш, Байтул-Мукъаддас тӀевоьрзий ламаз деш хилла цо, КаӀбатана букътухуш а ца хилла цо, мелхо а иза шена хьалха хуьлуьйтуш хилла цо (шена а, Байтул-Мукъаддасна а юкъахь нисдолуьйтуш хилла цо, иштта дӀахӀуттуш хилла иза ламазана). Мадинате веанчул тӀаьхьа а дина цо ламазаш Байтул-Мукъаддасехьа вирзина а волуш, вуьрхӀийтта я ялхийтта баттахь.


Хьалимата Мухьаммад кхабар

Аминатан а, Ӏабдул-МутӀелипан а Ӏодикаеш, Мухьаммад Mohamed peace be upon him.svg кара а эцна, шен вира хиира Хьалимат. Цунна лиира шел хьалха дӀабаханчу зударашна тӀаьхьакхиа, цӀа йоьдуш цаьрца цхьаьна хила. ХӀинццалц халла текхаш хуьлу вир, хӀинца чехка йодуш гича, цецъелира Хьалимат: «Мухьаммадан беркат ду-кха хӀара», — элира цо ша-шега.

Хье ца луш, дӀабаханчу зударшна тӀаьхьакхиира иза. Цецбевлла, цара хаьттинера Хьалимате: «Тхуна тӀаьхьа муха кхиира хьо, хӀай, Хьалимат?» Цо жоп делира: «ТӀаьхьакхиъна а ца Ӏаш, шул хьалха ер ю со хӀинца», — аьлла. Цара элира тӀаккха: «Вай къаьстинчул тӀаьхьа хӀун ду хьоьца хилларг? Дийцахьа тхуна». Хьалимата элира: «Хьовсийша хӀокху бере! Массарел а хаза бер ду-кха хӀара. Хьалха халла текхаш хилла йолу хӀара сан вир а чехка яха йоьлла-кх, хӀара бер карахь со шена тӀехиъчахьана».

Зударий бийлабелла: «Иза-м вевзара тхуна, къен буобер дара иза-м», — аьлла. Хьалимата элира: «ХӀаъ, къен буобер ду хӀара». Ца бешаш, юха а хаьттира зударша: «ЦӀе хӀун ю оцу хьан дикачу беран?» Цо жоп делира: «Мухьаммад», — аьлла. Цара элира: «Иза-м наггахь бен ца хуьлу цӀе ма ю». Хьалимата элира: «Кхул хьалха цхьанна а тиллина хилла яц и цӀе», — аьлла. ТӀаккха, шен хьайбанан дуьрста дӀахецна, зударел хьалхаяьлла, дӀаяхара. Оцу дийнахь дуьххьара массарел хьалха цӀа а кхечира иза.

Дала хаьржинчу берана зен ца дан, меллаша охьайоьссира Хьалимат шен хьайбанан букъа тӀера. ТӀаккха, мела хи а даийтина, лийча а вина, вакха а вина, набъян а, садаӀа а метта охьавиллира Мухьаммад.

ЧӀогӀа цецъяьлла яра Хьалимат, оцу халчу новкъахь кхидолу бераш санна, велха ца воьлхуш, Мухьаммад шеца цӀа варах. Некъан бохалла вела а къежаш, дӀавеанера иза. ХӀинца, ша лийча а вина, вуза а вина охьавиллича, хаза набйира цо. Хьалимат а, цуьнан цӀийнда а догтешна дара, Мухьаммад Делера деана ниӀмат хиларх.

Хьалиматан тайпа Бану-СаӀд дехаш долу мохк массанхьа бевзаш бара, хӀаваъ аьхна, хиш дика, буьйцу мотт (Ӏаьрбийн мотт) цӀена хиларца.

Денош дӀаоьхуш дара. Мухьаммад воккхахуьлуш вара. Оцу доьзалехь хӀора а вара цуьнан гӀайгӀа беш, массо а тешна вара, Мухьаммад шайн декъа тӀе веачхьана, ирс-аьтто шайна тӀедирзина хиларх. Иштта, Хьалиматана зеделлера, Мухьаммад шайга веачхьана шайн жерчий цӀа догӀуш, цаьргахь алссам шура хилар, кхидолчу жерчашкахь хааелла йоцу. Шайна маллал шура йоккхура цаьргара, ша а молура цо иза, берашна а малайора.

Хьалиматана хетачул а хьалха когавахара иза. Хьалххе вист а хилира, цӀена, дика къаьсташ мотт бийца а волавелира. Оццул жимаволу Мухьаммад ша волалуш гинарг а, цо буьйцу цӀена Ӏаьрбийн мотт хезнарг а цецволура. Тамаша а бацара, Дала ца хууш мел дерг Ӏамош дара цунна. Дала кечвеш вара иза дерриге а Ӏаламна олучу дашехь а, ечу Ӏамалехь а иманан масал хилийта. Цуьнан нана Аминат, хӀора дийнахь шен беран ойла еш, ша йиснера шен цӀа чохь. Мухьаммадан ши шо кхачаре хьоьжуш, цӀа вало хан тӀекхачаре сатуьйсуш. Ша кӀант кхобуш, Хьалимата наггахь хабар дохьуьйтура цуьнан нене Аминате, Мухьаммадан могашаллех дерг дуьйцуш, сиха когавахарх, цо дегӀдаккхарх, иза самукъане хиларх, цунна хаза вистхила Ӏамарх лаьцна дерг дуьйцуш.

Цхьана хабарехь Хьалимата Аминате хоуьйту: «Суна чӀогӀа хааделла, кӀант кхиош, кхетош дерш тхо цахилар. Схьагарехь, цхьа боккха ницкъ бу цуьнан терго еш, иза кхиош, цуьнга хьожуш. Тхуна иза хӀун ду ала а ца лаьа».

Ши шо дӀаделира. Хьалимата и сийлахь-деза бер Макка юха ца далийра. ТӀаккха Амината дукха ойланаш йинера. Шен кӀант схьавалаве аьлла, хабар дахьийта кечлуш яра иза. Эххар а схьакхечира Хьалимат, нанна дукхавезарг валош, цуьнан ден-ненан хӀусаме. Хьомечу шен берана сихъелла дуьхьал хьаьдира Аминат. Цуьнан бӀаьргаш чуьра хиш хьаьвдира. Къевллина маравоьллира цо шен кӀант. Дукха сагатдарна, йист а ца хилалуш йиснера иза. Халла меттавеана, кӀантаца къамел дан йолаелира, цуьнан беснеш тӀехула а, хазачу месаш тӀехула а куьг хьаькхира хазачу, боккачу шина бӀаьрге хьаьжира, Мухьаммада хаза товш дегӀдаккхар гира. ТӀаккха элира нанас: «Ма хаза ву-кха хьо! Дала декъалвойла хьо». Хьалимат шеца цхьаьна а йолуш, Аминат цӀа чу елира, цо ирахӀоттийтира кӀант, волавалийтира, шена тӀе вадийтира. ТӀаккха схьалаьцна, маравоьллира цо иза, марайоллийтира нана а. ТӀаккха Амината элира: «Сан деган са ду-кха хьо, сан бӀаьргийн нур ду-кха хьо». Эццахь Аминатна дагавеара шен цӀийнда ӀабдуллахӀ: «Давис-кха, иза хӀинца дийна велахьара, хаза кхиъна хӀара шен кӀант ган», — аьлла. Иза хила йиш йоций а хаьара цунна.

Мухьаммад шена а, Хьалиматна а юккъе охьахаийра цо. ТӀаккха Хьалимате элира: «Доккха баркалла ду хьуна, хӀай, Хьалимат. Баккъал а хьайн дош кхочушдина ахь. ЧӀогӀа хаза а, хьуьнаре а кхиъна хӀара. Ши шо бен доццушехь, диъ шо кхаьчча санна, ондаваьлла хетало-кх хӀара». Хьалимата элира: «Маккахь яьржина цамгар ю, кхунна цхьа бохам хиларна кхоьру со», — кхидӀа а, воккха хиллалц, Мухьаммад шеца вита лууш яра иза, Маккахь яьржина йолу и цамгар дӀаяллалц. Аминат цецъяьлла Хьалимате хьаьжира, тӀаккха, йист ца хуьлуш, сецира иза. Майраяьллачу Хьалимата элира: «ХӀара бер Маккахь яьржинчу цамгарх лардар бен кхин хӀума дац хьуна сан дагахь». Шеца юха дӀавига лууш яра иза Мухьаммад. Дукхах йолу хан цуьнга цӀеначу хӀаваэхь, цамгаршна генахь яккхийта.

Юха а, юха а шен кӀанте хьаьжира Аминат. Дуккха а ойлаеш Ӏийра иза, юха а Мухьаммадах къастар лан деза-кх шен, бохуш. Делахь а, иза Маккара дӀавигийта резахилира нана. ТӀаккха Хьалимате элира цо: «ХӀай, Хьалимат, юха а къаста хала ду суна сайн кӀантах. ХӀетте а, иза цомгаш хиларна кхоьру со. Сайн ойла ца еш, цунна саготта ю со, — аьлла. — Цундела, юха иза дӀавуьгуьйту ас хьоьга». Кхин тоха са а ца хилла, Аминат елха хӀоьттира, къевллина шен кӀант мара а воьллина. Оба а яьккхина, Мухьаммад Хьалимате дӀа а луш, элира цо: «ХӀинца а хьох тешна вуьту ас хӀара», — аьлла. Шена дӀаяха пурба даьккхира Хьлимата, малх чубузале цӀа кхача езаш хиларна. Мухьаммад кара а эцна, шен хьайбанан букъа тӀе хиира иза, самукъадаьлла а йолуш. Аминат тешо шен аьтто а баьлла, кӀант юха а шеца висарх йоккхаеш. Чехка шен цӀа кхечира Хьалимат. Цуьнан доьзална чӀогӀа хазахеттера, сийлахь-деза бер юха а шайга далийна[4].

Мухьаммадан нана кхалхар

Мухьаммад Mohamed peace be upon him.svg.

