Михайлов, Николай Матвеевич

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Николай Матвеевич Михайлов
Вина терахь 1902 шеран 19 декабрь({{padleft:1902|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:19|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1965 шеран 30 ноябрь({{padleft:1965|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:30|2|0}}) (62 шо)
Кхелхина меттиг:
Эскаран тайпа пехота[d], Пограничные войска КГБ СССР[d]
Дарж инарла-майор[d]
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза
орден Ленина орден Красного Знамени орден Суворова II степени орден Богдана Хмельницкого II степени орден Богдана Хмельницкого орден Отечественной войны I степени орден Отечественной войны медаль «За боевые заслуги» медаль «За оборону Москвы» медаль «За победу над Германией в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» юбилейная медаль «Двадцать лет Победы в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» юбилейная медаль «XX лет Рабоче-Крестьянской Красной Армии» юбилейная медаль «30 лет Советской Армии и Флота» юбилейная медаль «40 лет Вооружённых Сил СССР»
почётный сотрудник госбезопасности
орден Заслуг Венгерской Народной Республики

Николай Матвеевич Михайлов (1902 шеран 19 декабрь, Майкоп, Кубанан область[d]1965 шеран 30 ноябрь, Москох) — эскаран хаьким, генерал-майор, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Советски Союзан Турпал.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Михайлован каш.

Вина 1902 шеран 19 декабрехь Майкопехь (хӀинца Адыгеехь) белхалон доьзаллехь. Цо чекхъяккхира 7 класс. 1909 шо дуьйна иза Ӏаш вара Соьлжа-ГӀалахь. 1913 шеран дуьйна иза болх беш вара. 1915 шарахь иза волавелира Соьлжа-ГӀалан эчиг некъан депохь слесарин гӀонча. 1917 шеран декабрь дуьйна иза ЦӀен Эскаран белхалойн дружинехь. Цо дакъа лецира БӀе дийнахь бина тӀамехь. Соьлжа-ГӀала Деникинс схьаяккхинчул тӀаьхьа цуьнан къайлавала дийзира[1].

1920 шеран апрелехь ЦӀен Эскарас Соьлжа-ГӀала схьаяккхича иза оцу эскарн декъашхо хилира. Михайловс Граждански тӀамехь дакъа лецира. Иза вара 11-гӀа армин 28-гӀа кхиссархойн дивизин салти. 1920 шеран июнь дуьйна иза вара оцу дивизин ВЧК ша-тайпа декъан белхало. 1920 шеран октябрь дуьйна Михайлов вара 1-ра Москван дошлойн дивизин ша-тайпа декъан белхало. 1921 шо дуьйна иза ВКП(б) декъашхо вара. Цо Зангезурехь тӀом бира дашнакийн дуьхьула. 1924 шеран апрель дуьйна иза вара Ленинаканахь хилла Кавказан армин 3-гӀа кхиссархойн дивизин ша-тайпа декъанан белхало. 1924 шеран июлехь иза дӀахьажийра дозанан эскаран ОГПУ Ленкоранан 39-гӀа дозанан отряде. 1926 шеран июнь дуьйна иза вара ОГПУ 43-гӀа Геоктапински дозанан отрядан комендантан гӀонча. Цул тӀаьхьа иза деша хьажийра[1].

1932 шарахь Михайловс чекхъяккхира Москвахь йолу 3-гӀа доза лардаран школа. ТӀаккха иза Геоктапински отряде юхавеара. 1933 шеран июль дуьйна иза вара 44-гӀа Ленкоранан дозанан отрядехь куьйгалхон гӀонча. 1935 шеран декабрь дуьйна Михайлов вара 3-гӀа доза лардаран школехь болх беш. 1938 шеран ноябрь дуьйна вара СССР НКВД коьрта урхаллан талламан декъан белхало[1].

Советско-фински тӀеман декъашхо. Цу хенахь иза вара 9-гӀа армин 2-гӀа дозаллин полкан куьйгалхон когметтаниг. И полк яра Кандалакшан тӀебоьду некъахь тӀом беш. Цу тӀамехь гайтина майраллина цунна мидал елира[1].

1941 шарахь Михайловс чекхъяккхира РККА эскаран академин суьйренна дакъа. 1941 шеран июлехь полковник Михайлов хӀоттира 249-гӀа кхиссархойн дивизин 917-гӀа кхиссархойн полкан куьйгалхо. 1941 шеран 7 октябрь кхаччалц дивизи яра Осташков гӀалан уллехь дуьхьаллонан тӀемаш беш. Цу шеран ноябрехь хӀоттира оцу дивизин штабан куьйгалхо[1].

1942 шеран майхь Михайлов хӀоттира 78-гӀа кхиссархойн дивизин куьйгалхо. Иза лаьттира оцу дивизин коьртехь кхаа шарахь. Цу шеран 30 июлехь и дивизи Калинин фронтан 30-гӀа армин юкъа а яхара, хьалхара Ржевско-Сычёвски операцехь дакъа лаца а йолаелира. Ржев уллехь немцойн оборонех чекхъяла гӀерташ хенахь кхаа динахь бина тӀемашкахь дивизин ах салти хӀаллакбира. 1942 шеран декабрехь дивизи тӀеман юкъара дӀаяккхира цунна хилла зен меттахӀоттадархьам[1].

