Метаболизм

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Метаболизм
Myoglobin.png

Метаболизм я хӀумаллийн хийцам- садолу хӀуманаш чохь дахар латтадан оьшуш йолу химийн реакцеш ю. Оцу процессаш организман хьала кхиа а, деба а, шен дӀахӀоттам ларба а гӀо до.

Метаболизман ши мур бу: катаболизм а, анаболизм а. Катаболизм йолчу муьрехь чолхе чархан (органически) хӀуманаш цхьалхечу кепе телха, цу хьолехь цара энерги къастайо. Ткъа анаболизман процессехь цхьалхе хӀуманаш чолхечу хьоле синтез йо.

ХӀумаллийн хийцаман химийн реакцийн серех метаболикан некъаш олу. Ферменташ дакъалацарца, цу юккъехь, цхьайолу биологин маьӀне молекулаш хадданза кхечу кепе хийцало.