Мухьаммад Mohamed peace be upon him.svg гинарг, цо Ӏаьрбийн мотт говза буьйцуш хезнарг чӀогӀа цецволура цунах. Мухьаммад пхи шо кхаьчча, иза кхобуш йолчу Хьалимата, юха а Аминат йолчу вигира.

Аминат йолчохь кӀант валаваларе хьоьжуш Ӏаш хиллера иза чӀогӀа дукхавезаш волу цуьнан деда Ӏабдул-МуттӀелип. Шен хьоме бер цӀакхаьчча, чӀогӀа хазахеттера нанна, шен кӀентан кӀант гича, деда а вара самукъадаьлла. ХӀинца карахь лело бер дацара Мухьаммад. ХӀинца иза инзаре хьекъал, хьуьнар долуш, нисвелла кӀант вара, шен пхи шо бен доццушехь. Баккхийчаьрца къамелехь дакъа а лоцуш, шен хьекъале нийса ойланаш гучу а йохуш, шовзткъа шо кхаьчначу Ӏеламстага санна. Кхиъна даьлла хьекъал, цуьнца нийсса тидам болуш. Дала цунна делла ниӀмат дара иза, тӀейогӀучу заманчохь пайхамараллина хаьржина, шен сийлахь Элча хила кечвеш волу дела.

Амината къамел дора шен кӀантаца, цунах йоккха а еш. Деда къамеле волура цуьнца, цунах дозалла деш. Амината Ӏабдул-МуттӀелипе хаьттина хиллера: «Кхунах иштта хьекъал, кхетам, тидам болуш исбаьхьа кӀант кхуьур ву аьлла тешаш варий хьо? — аьлла. — Хьуна ма-гарра, хьуьнаре, дика могашалла а, хаза амалш а, тоьлла гӀиллакхаш а долуш, цӀена мотт буьйцуш, нийса ойлаяр долуш кӀант ву-кха хӀара». Мухьаммадах чӀогӀа самукъадаьлла дара и шиъ. Цаьршимма дукха баркаллаш бехира Хьалиматана, цо иза дика кхиорна.

Ма-дарра аьлча, иза кхиош верг-м АллахӀ-дела вара. Цо иза дика а кхиийнера. Ӏабдул-МуттӀелипа боккха мах белира Хьалиматана, дика лерам а бира. Хьалимат шен цӀа йирзира, Мухьаммад кхиош шен хиллачу аьттонах самукъадаьлла, ирсе а йолуш, цунах къастарна лазам а болуш. Бану-СаӀд олучу тайпанца даьккхинчу пхи шо бахьанехь Мухьаммадан даг чохь бовха дагалецамаш хилла, йиц ца луш, шолгӀа нана хилла, даима яха йисира ша вакхийна, ша кхиийна, шен гӀайгӀа бина йолу оьзда зуда Хьалимат.

Хьалиматан Ӏедал дара, ша Макка мосазза йоьду, Мухьаммад волчу зерате хӀуттуш. Мухьаммада чӀогӀа сий-ларам бора цуьнан. ХӀоразза а дика тӀеоьций, шена тӀера оба кӀелтосий, баьрчче охьахаайора. Цо шен дика лелор, цо шен лерина кхиор диц ца дора Мухьаммада. Иза ша волчу еача, цунах доглозуш, цунна гӀо деш хуьлура.

Цхьана заманчохь меца хан хӀоьттина хилла Бану-СаӀд боху тайпа дехачохь. Хало ца гайта, даарех йоьттина эмкал а, дуккха а кхин совгӀаташ а деллера Мухьаммада Хьалиматана.

Мухьаммад Макка юхавеанчул тӀаьхьа, дукха хан ялале, нанас иза зерате Мадинате вигира, цунна Нажжар тайпана болу шен гергарнах а гайта. Шайца цхьаьна Баракат цӀе йолу гӀарбаш а (ялхо) йигира цо, Умм-Айман олура цунах.

Шаьш Мединате дӀакхаьчча, Мухьаммадана цуьнан да ӀабдуллахӀ шена чохь цомгаш хилла хӀусам а, веллачул тӀаьхьа иза дӀавоьллина кешнаш а гайта яхара Аминат. Шен дахар Мухьаммадана дӀаделла яра Аминат, цуьнан цхьаьннан дуьхьа ма дара цуьнан яхар.

Делан Элча Мухьаммад Дала ларвеш, Дала терго еш, хаза кхуьуш, шен ненаца ирсе вехаш вара.

Мадинатахь цхьа бутт баьккхина, Макка цӀабаха новкъабевлира уьш. Мадинатана а, Маккина а юккъехь йолчу Абваъ олучу метте кхаьчча, цӀеххьана цомгаш хилла, кхелхира Аминат. Оццу меттехь иза дӀа а йоьллира. ТӀаккха, шен ялх шо долуш, дегахьара а, ненехьара а буо хилира Мухьаммад. Берана уггаре а оьшучу хенахь, дукхаеза нана елла, байлахь висина, мел гӀайгӀа, бала бара цуьнгахь. Бобер ма хили цунах, шен дола дан да воцуш, шех къахета нана йоцуш.

Цуьнан ден, цул тӀаьхьа ненан гӀарбаш хиллачу Умму-Аймана цӀа валийра Мухьаммад. ЧӀогӀа гӀайгӀане яра иза а, жима кӀант тӀаьхьа а вуьсуш, шен долахо елла бохуш. Мухьаммадан нана елча, цуьнан дедас Ӏабдул-МуттӀелипа ша волчу дӀавигира иза. КӀант кхиорна чӀогӀа саготта вара деда. Шен берел а дукхавезнера иза Ӏабдул-МуттӀелипна. ХьаьжцӀа (КаӀбат) чохь тӀе охьахууш цхьа жима куз бара цуьнан. И куз лоруш, дукха лерина ларбеш, берех цхьа а цу тӀе охьа ца хоуьйтура. Мухьаммадан шен дедеца дуккха а Ӏара цу куза тӀехь. Мухьаммадан девежарий оцу куза тӀера иза дӀаваккха гӀоьртича, Ӏабдул-МуттӀелипа цаьрга аьллера: «Витийша сан кӀант хиъна, ма хьийзавейша иза».

Мухьаммадан Mohamed peace be upon him.svg цӀе, Сулюс шрифтца.

Да-нана дӀадаьлла, церан марзонах хаьдда, ша веза, шех къахета, шен терго ян стаг воцуш Мухьаммад висча, дедена иза везар кхин а совдаьллера. КӀантана ца тоьаш болу безам а, къинхетам а, терго а меттахӀоттийнера цо.

Бо висина Мухьаммад ирс долуш вехаш вара шен дедеца. Ӏабдул-МуттӀелипан Ӏедал дара шен кӀентан кӀантаца ловзуш, цуьнан самукъадаккха, цунна хазахетийта.

Portal.svg     Folder Hexagonal Icon.svg     Wiktionary-logo-ru.png     Wikiquote-logo.svg     Wikisource-logo.svg     Wikinews-logo.svg     Commons-logo.svg

Иштта ирсе вахар а дукха деха ца хилира Мухьаммадан. Шина шарал тӀех ца делира иза. Цомгаш хилира деда. Ша вала гергавахча, Мухьаммад схьакхайкхийтина, шен ницкъ ма-бу ловза гӀоьртира иза цуьнца. Амма, лазар чӀагӀделлера, куьг дегадора, ловза ницъ ца тоьара. ТӀаккха бӀаьргех хиш хьаьвдира дедена. Мухьаммад мара а воьллина, велха а воьлхуш, оба яьккхира цо цунна.

Оцу хенахь шен да Ӏабдул-МуттӀелип волчу веара Абу-ТӀелип. Мухьаммадах ша къаьсташ волу дела, кхин цкъа а ша цуьнца ловзур воцу дела, воьлхуш волу шен да гира цунна. ТӀаккха Абу-ТӀелипа элира: «ХӀай, сан да, хьо хӀунда воьлху? Тхуна массарна а ма хаьа, хьо къонах, майра стаг вуй, хьайн Даймехкан а, къоман а гӀуллакхна хьайн дахар дӀаделла вуй а. Маккарчу наха массара а лоруш хилла ма ву хьо. ДогцӀена а, тешаме а волуш, доьналлица чекх ма ваьлла хьо. ТӀаккха хӀунда воьлху хьо?».

Ӏабдул-МуттӀелипа жоп делира: «ХӀай, сан кӀант, валарна кхоьруш со воьлху моттахь, хьо галваьлла хьуна. Вайх массо а вала везаш вуй хаьа суна. Да а, нана а доцуш висина, жимма Ӏийча, деда а воцуш вуьсу волчу хӀокху жимчу Мухьаммадах къахеташ воьлхуш ву хьуна со. ХӀинца, со а дӀаваьлча, хӀун дийр ду те хӀокхо! Ден а, ненан а метта кхин мила хир ву кхунна, со дӀаваьлча?».

ТӀаккха Абу-ТӀелипа жоп делира: «Цуьнан де вежарел дика мила хьожур вара цуьнга? Тхуна массарна а тхайн берел чӀогӀа везар ву-кх иза, тхайн синошца а, таронашца а оха ларвийр ву-кх иза. Оцу балхана са ма гатдехьа, паргӀат хилахьа, хӀай, сан да», — аьлла.

ТӀаккха Ӏабдул-МуттӀелипа весет дира шен кӀанте Абу-ТӀелипе. Цо иштта элира цуьнга: «Мухьаммад хьайца виталахь, хьайн берашца цхьаьна хьалакхиавелахь иза. Со а дӀаваьлча, ша байлахь хилар хаалур ма ду цунна, да-нана а доцуш, деда а воцуш висча. Хьо хилалахь цунна ден а, ненан а, деден а метта. Ахь Мухьаммадан хьокъехь мел динчу диканна, оцу каш чуьра схьа баркаллаш бохур ду-кх ас хьуна. ХӀара сан тӀаьххьара весет ду хьоьга».

