Меттигниг дожар
Арахьара хатӀ
Меттигниг дожар (лат. locativus, оьрс. местный падеж) - хӀокха дожаро цӀердешца билгалйакхана хӀума мичахь йу гойту. ЦӀердешан меттигниг дожаро дукха хьолах объект йолу меттиг, йе объект мичахь хир йу гойту. Меттигниг дожаро жоп ло «стаьнга?» йа «хьаьнга?»[1].
Меттигниг дожар нохчийн маттахь
[бӀаьра нисйан | нисйан]Нохчийн маттахь меттигниг дожаро - дешдерг тӀехьажийна йолу меттиг, стаг йа хӀума, гойту[2].
Меттигниг дожаро - «стаьнга?» йа «хьаьнга?» хаттарашна жоп ло[3].
ХӀокх дожаре чакхенаш цхьаалин терахехь ишта хуьлу: -е, -ча; дукхалин терахехь: -ка.
Масала:
- Дени веара тхоьга селхана. ( хьаьнга веара? )
- - Охьаховша, элира хьехархочо берашка. ( хьаьнга элира? )
- Ломан хьаннашка йухаеанера пхьагал. ( стаьнга йухаеанера пхьагал? )
- Де суьйрене делира. (стаьнга делира де? )
- Со дадица лома вахара. ( стаьнга вахара? )
- Со ВисхангӀаьрга буьйсайакха гӀур ву. ( хьаьнга гӀур ву? )
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ А.И. Халидов. .
- ↑ .
- ↑ Infourok Ц1ердош а,билгалдош а .Карладаккхар. 4 кл . Инфоурок. ТӀекхочу дата: 2024 шеран 6 июль.