Москван метрополитен
Хаам | |
---|---|
Маршрутан зӀе | |
Техникин хаааш |
Москван метрополитен я москвара метро (оьрсийн маттахь Московский метрополитен) — Москван сихаллин транзитан къеп (система) ю. Иштта метро лела Москван йистера гӀалашка- Красногорске а, Реутове а, Люберце а, Котельникшка а. Схьайиллина 1935-чу шарахь хӀутосург (май) беттан 15-чохь. Цу заманчохь цхьаъ бен некъ бацар, ткъа цуьнан йохалла цхьайтта километр яра. 13 станци яра метрополитенан чуйогӀуш. Советийн Бартехь хьалхара лаьттан бухара аьчканекъан система яра иза.
2019-чу шарахь Москварчу метрополитенан (Москван юккъера го а, Москван юккъера диаметраш а, Москван монорелсан некъ а боцург) юкъайогӀуш ю 232 станци. Ткъа цуьнан маршрутан йохалла 408,1 км ю.
Метрополитенан белхан тидам беш ю пачхьалкхан унитаран предприяти «Москван метрополитен» (юьззина цӀена Москван шахьаран пачхьалкхан унитаран предприяти "Москван Ленинан орденан а, ЦӀечу Къинхьегаман Байракхан орденан а В. И. Ленинан цӀарах йолу метрополитен).
Метрополитенан 233 болх беш йолу станци а, пхин станцин («Смоленскан» а, «Риган» а, «Каховски» а, «Варшаван» а, цхьанадекъа къевлина йолу «Каширски» а) реконструкци йеш ю.
Царех шовзткъа бархӀ станци Оьрсийчоьнан къаьмнийн культурин тӀаьхьало̃нан дакъа ду, шовзткъа сов станци архитектурин хӀоллам бу[1].
Пекинан а, Токион а, Шанхаян а, Сеулан а, Гуанчжоун а метрополитенаш дӀаяьлча ялхолгӀа меттиг бу москван метрон наха пайдаэцаран эвсараллех.
2024-чу шарахь Москван Ӏедалан планаца кхиъ ткъе пхиъ станци а, 58,1 километр йохалла йолу керла некъ буьллур бу[2].
Хьостанаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Московский метрополитен отмечает 75-летний юбилей . Взгляд: деловая газета. ЗАО «Взгляд.ру» (2010 шеран 15 май). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 6 сентябрь.
- ↑ Бочкарёв: 25 станций метро построят в столице за три года — Комплекс градостроительной политики и строительства города Москвы (2020 шеран 3 ноябрь).