И дешнаш аьлла ваьлча, Ӏабдул-МуттӀелип ша кхоьллинчу Далла дуьхьал дӀавахара, шен кӀентан кӀанте Мухьаммаде ладугӀур ду-кх аьлча, тешна а волуш. Хьомсара Мухьаммад шен деда леш цунна юххехь вара. Шен дедена юххехь дуккха а вилхира иза. Деда валарх чӀогӀа Ӏаткъам хиллера цунна.

Абу-ТӀелипа кхочушйира ша шен дена хьалха йина чӀагӀо. Мухьаммад чӀогӀа дукхавезара цунна. Шен берашна юкъахь дукхавезарца къастош вара цо иза. Ша мичча водахь а, шеца вуьгура. ХӀинца Мухьаммад шен девешица бен вуьжуш а вацара. Тамаша а бацара, Абу-ТӀелип Мухьаммадан ден ӀабдуллахӀан нанас дена вина ваша ма вара[5].

Мухьаммадан къоналла

Мухьаммад къона волчу хенахь ХьаьжцӀа юха доьттина хилла, цуьнан аьрру агӀор Ӏаьржа тӀулг биллинарг Мухьаммад пайхамар Mohamed peace be upon him.svg хилла.

Жима стаг вара Мухьаммад Mohamed peace be upon him.svg. Ткъе пхиъ шо кхочуш дара цуьнан. Иза тера вацара шен нийсархойх. Иза оьзда, гӀиллакх, башха амал, хаза дош, дика лелар шегахь долуш вара. Цуьнан хенара кӀентий, шаьш самукъадоккху бохуш, корта бахо маларш моьлуш, вуон мел дерг лелош бара.

Амма Мухьаммадана ца девзара самукъадаккхар, цуьнан балдех хьакхаделла дацара Дала дихкина маларш, шен вахарехь цхьа а вуон, цхьа а ледарло ца ялийтинера цо шегара.

АллахӀ вара иза Маккахь мел лелачу оцу вуочу хӀуманех, цигахь хиллачу вуочу нахах ларвинарг.

Цо цкъа а ца йина, шен нийсархоша санна, сакъера дезара ша боху ойла. Иза даима воккхавеш хилла Ӏаламан хазаллех, сийначу, цӀеначу стигалх, дуьненан Ӏаламатех, хӀокху дуьнен чохь долчу вахарх.

ХӀара хаза, цхьана низамехь долу дерриге а Ӏалам кхолла ницкъ болуш Сийлахь-Воккхаверг мила ву-те бохуш, кӀорггера ойланаш йора цо. Саготта вара шен махкана а, шен къомана а.

ЧӀогӀа цецволура иза, тӀулгах а, дечигах а суьрташ дой, царна «ламазаш» деш нах гича. И суьрташ ма дацара цхьа хӀума хезаш а, я гуш, бала пайда болуш, я дан зен долуш. Оцу наха цаьрга дехарш дора, царна хьалха гӀурба до шаьш бохуш, даьхни а дойъура. Мухьаммад Mohamed peace be upon him.svg шен ойланашкахь ша тӀекхиънера хӀара хаза Ӏалам ша-шаха кхолладелла цахиларна, иза тӀекхиънера хӀара хаза Ӏалам ницкъ болуш волчу Дала кхоьллина хиларна. Иза ойланашкахь тӀекхиънера оцу суьрташна Ӏамал яр эрна хиларна, уьш дохийна дӀадаха дезаш хиларна. Дала ларвинера Мухьаммад Mohamed peace be upon him.svg Ша цуьнга Пайхамаралла далале а, Пайхамаралла деллачул тӀаьхьа а, Ша резавоцчух, Ша иза сийлахь-доккхачу пайхамараллина кечвеш волу дела. Дуьненахь шен дерриге а умматна дика масал хилийта.

Дешар

Джабраил малик وصلة= а, Мухьаммад пайхамар Mohamed peace be upon him.svg а.

Хьалдолчу нехан берийн бен деша таро яцара Элчанан заманчохь. Тахана санна, мах боцуш школе а, хьуьжаре а деша ваха йиш яцара. Мухьаммадана чӀогӀа лаьара деша. Цуьнан деваша Абу-ТӀелип къен Ӏаш волу дела, цуьнан доьшийла дацара, дешарх дӀабала мах цахиларна. Цундела деша а, яздан а ца хаьара цунна. Деша ца ваханехь а, дахаро ша Ӏамош вара иза. Шен девешица воьдура Маккара баккхий нах цхьаьнакхетаче. Цу заманан гӀарабевллачу Ӏеламнехан дийцаршка дукха лорий ладугӀура цо. ЦӀе йоккхуш болчу поэтийн байташка ладугӀура, уьш Макка баьхкича. Деша ца ваханехь а, Дала меттахӀоттийра цунна хилла болу эшам: массарел лаккхара хьекъал а, массарел дика кхетам а белла, Дала цунна Ӏамийра, ца хууш мел дерг. Дала массо нахала толийра иза. Цундела вара иза массарел хаза гӀиллакх долуш, массарел бакълуьйш, массарел тешаме. Наха цунна «Амин» аьлла цӀе тиллинера, иза тешаме волу дела, нийса а, эсала а, комаьрша а, майра а, эхь-бехк долуш а, цӀена а, къинхетаме а, мискачу нахах доглозуш а, зулам хиллачу нахехьа гӀо доккхуш а, цкъа а шегара цо вуониг ца далийтина дела. Цуьнца гӀуллакх мел Ӏоттаделлачунна дукхавезара иза, массара а лерам бора цуьнан, массо а тешара цунах, массара а бакъдора цо мел аьлларг. Наггахь мах бора цо. Махлелочарна вевзинера иза нийсо ярца а, тешаме хиларца а. ХӀума эца цхьаъ веача, бакъдерриг дӀаолура цо, ша юхкучу хӀуманца сакхт хилча, гучудоккхур иза. Ша мел дечу, мел лелочу хӀуманна тӀехь тешаме а, догцӀена а вара. Цундела «Амин» боху цӀе йогӀуш а яра цунна.

Дала кхиош вара иза. Дала дика а кхиавора иза, дерригенна а тӀехь масал дина, массо а адам дикачу хӀуманна тӀедерзорехь, вуон мел долчунна генадаккхарехь.

Мухьаммад Хадижатан гӀуллакхана махлело Шема вахар

Абу-ТӀелип ша миска, бераш дукха долуш хиларна, Мухьаммадна болх лохуш вара, шайна дахарехь гӀо хилийта. Цо цуьнга элира: «Вайн гӀуллакх ледара ду, вайн хӀара зама хала ю. Я ахча а дац вайн, я болх а бац. Хадижата шен метта махлело стаг вохуьйту: юхкург дӀайохкийта, оьцург эцийта, шена пайда хилийта. Хьо иза йолчу водахьара, цо кхин стаг ца вахийта, хьо вохуьйтур ма вара, хьо шена вевза дела, хьо массарел тешаме волу дела. Суна-м ца лаьара хьо Шема вахийта, жуьгташа хьуна зулам дарна кхоьруш. ХӀетте а, вайн кхин дан амал дац-кха».

Маккин дикачу доьзалера а йолуш, чӀогӀа хьалдолуш зуда яра Хадижат. Шен даьхни махлелоре хьажийнера цо. Цунах чӀогӀа пайда а хуьлура.

Мухьаммада шен девешига элира. «Со волчу цхьа а ца воуьйту-те цо?». Абу-ТӀелипа элира: «Цо цхьа кхин стаг харжахь, вайн гӀуллакх кӀелдисарна кхоьру со».

Цуьнан девешига дина къамел Хадижате дӀакхаьчна хиллера.

Мухьаммад тешаме а, бакълуьйш а хилар хезнера цунна. ТӀаккха Хадижата хабар даийтира: «Хьо сан гӀуллакхна Шема ваха лууш хилар хиъна суна, — аьлла. — Хьо водахь, кхечарна луш болчул шозза алсам мах лур бара ас».

Цо шен девешига хьахийра иза. Девашас элира тӀаккха: «ХӀара Дала хьуна даийтина рицкъа ма ду», — аьлла.

Хадижатан махлело къепал (ковр) Шема яха яьлча, Мухьаммад вара оцу къепалца, цунна накъосталла деш Майсарат а вара. Хадижатан ялхошлахь воккханиг вара иза. Къепала некъ бира Бусра бохучу меттиге кхаччалц. Церан совцар нисделира Бахьира бохучу цхьана мозгӀаран (халбатхочун) лаппагӀна юххехь. Элча сецира базарахь долчу цхьана диттан ӀиндагӀехь, царна гена воццуш. Циггахь хиллера НастӀура цӀе йолуш кхин цхьа мозгӀар а. Иза хьаьжира Майсарате, цо цуьнга хаьттира: «И дӀогахь, дитта кӀелахь, сецнарг мила ву?».

Майсарата жоп делира: «Иза-м Маккара цхьа къонах вара», — аьлла. НастӀурас элира: «Пайхамар хир ву-кх иза», — аьлла. — Дала цунна Пайхамаралла лучу хене вала лаьар-кха суна".

Цул тӀаьхьа базара юккъе вахана, Маккара ша деана хӀума дӀадоьхкира Делан Элчо Ша эца мел езарг а ийцира цо. Хьалха цкъа а ца хиллачу кепара са а хилира Хадижатна. Майсарат чӀогӀа цецваьллера Мухьаммадах. Цуьнан кхачаме долчу гӀиллакхех а, цуьнгахь йолчу адамаллах а.

Ковр цӀехьайирзира. Маккина уьш гергабаьхкича, Майсарата бӀаьца йира Мухьаммаде хьалхавалий, Хадижате кхаъ баккха, махбарехь дика са хилла, алий. Мухьаммад хьалхавелира, иштта Макки чу вахара. Хазачу цӀийнан пурхе тӀехь Ӏачу Хадижатана гира иза. Охьайоьссина, цунна дуьхьал яхара. Мухьаммада дийцира цуьнга шайн меха дахарх хилларг, йохка-эцарх, хиллачу пайданах лаьцна. ЧӀогӀа хазахеттера Хадижатана. Мухьаммадан а хилира аьтто — ша лур бу аьллачул кхин а шозза алсам мах белира цунна Хадижата.