1943 шеран январехь дивизис дакъа лецира Ворошиловградан тӀелатаран операцехь. Февралехь дивизис 3-гӀа гвардин армехь юкъахь дивизис дакъалецира Харькован дуьхьаллонен операцехь. 1943 шеран июлехь дивизис тӀом бира Северский Донец хил дехьа плацдарм схьаяккха гӀерташ, амма массийтта динахь хала тӀемаш бинчул тӀаьхьа иза куьгалхонан омра бахьнехь йита дизира. 1943 шеран августехь дивизи яра Донбассан тӀелатаран операцехь дакъа лоцуш. 20 сентябрехь дивизи тӀекхечира Запорожье улле, 14 октябрехь советан эскарас и гӀала схьаяккхира. И кхиам бахьнехь дивизин «Запорожская» цӀе тиллира, Михайлован генерал-майоран дарж делира[1].

Ноябрехь дивизи юкъа йогуш йолу 46-гӀа арми яра Днепран малхбузе бердан тӀехь ЦӀен Эскаран хих дехьаяла аьтту бан гӀерташ тӀелеташ долу мостагӀийн эскараш юхадетташ. 1944 шеран январь дуьйна дивизи яра Кировоградан а, Уманско-Ботошански а, Ясско-Кишенёван а, Бухарестан-Арадан а, Дебреценан а, Будапештан а тӀелатаран операцишкахь дакъа лоцуш. Оцу операцишкахь дивизис шен тӀеман говзалла къаьстина гайтира Яссы а, Фокшаны а (Румыни), Дебрецен а, Мишкольц а (Венгри) гӀаланаш мукъйоккхуш. 1945 шеран февралехь дивизис дакъа лецира Будапешт мукъайоккхуш[1].

1945 шеран 6 мартехь йолаелира Балатонан дуьхьаллонан операци. МостагӀан эскарш оцу деношкахь массийттуза тӀелетир. 10 мартехь дивизин аьтту фланган тӀелетира 70 танк а, 20 бронетранспортёр а, ши полк гергга гӀашсалтий а. Цаьрца цхьане дивизин юкътӀе тӀелетира 30 танк а, 10 бронетранспортёр а, цхьаъ гашсалтийн полк а. Оцу динахь дивизис юхутуьхуьра 8 немцойн тӀелатар. 12-13 мартехь дивизин тӀелетира 150 танк а, 60 бронетранспортёр а. Немцой дивизин дуьхьаллонан мела меттиг схьакаро гӀерташ маьӀ-маьӀнахь тӀелетара. Оцу деношкахь немцойн 13 тӀелатар юхатуьхуьра дивизис. Оцу тӀемашкахь цо хӀаллакйира 89 танк а, 30 бронетранспортёр а, 7 йоккха топ а, 16 миномёт а, 60 пулемёт а, 48 маше а, 2650 салтий а, эпсар а[1].

1945 шеран 28 апрелехь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца Михайлован Советски Союзан Турпалан цӀе елира[1].

1945 шеран мартехь дивизи тӀом беш дина Малхбузе Венгрех а, Австрин дозанех а чекх а елира, масийтта гӀала схьа а яккхира. 1945 шеран 16 апрелехь Михайлов мостагӀа тӀеятташ йолу пулемётан къеланисвелира. Цуьна шинна а коган чевнаш йинера, амма цо некъар дӀа а ваьлла мостагӀан тӀе автомат йиттира ша кхетамчохь маьлволу. И чевнаш бахьнехь цуьнан цхьа ког дӀабаккха бийзира[1].

1946 шеран октябрехь иза госпиталера аравелира. Цу шеран ноябрехь иза Ворошилован цӀарах йолу Эскаран лакхара академин хьехархо хилира. 1953 шеран июлехь иза тӀеман Ӏилманийн кандидат хилира. 1958 шеран октябрехь цамгар бахьнехь цуьнан болх бита дийзира. Иза Москвахь Ӏаш вара. ТӀамехь йина чевнаш бахьнехь иза велира 1965 шеран 30 ноябрехь[1].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1988. — Т. 2 /Любов — Ящук/. — 863 с. — 100 000 экз. — ISBN 5-203-00536-2.
  • Коллектив авторов. Великая Отечественная: Комдивы. Военный биографический словарь. Командиры стрелковых, горнострелковых дивизий, крымских, полярных, петрозаводских дивизий, дивизий ребольского направления, истребительных дивизий. (Ибянский — Печененко). — М.: Кучково поле, 2015. — Т. 4. — С. 836—838. — 330 экз. — ISBN 978-5-9950-0602-2.
  • Сиджах Х. И. Твои Герои, Адыгея: очерки о Героях Советского Союза. — Майкоп: Адыгейское республиканское кн. изд-во, 2005. — 416 с. — 1000 экз. — ISBN ISBN 5-7608-0459-6.
  • Сиджах Х. И. Герои России из Адыгеи. — Майкоп: Полиграф-Юг, 2011. — 116 с. — ISBN 978-5-7992-0668-0.
  • Герои огненных лет. — М., 1985. Кн. 8. — С.555—562.
  • Золотые Звёзды Чечено-Ингушетии. 3-е изд. — Грозный, 1985. — С.126—132.
  • Кубани славные сыны. — Краснодар, 1985. Кн. 2. — С.158—160.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]