Москван коьрта рузбан маьждиг

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Маьждиг
Москван коьрта рузбан маьждиг
Moscow 05-2017 img49 Cathedral Mosque.jpg
Пачхьалкх
Координаташ 55°46′45″ къ. ш. 37°37′37″ м. д.HGЯO
Архитектурин хатӀ Исламан архитектура
Ерриг майда
  • 18 900 квадратан метр
Сайт mihrab.ru(оьр.)
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Москван коьрта рузбан маьждиг (оьрсийн маттахь Московская соборная мечеть) Оьрсийчоьх а, Европехь а даккхийчарах цхьаъ ду[1]. Хьалхара гӀишло хьалакхиира 1904-чу шарахь. 2011-чу шарахь маьждиг дуоха а дина, цу меттехь, керла зиярт хьаладоьттина. Мещански кӀоштехь лаьтташ ду маьждиг[2]. Цуьнан адрес Оьрсийчоь, 129090, Москва, Выползов урамалг, 7 цI. ду. Маьждиган генайоцуш "Олимпийский" спортан комплекс а, "Машаран проспект" ("Проспект Мира") станцин метро а ю. 1996-чу шарахь дуьйна Москван коьртачу маьждиган территорехь къастийнчу гӀишло чохь Россин муфтийн кхеташо а, муфтий волу Равиль Гайнутдинан резиденци а ю.

Хьостанаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Московская соборная мечеть(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Живая Москва (2016, 12 май). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2016 шеран 24 июнехь. Теллина 2018 шеран 21 мартехь.
  2. Открытие Московской Соборной мечети - событие исторического масштаба. Узнай Москву. Теллина 2018 шеран 21 мартехь.