Цуьнан Ӏодика а йина, иза цӀавахара шен деваша Абу-ТӀелип волчу. Майсарат леррина хьожуш, терго еш хиллера Делан Элчанан хьоле. Дала цуьнан беш болчу ларамна а, новкъахь а, балха тӀехь а Дала цуьнан беш болчу аьттонна а.

Ша Макка кхаьчча, Майсарата дийцира Хадижате Мухьаммадехь шена гинарш, иза тешаме а, нийсо еш а, хаза гӀиллакх долуш а хиларх. МозгӀара цунах аьлларг а дийцира. ТӀаккха шен къамел чекхдолуш цо Хадижате элира. «Баккъал а, Мухьаммаде кхочуш стаг хир вац-кх хӀокху Маккахь суна хӀинццалц бевзинчу нахана юкъахь».

Мухьаммадан хьокъехь Майсарата дийцинчух, аьллачух цхьа башха йовхо йисира Хадижатан даг чохь. Цул тӀаьхьа цуьнга болу ларам а, тешам а, цунах йоккхаер а — дерриге а чӀогӀачу безаме дирзира Хадижатан даг чохь[6].

Маккара Мадинате кхалхар (хӀиджрат дар)

Масджидун-Набави (Пайхамаран маьждиг) Мадинатехь, СаӀудийчохь долу ШолгӀа деза маьждиг ду, баьццара нартол а йолуш.

ТӀаккха, Мадинате кхелхина иза (цига хӀиджрат дина цо), шеца цхьаьна Абу-Бакр Сиддикъ а волуш, цуьнан азатхо волу ФухӀайратан кӀант Ӏамир а волуш. Некъ гойтуш царна хьалхаваьлларг Лайс тайпанах волу УрайкъитӀан кӀант ӀабдуллахӀ хилла. Керста хилла иза, Бусалба дине веана аьлла хууш а дац иза. Мадинатехь итт шарахь ваьхна Элча.

Мухьаммадас дуьххьара зуда ялорах

Мухьаммад-пайхамаран зударий
Muhammadwives.svg

Хадижат бинт Хувайлид
Савдат бинт ЗамӀат
Ӏаишат бинт Абу Бакр
Хьафсат бинт Ӏумар
Зайнап бинт Хузаймат
Умм Саламат бинт Абу Умайят
Зайнап бинт Джахьш
Джувайрият бинт Хьарис
Умм Хьабибат бинт Абу Супьян
Райхьанат бинт Зайд
Сафият бинт Хьуяй
Маймунат бинт аль-Хьарис
Марьят аль-КъибтӀият

Мухьаммад ткъа шаре ваьлча, иза вовзуьйту къурайшин тайпанах а йолуш, хьал долчу Хадижатна. Цхьана гӀуллакха тӀехь Мухьаммад вевзина хилла Хадижатан вешин кӀантан. Цо дуьйцу шен ден йишина кхин хила йиш йоцуш оьзда а, тешаме а волчу пайхамарах. Хьан бахам — хьала шех тешо хьакъ долуш стаг вара иза, аьлла цо Хадижате. ЧӀогӀа лиъна Хадижатна Шема яха ша новкъа йоккху ковра цуьнга йигийта. Кхечарна луш болчул а шозза сов мах биллина цо Мухьаммадна и гӀуллакх тӀелоцург.

Мухьаммадан зударийн цӀераш (Ӏаьрбийн маттахь), вуьшта аьлча «Бакъ динерхойн наной»

Шовзткъа шаре яхна зуда хилла Хадижат. Цкъа иштта ковра эцна, шен дехарна жоп делла, Мухьаммад, гена махка а вахана, цӀавогӀучу хенахь, дуьхьал яьлла Ӏаш хилла Хадижат шен цӀийна уллохь, шеца шиъ ялхо а йолуш. Мухьаммад герга кхача воьлча, иза цецйоккхуш, цунна гина Мухьаммад тӀемаш кӀел лаьцна, иза малхах ларвеш догӀу ши малик. Гуш долчух цецъяьлла а, йоккха еш а йолуш цо шен ялхошка чӀогӀа аьлла: «Хьовсийша, хӀара ву шуна АллахӀна везнарг, ларван хӀоттийна шиъ малик а долуш!» Ткъа ган йиш хиллий ялхошна Дала Хадижатна гайтинарг! Хадижата хьахадойту Мухьаммаде шен цуьнан дола яла лаарх дерг. «Ткъа и муха мегар ду (Со къен стаг ву, ткъа хьо хьалдолуш эла ю», — олу вукхо. Иза новкъарло ца лерина Хадижата.

Мухьаммада Хадижат ялийначу тойне кхойкху, ша вакхийна йолу Хьалимате. СовгӀат а до шовзткъа уьстагӀ баларца. Хьекъал а, куц а долуш волчу жимчу стаге хьал долуш йолу Хадижат яхар массарна а хаза хеташ тӀеоьцу, баккхийбеш хуьлу цу хиламах.

Мухьаммад Мадинате дӀакхелхинчу заманчохь цуьнан доьзал бара: зуда Савдат а, Хадижата йина ПетӀимат а, Умм Кульсум а. Ткъа цхьа йоӀ, Рукъаййат шен майрачуьнца Ӏусманца Абесинин махкахь яра Маккара едда яхана. Важа йоӀ Зайнап, Маккахь яра, бусалба динна чӀогӀа дуьхьало еш волчу Абу Ӏасин цӀаратӀехь а йолуш.

Хадижатал тӀаьхьа ялийна Савдат лоруш, цуьнан сийдеш пайхамар хиллехь а, Хадижат йоцуш хиларан эшам ловш вара вайн пайхамар.

Доьзалан дахар

Хадижата Мухьаммадан ялх бера дина:

ИбраьхӀим, КъибтӀийат тайпана йолчу, Марета вина вара цунна. Мухьаммадан Mohamed peace be upon him.svg дерриге а бераш цул хьалха кхелхина ПетӀимат йоцург, цул тӀаьхьа цхьа а ца висира царах. Элчанна уггаре а хьалха ийман диллинарг Хадижат яра. Элчано пайхамаралла кхочушдеш гӀо дина яра Хадижат шен са а, бахам а ца кхоош. Дуьххьара Мухьаммад волчу Джабраил малик деъча, шена хиллачух цакхеташ, иза сингаттамехь волуш, Хадижат яра цунна юххера дӀа ца йолуш, цунна синтем беш, цуьнан догъоьцуш. Цо аьллера: «ВаллахӀи, бӀарлагӀаш хӀиттийна, Дала хьо сийсаз вийр ма вацара, Хьо гергарлонаш лелош ма ву, дӀа мел олучу дашехь бакълуьйш ма ву, буоберашна а, мискачу нахана а гӀо деш ма ву, хьешан лерам беш ма ву, бакъо толош, харцонна дуьхьал лаьтташ ма ву. Хьуна деанарг шеко йоццуш, Делан Малик ду хьуна». Иштта Элчанан дог тединера цо. Хадижат цуьнан тешаме а, догцӀена а накъост, дика зуда хилла лаьттина, массо а зудчунна дика зуда муха хила еза гойтуш, дикаллин масал хилла.

Мухьаммадна мел дина зенаш гина цунна, асхьабашна тӀехь мел дина таӀзарш гина цунна, Ӏаламийн да волчу АллахӀан дин, Мухьаммадан нийса долу дин дӀакхайкхош, уггаре а дика гӀоьнча а хилла иза. Хадижат кхалххалц Делан Элчано кхин зуда а ца ялийна, цул тӀаьхьа шена дукхавезаш волчу шен доттагӀчун Абу-Бакр Сиддикъан йоӀ Ӏаишат ялийнера цо. Цуьнан Ӏедал дара шен вахарехь даима а Хадижат дика хьахош, тӀаккха Ӏайшата дегабаам бина хиллера. Цо аьллера Пайхамаре цхьана дийнахь: «Йоккхастаг бен ярий иза, Дала цуьнан метта цул диканиг ца елла хьуна?» Делан Элчано оьгӀазвахана, аьллера цуьнга: «ХӀан-хӀа, валлахӀи ца елла цул диканиг. Нах сох ца тешачу хенахь, соьца ийман диллина яра иза, наха со харцвинчу хенахь, со бакъвина яра иза, наха суна ца дина гӀо дина яра иза, шен даьхни ца кхоош. Дала цуьнгара кӀант веллера суна». Иштта тешаме, догцӀена хилла Делан Элча Мухьаммад, цуьнга кхочуш кхин цхьа а хир воцуш. Шена тешаме, шена дика хилла йолу Хадижат елла йоллушехь, иза резаеш, дийна йолу шен доттагӀчун Абу-Бакр Сиддикъан йоӀ хаза, жима Ӏайшат оьгӀазъяхийтина. Гуттар хуьлуш хӀума дац иза, Делан Элчано дина иза[7].

Абу ТӀелипан доьзалехь

Мухьаммад пайхамаран Mohamed peace be upon him.svg когин лар ю. Эюпа (Стамбул) мавзолейхь ларъеш ю иза.

Деда велча шен деваша Абу-ТӀелип волчу дӀавахара Мухьаммад Mohamed peace be upon him.svg. Цу хенахь бархӀ шо дара цуьнан. Абу-ТӀелипа шен дена делла дош лардира. Шен вешин кӀанте дика хьожуш, цуьнан гӀайгӀа беш вара иза. Цо кхобуш болу цуьнан шен доьзал боккха бара. Ша къен Ӏаш а вара иза. Мухьаммад ша волчу дӀавигча, чуьра хьал тоделира, рицкъа алсам делира цуьнан. Абу-ТӀалбина иза шен берел дукхавезаш вара, ша цхьанхьа воьдуш, даима шеца вуьгура цо иза, ша дӀавуьжуш шеца, вижавора. Цунах чӀогӀа къахеташ а, цуьнан доладеш а вара иза. Делан Элча Mohamed peace be upon him.svg кхиош дакъалоцуш яра цуьнан хӀусамнана ФатӀимат. Цуьнан терго еш а, цунах къахеташ а яра иза. Иза елча, Делан Элчано: «Тахана сан нана елла», — аьллера. Марчонна шен коч хьарчийнера цо цунна.

