Миглиниекс, Игорс

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Миглиниекс, Игорс
латыш. Igors Miglinieks
Карьера чекхйаьккхина
Позици ТӀелета турсло
Локхалла 192
Возалла 96 килограмм
Гражданалла
Вина терахь 1964 шеран 4 май({{padleft:1964|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:4|2|0}}) (59 шо)
Вина меттиг Рига

Мидалш
Олимпийн ловзарш
Деши Сеул 1988 баскетбол

Миглиниекс Игорс Янович[1](латыш. Igors Miglinieks; вина 1964 шеран 4 майхь, Ригехь, Латышийн ССР, ССРС) — советий а, латышийн а баскетболхо. Локхалла — 192 см. ТӀелета турсло. ССРС спортан хьакъ долу говзанча (1988).

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Да Миглиниекс Янис левзира ригин ВЭФ йукъахь. Ваша Миглиниекс Раймонд (1970 шарахь вина) — профессионалан баскетболхо, ЦСКА хилла ловзар дӀахьо баскетболхо.

Жима волуш дуьйна баскетболе марзвелира. Ден гӀоьнца вежаршна Ӏемира волейболех, теннисех, футболех, бадминтонех ловза, канкеш хехка, нека дан. Игорс бераллехь лийлира балан хелхаршка а, Латвин чемпионвара балан хелхаршкахь а, баскетболехь а. ТӀаьххьара хаьржира баскетбол.

16 шо долуш кхечира ригин ВЭФ йукъа, сихха коьртачу хӀоттамехь ловза волавелира.

1986 шарахь, ЦСКА (Москох) йукъахь ловзуш хилира «валютан девнан» декъахо, оцу хенахь дозанал арахьара турнирера цӀабогӀуш таможнехь цуьнгахь валюта карийра. Дисквалификаци а йина, эскаран декъан дозанехь латтийра.

1988 шарахь дисквалификаци дӀайаьккхира, цуо таро йира кепе а ваийта а, Сеулера Олимпиаде йоьду гулйина командин йукъа кхача а.

1992 шарахь, Латвин баскетболан федерацин Ӏаткъаме хьаьжна ца Ӏаш, Миглиниекса а, кхин гӀараваьлла латвин баскетболхочо Ветра Гундарса а сацам бира Барселонера Олимпийн ловзаршкахь Цхьаьнатоьхна командехь ловза, хӀунда аьлча цуьнан ловзархоша ССРС йохале барт бинера цхьаьна Олимпиадехь ловза[2]. Цхьаьнатоьхна гулйина командо йоьлгӀа меттиг йаьккхира турнирехь.

1992 шарахь дуьйна левзира Германин, Литван, Болгарин, Македонин, Швейцарин командашкахь. Карьера чекхйаьккхира «Олимпасехь» (Плунге, Литва) (1996/97).

Латвехь тренер болх бира (Латвин гулйина командехь, БК Броценихь), Украинехь (БК «Киев»). 2003/04 шарахь коьрта тренер болх бира суперлигин «Арсенал» клубехь. Казлаускас Йонасца цхьаьна шина шарахь болх бира Цийчохь.

Шозза чемпионан дарже кхачийра АЕЛ (Кипр).

2008 шарахь коьрта тренер хилира Петарбухан «Спартакан».

ХӀинца — БК «Донецк» тренер[3].

Кхиамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • ССРС чемпион 1988
  • Олимпийн чемпион 1988. ОЛ-1992 декъахо (Цхьаьнатоьхна командин йукъахь 4-гӀа меттиг).
  • Латвин чемпион 1991

Доьзал[нисйе бӀаьра | нисйе]

Зуда йалийна ву. Йалх бер ду (воккхаха волу кӀант Эдвардс).

Хьосташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • 100 лет российского баскетбола: история, события, люди: справочник / Автор-составитель В. Б. Квасков. — М.: Советский спорт. — 274 с.: илл. ISBN 5-9718-0175-9

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]