Можан налог

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Можа́н нало́гМожмаш лелочаьргара тайп-тайпана мехкашкахь йоху налогаш. Налог ца тухура дерриг чкъоьрнаш.

XVI бӀешеран Ингалс[нисйе бӀаьра | нисйе]

1535 шарахь Генрих VIII-гӀачо йукъайаьккхина можан налог. И налог йоьзна йара Маж лелочун социалан статусах. Паччахьан йоӀа Елизавета I-чо а йукъайаьккхира иштта налог, иза тухура шина кӀиранал сов йахйеллачу муьлххачу можан[1].

XVI бӀешеран Франци[нисйе бӀаьра | нисйе]

Францин олаллин а, динан дайшна а йукъахь маж лелоран мода йаьккхинарг хилира паччахь Франциск I (1515—1547). Правительство динан дайшна налог туьйхира, царал къен динан гӀуллакххоша маж йошура таро ца хиларна[2]. Маьхаза маж лелоран агӀончашна а, дуьхьала болчарна а йукъахь къийсамаш бевлира, царна йукъа гӀоьртира лакхара католикийн иерархаш маж ца маго гӀерташ. Маж а, йеха месаш а лелор ца магор схьадолура «лат. Clericus nec comam nutriat nec barbam» чуьра, маж йемал йар дийца долийра кхин а 1119 шарахь Тулузин килсан гуламехь дуьйна, амма бакъон маьӀна дан йиш йара йоца маж лело мегаш. Йуьззина маж хьарам йира 1576 шарахь кардинала Борромео Карлос, цуо арахийцира пасторан кхайкхам(ингалс.) «De barba radenda»[3].

XVIII бӀешеран Росси[нисйе бӀаьра | нисйе]

16 (27) январехь 1705 шеран омарца хӀоттийна лахара налогийн тӀегӀанаш:

{{Hider |title = 1705 шеран «Муьлххачу чинера нехан, мозгӀарийн а, килсан йозанчийн а маж-мекх дашарах, иза кхочуш дан ца луучуьнгара налог йаккхарх, налог йеллачарна билгалонаш йаларх лаьцна» омар |hidden = 1 |content =

«

2015— 16январь цӀерца.— Муьлххачу чинера нехан, мозгӀарийн а, килсан йозанчийн а маж-мекх дашарах, иза кхочуш дан ца луучуьнгара налог йаккхарх, налог йеллачарна билгалонаш йаларх лаьцна.

»

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. M. E. Sharpe, Challenge, v. 2, 1967
  2. Г. Вейс, Энциклопедия материальной культуры, Внешний вид народов с древнейших до наших времён, гл. 10
  3. The Catholic encyclopedia, v.2, 1913, статья Beard (автор Herbert Thurston)