Оцу заманчохь массо къадолчу хӀуманех Мухьаммад ларвеш АллахӀ дела а вара, дерриге а Ӏалам динехь нисдан цунах Пайхамар ван Шен лаам хиларна.

Мухьаммадан заманахь, хӀинца вай санна, стоьла тӀехь хӀума юуш ца хилла наха. Бераш нанна гонаха гуллуш хилла. Царах хӀора а шен ницкъ ма-кхоччу, алсам юург схьаэца гӀерташ хилла. Амма Мухьаммад царах тера вацара. Шена юург схьаяллалц ӀадӀаш хилла иза. Шена схьаелларг бен схьаоьцуш а ца хилла. Шена еллачунна резахиларца, баркалла олуш а хилла.

ДегӀана онда хилла иза. ХӀетте а, цкъа а цхьаннах а леташ ца хилла. Цхьанна а зен деш ца хилла цо. Ша жима вара аьлла ца Ӏаш, шен ницкъ ма-кхоччу, хӀоранна гӀо дан гӀерташ хилла.

Къуръанан сурат «Ан-Наджм».

Дикачу агӀор Маккарчу нахана билгалваьлла хилла Мухьаммад. Цара олуш хилла: «Хьовсийша, ма оьзда, гӀиллакх долуш, хаза вистхуьлуш, дика кӀант ву хӀара». ХӀора дена а лууш хилла шен кӀант гӀиллакхца а, оьздангаллица а, ойлаярца а, леларца а, вистхиларца а Мухьаммадах тера хила.

Пайхамар хила Дала мел хаьржинарг а шен-шен заманахь жа дажош хилла. Мухьаммада а дажийна жа. Цара нахана тӀехь Ӏуналла дале, Дала уьстагӀашна тӀехь Ӏамош хилла уьш. КӀеда, мерза, оьзда, гӀиллакхца хила а, нахана шаьш хьоьхучу некъа тӀехь уьш нийсонца хилийта а.

Делан Элчан Mohamed peace be upon him.svg шийтта шо кхаьчча, мах лело Шема ваха кечлуш вара Абу-ТӀелип, махлелорхо вара иза. Некъ беха а, хала а хиларна, шеца Мухьаммад вига дагахь вацара иза… ХӀетте а, Мухьаммада хаийтира шена а ван лууш хилар. ТӀаккха Абу-ТӀелипа, цунна луург деш, вигира иза. Цо элира: «ВаллахӀи, сайца вуьгур а ма ву, цкъа а сайх дӀа а къастор ма вац ас иза я суо цунах къаьстар а ма вац», — аьлла. Мухьаммад шеца а волуш, новкъаваьлла, Бурса бохучу метте кхечира. Шемана къилбехьа меттиг яра иза. Цигахь ковра сецира, нахе а, эмкалшка а садаӀийта. Цу юххехь керстанийн килс яра, Бахьира цӀе йолу мозгӀар волуш. Керста Ӏилма долчу нахах вара иза.

И ковра сацале, мозгӀарна хааделла хиллера, цуьнца догӀучу адамашна юккъерчу цхьанна тӀехь ӀиндагӀ латтош, аьхкенан бовхачу малхах ларвеш, четар санна, даима а тӀехула лаьтташ марха хилар. Шайн дин Ӏамош, ша дешначу жайнашкара Бахьирана хууш дара, Пайхамарна бен ӀиндагӀ латто марха-четар хила амал доций. И болх шена гича, мозгӀара омра динера, Маккара баьхкинчу махлелорхошна той кечде, аьлла. ТӀаккха цаьрга хабар дахьийтира цо, шайн килса чу той даа кхойкхуш. Цига массо а вар дехар а динера. Маккара махлелорхой дукха леллера оцу новкъа, амма цул хьалха, цкъа а царна тӀе а ца ваханера мозгӀар я цаьрга вист а ца хиллера, хӀинций бен. ТӀаккха царех цхьамма аьллера: «Тахана хӀун хилла, хӀай, Бахьира? ХӀинццалц тхо дукха ма лелла хӀокху новкъа, цкъа а хӀара тайпа хӀума ма ца дина ахь, цкъа а тхо хьуо волчу а ца кхайкхина».

Бахьира жоп деллера: «Бакълоь хьо, шу сан хьеший ду. Шун ларам бан а, шуьга кхача баийта а лиъна суна».

И волчу дӀабахара уьш. МозгӀара хаьттира цаьрга: «Массо а схьавеаний?» — аьлла. Махлелорхоша жоп деллера: «Тхо дерриге а схьадаьхкина, шийтта шо кхаьчна цхьа кӀант бен, цхьа а ца висина схьаваза».

МозгӀара дийхира: «Схьакхайкхийша иза а, — аьлла. — Шуьца цхьаьна ма ву иза а». Хьарис цӀе йолу Мухьаммадан деваша хьалагӀаьттира. Вахана, мара а воьллина, шен вешин кӀант схьавалош веара иза. Шайна юххе охьахаийра. Мухьаммад схьавеача, Бахьира чӀогӀа лерина хьаьжира цуьнга. ТӀаккха хаттарш дан велира иза: цуьнгара хьал муха ду, наб муха йо, гӀуллакхаш муха ду, бохуш. Делера къинхетам, маршо хиларг цунна жоьпаш луш вара.

Цо мел олуш дерг Бахьира шайн жайнашкара схьаэцначу тӀаьххьарчу Пайхамаран билгалонашца дӀанислуш дара. Шен хаттарш чекхдевлча, царна жоьпаш хезна ша ваьлча, Абу-ТӀелип а, цуьнан вешин кӀант а юьстахваьккхина, элира Бахьира: «ХӀара тӀаьххьара Пайхамар ву хьуна», — аьлла. Абу-ТӀелипа хаьттира цуьнга: «Хьуна муха хиира?».

МозгӀара жоп делира: «ТӀаьххьарчу Пайхамаран а, Элчан а билгалонаш хьехийна ю тхан жайнашкахь. ӀиндагӀ латтош марха Пайхамарна тӀехула бен лаьттар яц. Шу тхуна тӀекхочуш, суна гира коврана юккъерчу цхьанна тӀехь ӀиндагӀ латтош йогӀу марха. ТӀаккха со тийшира, тхайн сийлахь-дезачу жайнаша йийцинчу билгалонашца хьехийна волу Элча шуьца хиларх. Цундела кхайкхира ас шу хьошалгӀа, сайна иза ган лиъна».

Юха Бахьира Абу-ТӀелипе элира: «Хьан мила ву иза?».

Абу-ТӀелипа элира: «Сан кӀант ву иза».

Бахьира элира: «Вац иза хӀан кӀант. ХӀокху кӀентан да дийна хила везаш вац». Цецваьллачу Абу-ТӀелипа элира: «Сан вешин кӀант ву иза».

Бахьира дийхира: «Цуьнан дех лаьцна дийцахьа».

Абу-ТӀелипа жоп делира: «ХӀара ненан кийрахь волуш велира кхуьнан да. Ялх шо кхаьчча нана а елира».

«Бакълоь хьо», — элира Бахьира.

Мухьаммадан букъ тӀера коч хьалауьйзира цо. Пханарша юккъехь шайн жайно йийцина билгало (мухӀар) гира цунна. ТӀаккха цо элира: «ХӀинца кхоччуш тийши со хӀара кӀант тӀаьххьара Пайхамар хиларх, жуьгташа а, керстанаша а вогӀур ву баьхна волу, Делера схьадаьхкина долчу сийлахь-дезачу жайнаша ван герга ву бохуш, хьехийна волу».

ТӀаккха Абу-ТӀелипе элира цо: «Мухьаммадан леррина терго а, чӀоггӀа гӀайгӀа а белахь. Иза а эций, чехка цӀа а гӀолахь, жуьгтех иза ларвеш а хилалахь. ВаллахӀи, царна иза ган а гахь, суна хиънарг царна тоса а лахь, хӀуъа дина а, цхьа зен даза Ӏийр ма бац уьш. Хьан вешин кӀантана тӀейогӀучу заманахь боккха болх хир ма бу. Сихонца цӀа вигалахь иза».

Абу-ТӀелипна дагахь доцуш хилла хаам бара иза. ХӀетахь дуьйна Абу-ТӀелипа дикачу кӀентан, Мухьаммадан гӀайгӀабар кхин а алсамделира. Шемахь дукха ца Ӏийра иза. Юхкург сихонца дӀа а йоьхкина, оьцург а эцна, сихонца Макка юхавирзира. Цул тӀаьхьа Мухьаммад кхин цхьанхьа а дӀаса ца вигира Абу-ТӀелипа, цунна бохам хиларна кхоьруш.

Жуьгташа а, керстанаша а дукха дийцира Дала Элча воуьйтур ву бохуш. Амма, Дала Ӏалам нисдан а, тодан а Элча ваийтича, дуьхьалбевлира уьш, тӀе ца ийцира цара цуьнан Пайхамаралла.

Сийлахь Везачу Дала ма аьлла: «Шайга и шайна хуушдерг деъча (Мухьаммадан Пайхамаралла), цунах ца тийшира уьш. Делан неӀалт ду цатешачарна» (Къуръан, 2 сурат, 89 аят).

Ша хаьржина волу Элча ларвина Дала, ша цуьнга Пайхамаралла далале а. Шен къомо юъург юуш хилла иза, нах санна махлелорехь къахьоьгуш а лелла иза, церан гӀиллакхаш а, лаамаш а, Ӏадаташ а довзархьама.

Шен вахарехь нехан дегнаш чохь адамалла яржош къахьегна ву Мухьаммад, миска нах а, къен нах а дукхабезар, буоберашна а, иштта гӀо оьшуш мел волчунна а гӀо а деш, зуламечу нехан балех гӀийла нах ларбеш. Уьш дерриге а бусалба динан гӀиллакхаш ду, Делан Элча ваийтина ма ву адам тиларх хьалхадаккха, нийсачу новкъа даккха, хаза гӀиллакхаш кхочушдан[8].

Пайхамаралла а, Элчаналла а

Къуръан — АллахӀ шен элчане Мухьаммаде доссийна долу сийлахь-деза жайна ду, шеца 114 сурат а долуш.

Ша дуьнен тӀе ваьллачу дийнахь дуьйна, Дела цхьаъ веш хилла Мухьаммада. Жимчохь дуьйна а, Дала дуьненахь долу Ӏилманаш а, динаш а довзуьйтуш кхиина иза. Макка шахьарна пхи чаккхарма генахь хир болуш лам хилла, Хьираъ — олуш. Цу лам тӀе а воьдий ша, цхьаъ волуш Рамазан бутт ойланашкахь боккхуш хилла Мухьаммад-пайхамара. Шовзткъа шо кхочучу хенахь, цкъа иштта, Деле доӀанаш деш иза волуш, Мухьаммад волчу, Джабраил-Малик доуьйту. Шен обанах хьаьрчина Ӏуьллучу цунна аз хеза. БӀаьргаш схьабиллича гина адамийн суьртехь Джабраил-Малик. Цо охьакховдийна чиллана кӀадин цастар, тӀехь йозанаш а долуш.

— ДӀадеша! — аьлла Малико.

— Суна деша ца хаьа, — дуьхьало йина Мухьаммада.

— Лаьтта цинцах адам кхоьллинчу, дуьне — Ӏалам хӀоттийначу, доллучу хӀумана а Эла волчу, АллахӀан цӀарца дӀадеша! Адамашна йоза-дешар довзийтинчу, шен кхетам стеган хьекъале кхачош волчу, Ӏилманан зӀаьнарш луш верг иза ша бен воцчу, ца-хуург адамашна хаийта ницкъ болчу, АллахӀан цӀарца дӀадеша, аьлла цо юха а.

Йоза-дешар хууш воцчу Мухьаммаде атта дӀадешало малико схьаоьхьна йоза. Иза хилла Делера омра. Мухьаммад Делан омра дешна ваьлча, дист хилла Джабраил: «ХӀай, Мухьаммад, цӀенчу бакъонца хьо Делан Элча а ву, со цу Делан Джабраил а ду!», аьлла. Шеконо хьовзийна цӀа веъна, шен хӀусамнене, Хадижате дӀадийцина Мухьаммада шена гинарг. Ткъа, Дала дика динчу, сий долчу Хадижата, цхьана а маьӀаргонна шеко йоцуш, къобал дой тӀеоьцу шен майра бакъ пайхамар хилар. Хадижата аьлла: «Хаза кхаъ баьккха ахь, Мухьаммад соьга. Аса дуй буу хьуна, сан дегӀ а, са а шен карахь долчу веза хилла волчунан цӀарах, хӀинцачул тӀаьхьа сан цхьа а шеко хир ма яц, Дала вайн халкъана велла бакъ пайхамар хьо хиларх».

МухьаммаданMohamed peace be upon him.svg каш чохь долу чоь. И чоь Ӏаишат бинт Абу Бакаран яра, Мухьаммад цу чохь кхелхина хилла, цуьнан асхьабаша цу чохь дӀавоьллина иза.

Хадижата сихха дӀадуьйцу иза шен девешин кӀанте Варакъе. Иза хилла йоза-дешар дика хууш. Керста динехь волчу цо а къобалдой тӀеоьцу шена хезнарг — «Сайн син Эла волчуьнан цӀарах аса буу хьуна дуй, ахьа чӀагӀдийриг цӀена бакъ ма ду, Хадижат. Хьан майрачунна деана Малик, шен хенахь Муса пайхамарна деана Джабраил ма ду», аьлла Варакъас.

Масджид ан-Набави (Пайхамран маьдиг), Мадинатехь долу Мухьаммадан маьждиг ду.

Цкъа хьалха Мухьаммадан шен гергарчаьрга дийцина и хилларг. Пайхамаран дешнаш къобал а деш, иза бакъ веш хилларг ву Абу-Бакр. Иза пайхамарна чӀогӀа муьтӀахь хиларна цунна цӀе туьллу «Абу-Бакр Сиддикъ». Мухьаммад пайхамара баьхна: «Вай дӀахьон некъ, иза ИбраьхӀим-пайхамаре Дала делла цӀена дин ду. ИбраьхӀим хилла вац дажалшна ламаз а, лолал а деш. Вай теша Делах, цуьнгара вайна доьссинчух, ИбраьхӀиме, ИсмаьӀиле, Исхьакъе, Якъубе, Юсупе, Мусайга, Ӏисайга Делера диссинчух, уьш Делан пайхамараш хиларх а теша вай, царалахь къастамаш а ца бо вай, АллахӀна, цуьнан лаамна муьтӀахь ду вай».

Мухьаммад кхайкхош долчу бакъ динна новкъарлонаш йийраш, цо лелориг беламе даккха а, сийсаза дан а гӀертар хилла уггаре а халаниг.

Берахь дуьйна а пайхамар вевзаш, иза ловзуш лелла дагадогӀуш болчара гуттара а ца бешаш, забаре даккха гӀерташ хӀумнаш дуьйцуш хилла цунна дуьхьал: «Хьовсийша, Ӏабдул МуттӀелипан кӀентан кӀанте, ша ву бохийца цо стиглахь хуьлуш дерг хууш» — хабарш дуьйцуш хилла цара. Юьхьенца Мухьаммадна новкъарло ечарех хилла жима стаг шен цӀе Ӏамру а йолуш. Цуьнан нана хилла шен оьздаллех йоьхначех зуда. Марехь а йоцуш ша вина кӀант хьанах ву хаьттича цо масех а Къурайшин цӀийнах волчу стеган цӀе яьккхина. Делахь а царех массарел а Ӏаса бохучу стагах тера вогӀуш хиларна, бин-аль Ӏаса аьлла цӀе яхна хилла.

МостагӀех хьулвелла Къаф лам тӀехь Оркам цӀе йолчу шен асхьабан хӀусамехь хилла Мухьаммад-пайхамар. Цигахь иза, сийсазвеш, лаза а веш, цунна дов дина Абу-ДжаьхӀала. Иза хиина Мухьаммадан девешина Хьамзатана, талла ваханчуьра цӀа вогӀуш. Гулбеллачу нахана юккъехь ша диначух дозалла деш, иза дӀадуьйцуш лаьтташ Абу-ДжаьхӀль а волуш, озийна Ӏад а долуш веана тӀе хӀоьттина Хьамзат. ТӀекхоччушехь цо коьртах тоьхна Абу-ДжаьхӀлана, йоккха чов а еш. Орцах хьаьдда Абу-ДжаьхӀилан гергарнаш. «Виталаш иза, — аьлла кхеравеллачу Абу-ДжаьхӀила, — Хьамзат кӀад ван а дагахь. Ша бакъ долуш, вон лазийна цуьнан вешин кӀант». Ткъа иза ша даран бахьана, Мухьаммада дин хийцар ду, аьлла цо. Хьамзат ша а ца хилла цу хенахь имане веана. Амма шен вешин кӀант лазорна кийра йоьссинчу оьгӀазлоно, кхетамо ца динарг деш, дог хийцина Хьамзатан. «ТӀаккха со а ца теша-кха шун тӀулгийн деланах. Ницкъ буй шун со цунах тешийта?» — аьлла цо. Цу меттехь дакхайкхина Хьамзата, Дела цхьаъ во ша, шен вешин кӀант Мухьаммад пайхамар хиларца бакъ а во ша, аьлла.

Ӏумар бин аль-ХаттӀаб имане вар

Мухьаммадан мавзолей — баьццара нартол чухула и дӀавоьллина чоь ю, Ӏаишатан чоь хилла иза.

Мухьаммад бахьнехь, цуьнан ден вашас, Хьамзата ша чӀогӀа човхор Ӏаьткъина, оьгӀазаллех вуьзна Абу ДжаьхӀль, бекхамна некъ лоьхуш хилла. Цуьнан йишин кӀант Ӏумар Ӏаламат доккхачу дегӀахь а, майраллех вуьзна а, доьналла долуш, чӀогӀа тӀахъаьлла стаг хилла, ханна ткъе ялх шо а долуш. Шен нена вешина Хьамзата йинарг юьхьӀаьржо ю, ша иза дуьтур дац, олий чӀагӀо йо цо. Шен сибатца а, хотӀаца а дукха инзаре хилла Ӏумар, мел майра къонах а шех оза лур волуш. Цунна дагчу, Мухьаммад волчу а вахна, иза хӀаллакван. Шеца дуккха а накъостий цхьаьна болуш а бахьанаш ца хилла мостагӀий Мухьаммад волчу баха. Ткъа Ӏумар ша цхьаъ цига кхача дагахь ара волу, бекхамна дукха хьере а хилла.

Воьдучу цунна новкъахь дуьхьал кхета Къурайшин тайпанах волу кхин цхьа Ӏаьрбо. Иза хилла иман диллина, амма иза къайлахь латтош. Ша хьош болу некъ цуьнга буьйцу Ӏумара. Мухьаммадна болу кхерам ша муха буха тухур ца хууш, воьхна хьаьвзинчу Ӏаьрбочо олу Ӏумаре: «Мухьаммад а вийна цуьнан чӀир хьайна тӀелацале, хьо дикка хьажалахь, хьайна гергарчарна юкъахь а карор бу хьуна цуьнца цхьаьна динехь берш».

«Ткъа иза муха хир ду бакъ?» — цецволу Ӏумар. «Хьан йиша Аминат а, цуьнан майра Зайд а ву цуьнца иман диллина» — олу Ӏаьрбочо, шена дукха еза йиша Мухьаммадца цхьаьна динехь хилар хиъча мукъна а Ӏумар, Мухьаммадна зулам ца деш, вухаваларе дог дохуш. ЦӀеххьана Ӏумар чоьхьа ваьлча Аминат а, Зайд а Къуръан доьшуш долчуьра хьала а эккхе, иза дӀалачкъо гӀурту.

Гуттара а оьгӀаз ваханчу Ӏумара шен йиша яхана нуц ластавой лаьттах а тухий, некха тӀе ког буьллу, тӀетоха дагахь тур хьала а айдеш. Юккъе иккхинчу Аминатна юьхьа тӀе хӀума а тухий мела цӀий охьахоьцу Ӏумара.

«ХӀай, Делан мостагӀ! АллахӀ ша цхьаъ бен Дела ца хиларх со теша дела туьхи-кх ахьа суна. Аса юха а боху: АллахӀ воцург Дела вац. Хьан къизаллех, кхераелла со юха ера яц. Мухьаммад пайхамар а, Делан Элча а, хиларх тешна со яьлла. ХӀинца чекхдаккха айхьа деана гӀуллакх, Ӏумар!» Шен хьоме йиша иштта оьгӀазе шена дуьхьал хӀоьттича, иза лазорна дохковолуш, Ӏумара Заидан некха тӀе ша таӀийна ког буха боккху.

— Схьагайтал цкъа суна и шаьшшимма доьшуш хилла йозанаш, хӀун ду сел чӀогӀа хьо шех тешнарг?

Иштта Къуръанан сурат доьшу Ӏумара, тӀаккха АллахӀ-дала ийманан нуьре вуьгу иза, Мухьаммад-пайхамар волчу а вахана, иман дуьллу цо.

Мухьаммад бакъ Элча хиларан билгало АллахӀ-делера цуьнга доьссина «Къуръан» ду.

Исраъ а, МиӀрадж а

Къудс-ГӀалара маьждиг аль-Акъса, Мухьаммад стигал вахана хилла оцу маьждиг чохь, Джабраил маликца.

Пана арахь маьркӀажехь жинин къамел а хезна, динах адамашна а, жинашна а довзийта АллахӀ-дала хӀоттийна ша пайхамар хилар вайн пайхамарна гучудаьллачул тӀаьхьа, кхин а йоккха къайле гучуйоккху цунна АллахӀ-дала. Иза ду, Мухьаммад пайхамар АллахӀ дала шен стигланашка хьалаваккхийтартарх а, цигахь долу Ӏаламаташ цунна гайтарх а дерг. И Делан хилам кхочушхилла, шех тераниг кхин адамашна гина йоцучу, тамашийна еанчу буьйсанна. Цхьа а тайпа адамийн а, даьхнийн а, акхаройн а, Ӏаламан а тата-гӀовгӀа йоцуш еана и еза буьйса. Атталла механ а, хин а тата хезаш доцуш тийна хилла.

Буьйса ши дакъа хилла екъаеллачу хенахь, набарна вижина а волуш Мухьаммад сама волу аз хезна: «Самавала, хӀай набарна вижнарг!» Мухьаммад пайхамар набарах ваьлча, цунна хьалха лаьттара АллахӀ делан деза Джабраил-малик. Декхна синтеме дара цуьнан тӀемаш. Ткъа духар, уггаре а дезачу тӀулгаша къарздина а, дашон тайца тегна а дара. Цо Мухьаммадна ялийнера кӀайн говр. Дала адамашна гайта мел кхоьллинчу хӀуманал хаза а, товш а яра иза. Цуьнан юьхь адамчух тера яра, беснеш говран яра; бӀаьргаш лепара седарчех. Лечанчийх тӀемаш дара цуьнан, серлонан зӀаьнарех лепаш а долуш, цуьнан дерриге а дегӀ дара исбаьхьачу дезчу тӀулгаша хьулдина. Иза кхел-бекъа яра, бӀаьргаш кхолош нуьре а, дуьйцу ца хезначу кепара чехка а хиларна, шех аль-Буракъ аьлла (ткъес) цӀе тиллина йолу.

Аль-Акъса маьждиган можа нартол.

Оцу тамашийначу говрана тӀехаа Мухьаммад гӀоьртича Буракъ дӀаиккхира, тӀехьарчу когашна тӀе а хӀуттуш.

— Собаре хила хьо хӀай, Буракъ! — дист хилира Джабраил-малик. — Ахьа ларам бехьа Делан элчанан, шен сийдеш АллахӀа лерина кхин стаг цкъа а ца хиллау.

— ХӀай, Джабраил, — йист хилира Буракъ, — Делан доттагӀ ИбраьхӀим ца Ӏийна шен букъ тӀехь, шен кӀант ИсмаьӀил волчу ша воьдуш? Дала шен вели веш, шапаӀатан да винарг, цӀена дин довзаран некъ ша хӀоттийнарг вуй хӀара?

— ЦӀена бакъ дерг ду иза хӀай, Буракъ! ХӀара ву ӀабдуллахӀин кӀант Мухьаммад, Ӏаьрбийн ирс долуш хиллачу Къурайшин тайпанах, Делан цӀенчу динан ша охӀла а волуш. Адам-пайхамаран وصلة= тӀаьхьенан корта бу хӀара, Делан элчанашна юкъахь массарел а сийлахь верг, массо а пайхамар тӀегӀачвеш Делан МухӀар ду хӀара. Кхуьнан шапаӀате сатесна хир ду Дала мел кхоьллина хӀума ялсаманен новкъахь. Шен аьтто агӀор тешначарна Дала елла нуьре Ӏарш йолуш, ца тешарца дӀабирзинчарна кечйина жоьжахатен сийна цӀе шен аьрру агӀор а йолуш.

— ХӀай Джабраил! — дехар дира Буракъа, — хьайна а Мухьаммадна а юкъахь болчу бакъ тешаман дуьхьа, дехахьа цуьнга, вайн волчу Далла хьалха къематан дийнахь шена теш хӀотта, алий.

— ХӀай, Буракъ! хьо хилалахь тешна, — вист хилла Мухьаммад, — вайн Деле къинхетам аса хьуна боьхур бу, Ялсаманин неӀ хьуна йиллина хир ма ю. И дешан аьлла Делан элча валарца нуьре Буракъ цунна улло еара, тӀехаа аьтто беш иза дӀахӀоьттира.

Хьалхарчу стиглане хьала уьш кхаьчча, Джабраило ков туьйхира стигланан:

— Мила ву? — аз хезира чоьхьара.

— Джабраил ду, — жоп делира Малико.

— Хьоьца верг мила ву?

— Мухьаммад ву.

— Ша Делан элча хилар къобалдина тӀе эцний цо?

— ХӀаъ. Аса тоьшалла до цунна.

— Делахь, марша догӀийла шу.

Стигланан кевнаш делладелира. И шиъ хьаладаьлла стигал цӀенчу цӀаста яра, цуьнан къегачу бухахь кхозура дашочу зӀенаш тӀехь къега седарчий. ХӀора а седанна тӀехь Ӏаш дара маликаш.

Мухьаммад кхалхар

Маккин чудахар.

Мухьаммад шен 61-шо долуш, чӀогӀа цомгуш хилла. 632 шеран 5 июнь (12 рабиӀуль авваль) дӀакхелхина хилла Мухьаммад. Дукхах болчарна и бакъ хеташ ца хилла. Ӏумар бин ХаттӀабас мохь туьйхира, и велла олуш шена хазахь, ша тур тухур ду, аьлла. Амма делахь а, Мухьаммад баккъалла а кхелхина хилла. И стенгахь дӀавуллур вара техьа? бохуш къамелаш дийцара наха. Макки чохь долу ХаьжицӀин (КаӀбат) чу дӀаволла веза иза, бохура цара. Абу Бакарас ша кхелхинчохь дӀаволла веза иза, элира. Иштта цара иза дӀавоьллина шен зудчунна Ӏаиштан чоьнан чохь.

Дуьххьара даийтина сурат

Хьираъ — хьех (Джабалун-нур) лам тӀехь, иза ю Мухьаммадан дуьххьара Къуръанан аяташ доссийна чоь.

610-чу шеран 27 Рамазан баттахь Мухьаммадан дуьххьара аяташ доссийна. Сурат аль-Ӏалакъ (ЦӀийн улх):

« Деша хьо Кхиош-кхобуш волчун цӀарца‚ Ша Ӏаламаш кхоьллина волчу! Цо адам кхоьллина цӀийн улхах детана цӀийх. Деша! Хьо Кхиош-кхобург ву уггар комаьрша верг. Иза ву Ша Ӏамийнарг адам къоламца. Цо Ӏамийра адамна цуна ца хуург. ХӀан-хӀа! Баккъалла а, адам тӀехдолу Делан дозанех. Ша шена гуш хьал долуш хиларца. Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобучуьнга ду массаран дӀадерзар. Хьуна гиний хӀай Мухьаммад и новкъарло еш верг Абу ДжаьхӀль. Лена Мухьаммад пайхамарна цо ламаз деш? Гиний хьуна и шена новкъарло йийриг нийсачу новкъахь хиллехь? Я Делах кхерарца омра деш хиллехь? Хьуна гиний и ша пайхамарна новкъарло еш волу Абу ДжаьхӀль‚ Дела харцвеш хиллехь‚ бакъдолчух дӀавирзинехь? Цуна ца хиъна-те Далла гуш дуйла? ХӀан-хӀа! И ца сацахь‚ Оха дӀаозор ву иза кӀужалца жоьжахате‚ Харц йолчу‚ къинехь йолчу кӀужалца! Цо гӀо луьйхуш кхойкхийла шен гуламе. Оха кхойкхур ду забанияташка. ХӀан-хӀа! Цо бохург ма де ахьа хӀай Мухьаммад‚ Далла сужуд де‚ Цуна герга гӀо Ӏамал ярца. 
 [1]Къуръан
»

Мухьаммад сурат

«Мухьаммад» цӀе йолуш Къуръан тӀехь сурат ду.

« بسم الله الرحمن الرحيم

1. Керстаналла а дина, кхиниш АллахӀан некъах бохийначеран Ӏамалш йохийна Цо [АллахӀа].

2. Иман а диллина, дика Ӏамалш а йина, шайн Делера Мухьаммадана тӀе доссийнарг бакъ хиларх тешначеран къиношна гечдина Цо [АллахӀа], хьал-де а тодина церан.

3. Цуьнан бахьана — керстанаш харцонна тӀаьхьахӀиттина хилар, ткъа иман диллинарш шайн Делерчу бакъонна тӀаьхьахӀиттина хилар ду. Иштта нахана церан [хьелашна] кицанаш даладо АллахӀа.

4. Шаьш [тӀеман майданахь] керстанашца дуьхь-дуьхьал нисделча, кортош даха церан. Ткъа шаьш уьш гӀелбича, гӀоьмаш тӀекъовла церан [я йийсаре балабе уьш]. Цул тӀаьхьа, я къинхетам а бай, [маьхза дӀахеца уьш], я мах эца [царех], тӀамо шен маххьаш охьадахккалц [я тӀом чекхбаллалц]. ХӀан, АллахӀ, [Шена] лиъча, йиш йолуш ву уьш Ша эшо, делахь а, шух цхьаберш вукхаьргахула зен [лиъна] Цунна. АллахӀан новкъахь дӀакхелхиначеран Ӏамалаш цкъа а эрна йойтур яц Цо.

5. Нийсачу новкъа нисбийр бу Цо уьш, церан хьал-де тодийр ду [Цо].

6. Ялсамане бохуьйтур бу Цо уьш, Ша царна йовзийтина йолчу.

7. ХӀай, иман диллинарш! Нагахь аш АллахӀана гӀо дахь, Цо шуна а дийр ду гӀо, шун когаш а чӀагӀдийр ду [Цо].

8. ХӀаллакьхилар ду керстаналла диначарна! Ӏамалаш а йохор ю Цо [АллахӀа] церан!

9. Иза — царна АллахӀа доссийнарг [Къуръан] цадезар бахьанехь ду. Цундела йохийна Цо церан Ӏамалаш!

10. Лаьтта тӀехула ца лелла-те уьш, ган а ца гина-те царна хьалха хиллачеран чаккхе муха хилла? АллахӀа хӀаллакбина уьш, ткъа [кхул тӀаьхьа а] керстанашка хьоьжуш ду цуьнах тераниг.

11. Иза — АллахӀ хиларна ду иман диллиначеран доладийрг, ткъа керстанийн доладийрг вац.

12. Боккъалла а, иман а диллина, дика Ӏамалаш йинарш [ялсаманийн] бошмашка бохуьйту АллахӀа, шайна чохь бухахула оьхуш хиш долчу. Ткъа керстаналла динарш — [цхьа кӀеззиг] зовкх хьоьгуш, юуш бу [кху дуьненахь] хьайбанех терра. Церан Ӏойла жоьжагӀати хир ю.

13. Хийла шахьарш хӀаллакьйина Оха, хьо [Мухьаммад] араваьккхинчу хьан шахьарал [Маккал] а ницкъ чӀогӀа болуш йолу! ГӀоьнчий а бацара церан.

14. Шен Делера билгалчу бакъонна тӀаьхьа возуш верг тера ву, ткъа, шайн вон гӀуллакхаш шайна хаздиначарех а, шайн догӀмийн лаамашна тӀаьхьа хӀиттиначарех а?

15. [ХӀара ду] ялсаманин сурт, Делах кхийриначарна ваӀда йина йолчу! Цу чохь ду телхаш доцчу хин татолаш а, шен чам хийцалуш йоцчу шурин татолаш а, молучарна томехь-мерза долчу чӀагӀаран татолаш а, цӀенчу мезан татолаш а. Цигахь царна кечдина массо а тайпана стоьмаш а ду, иштта церан Делера гечдар а ду. Тера бу, ткъа, уьш [ялсаманин дай] даима а жоьжагӀатехь Ӏийр болучарех, цӀийдина хи шайна мийлочарех, церан чуьйраш цоьстуш долу?

16. Царна юккъехь хьоьга ладоьгӀуш берш а бу [хӀай, Мухьаммад]. Хьо волучуьра шаьш арабевлча, шайна Ӏилма деллачаьрга элира цара: «Цо хӀун элира хӀинцца?». Ткъа уьш — АллахӀа, шайн дегнашна тӀе мухӀар а тоьхна, дӀакъевлинарш бу, шайн догӀмийн лаамашна тӀаьхьабаьзнарш а бу.

17. Нийсачу новкъа нисбеллачеран нийсонна тӀаьхьабазар совдоккху Цо [АллахӀа], царна [Шех] кхерар а ло Цо.

18. Хьоьжуш Ӏай-те уьш [къематан] сахьт доцучуьнга, цӀеххьашха шайна кхочун долчу? Ткъа хӀинцале а гучуйийлина лаьтташ ма ю цуьнан билгалонаш. Дагалацалур бу, ткъа, цаьрга хьехам, и [сахьт] шайна деана схьахӀоьттича?

19. Хаалахь, АллахӀ воцург кхин Дела цахилар, гечдар а деха хьайн къинна а, муъма-божаршна а, муъма-зударшна а. АллахӀана хаьа [дийнахь шайн хьашташна] шун дӀасалеларх дерг а, [буьйсанна] шун чудоьрзийлах дерг а.

20. Иман диллиначара олу: «[ЖихӀадан хьокъехь] сурат хӀунда ца доссийна?». Ткъа кхеташ долу сурат доссийча, шелахь хьахийна тӀом а болуш, шайн дегнаш чохь цамгар ерш гира-кх хьуна [хӀай, Мухьаммад], хьайга хьоьжуш, Ӏожалла тӀехӀоьттинчу хенахь кхетамчуьра ваьлларг санна. Царна тоьлуш дара

21. [АллахӀана] муьтӀахь хилар а, дика дош алар а. Ткъа [и] гӀуллакх [ЖихӀад дар АллахӀа] тӀечӀагӀдича, АллахӀаца даггара [я тешаме] хиллехьара гӀолехь хир ма дара царна.

22. Нагахь аш [иман дилларна] букъ тохахь, шу хила тарло лаьтта тӀехь бохамаш баржош а, шайн гергарлонаш хедош а.

23. Ишттачарна неӀалт аьлла АллахӀа, къора а болийна уьш [бакъдерг ца хезаш], бӀаьрзе а бина уьш [бакъдерг ца гуш].

24. Къуръанан ойла ца йо-те цара? Я церан дегнаш тӀехь догӀанаш ду-те?

25. Боккъалла а, нийса некъ билгал баьллачул тӀаьхьа, букъ а тоьхна, юхабирзинарш — шайтӀано Ӏехийна уьш, дехха дахар ваӀда дина царна [цо].

26. Цуьнан бахьана — цара [мунепакъаша] АллахӀа доссийнарг [Къуръан] цадезначаьрга [мушрикашка] алар ду: «Цхьадолчу гӀуллакхашкахь шуна муьтӀахь хир ду тхо». АллахӀана хууш ду цара къайлакхохьург.

27. Муха хир ду, ткъа, хьал, маликаш церан синош даха доьлча, церан яххьашна а, баккъашна а тӀе етта а етташ?

28. Иза — уьш АллахӀ оьгӀазвахана долучунна тӀаьхьахӀиттарна а, И реза хилар царна цадезарна а ду. Цундела церан Ӏамалш йохийна Цо.

29. Шайн дегнашкахь цамгар йолучарна моьттура-те АллахӀа шайн оьгӀазлонаш [хьаьгӀнаш] гучуйохур яц?

30. Тхайна лиънехьара, Оха гойтур [я бовзуьйтур] ма бара уьш хьуна [хӀай, Мухьаммад], тӀаккха бевзар ма бара уьш хьуна шайн билгалонашца. Амма, шеко а йоцуш, бевзар ма бу уьш хьуна церан тилкхаздаьллачу къамелаца [я цара буьйцучу маттаца]. АллахӀ хууш ву шун гӀуллакхех дерг.

31. Оха, билггал, зуьйр ма ду шу — Тхайна муьлш бу хаъалц шух ЖихӀад деш берш а, собаре хилларш а, [иштта] шух болу хаамаш зеллалц а.

32. Боккъалла а, керстаналла а дина, кхиниш АллахӀан некъах а бохийна, элчанна тӀаьхьара дӀахаьддачара, шайна нийсо цӀенна билгалъяьллачул тӀаьхьа, АллахӀана дан цхьа а зен дац, ткъа Цо церан Ӏамалш йохор ю.

33. ХӀай, иман диллинарш! АллахӀана муьтӀахь хила, элчанна а муьтӀахь хила, шайн Ӏамалаш йоха а ма е.

34. Боккъалла а, АллахӀа гечдийр дац, керстаналла а дина, кхиниш АллахӀан некъах а бохийна, цул тӀаьхьа керста а болуш беллачарна.

35. Мал а лой [тӀамехь], машаре ма кхайкха уьш [керстанаш], хӀунда аьлча шу — тоьлла ду кхечарел а. АллахӀ — шуьца ву, шун Ӏамалаш эшор яц Цо.

36. Боккъалла а, дуьненан дахар — ловзар, синкъерам бен бац. Нагахь аш иман а диллахь, шу Делах а кхерахь, шун ял дӀалур ю Цо шуна, я шун бахамаш а боьхур бац Цо шуьга [парз закат доцург].

37. Нагахь Цо шуьга и [бахам] бехахь, тӀедожжош а бехахь, бӀаьрмециг девр ма дара шу. Амма Цо Ӏорайохур ю шун оьгӀазлонаш [я хьаьгӀнаш].

38. ХӀан! ДӀакхойкху шуьга АллахӀан новкъахь харж яре [я сагӀина хӀума тасаре]. Амма шуна юккъехь бӀаьрмециг бевлларш бу. Ткъа муьлхха а бӀаьрмециг ваьлларг — ша-шена зенна бӀаьрмециг волуш ву. АллахӀ — хьал долуш ву, ткъа шу — пекъарш ду. Нагахь шу, букъ а тоьхна, дӀадерзахь [иманах], шу кхечу нахаца хуьйцур ду Цо, ткъа уьш шух тера а хир бац.

 [2]Къуръан
»

Кхин хьажа

Исбаьхьаллин фильмаш

Хьажоргаш

Билгалдахарш