Чулацаман тӀегӀо

Масудов, Вахьид Юнусан воӀ

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Масудов Вахьид
Йуьззина цӀе Масудов Вахьид Юнусан воӀ
Вина терахь 1959 шеран 10 октябрь({{padleft:1959|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:10|2|0}})[1] (66 шо)
Вина меттиг
Гражданалла
Локхалла 177 сантиметр
Позици ахтурсло
Информаци клубех
Клуб Кхазакхстанан байракх Аксу
Клубнан карьера[* 1]
1977 Байракх ССРС Химик (Джамбул)
1978 Байракх ССРС Хорезм ? (2)
1979 Байракх ССРС Мелиоратор (Кзыл-Орда) ? (5)
1980—1989 Байракх ССРС Кайрат 242 (25)
1990 Байракх ССРС Терк 33 (13)
1991 Байракх ССРС Кайрат 33 (4)
1992 Кхазакхстанан байракх Кайрат 19 (0)
1993 Кхазакхстанан байракх Достык 24 (5)
1993—1994 Германин байракх Пройссен 07 22 (1)
1994 Германин байракх Гёттинген 05
1994 Кхазакхстанан байракх Актюбинец 15 (2)
1995 Кхазакхстанан байракх Елимай 27 (5)
1996—1997 Кхазакхстанан байракх Кайрат 31 (6)
Къоман гулйина команда[* 2]
1992—1996 Кхазакхстанан байракх Кхазакхстан 10 (0)
Тренеран карьера[* 3]
1990 Байракх ССРС Терк тренер
1993 Кхазакхстанан байракх Достык (Алма-Ата) ловза тренер
1994 Кхазакхстанан байракх Актюбинец ловза тренер
1995 Кхазакхстанан байракх Елимай ловза тренер
1996—1998 Кхазакхстанан байракх ЦСКА-Кайрат
1999—2000 Кхазакхстанан байракх Тараз
2000 Кхазакхстанан байракх Шахтёр-Испат-Кармет
2001 Кхазакхстанан байракх Кайрат
2001—2002 Кхазакхстанан байракх Кхазакхстан
2002 Кхазакхстанан байракх Восток-Алтын
2003 Кхазакхстанан байракх Актобе-Ленто
2004 Кхазакхстанан байракх Жетысу
2005—2006 Кхазакхстанан байракх Шахтёр (Караганда)
2006—2008 Кхазакхстанан байракх Кайрат
2009 Кхазакхстанан байракх Локомотив (Астана)
2009—2010 Кхазакхстанан байракх Атырау
2010—2011 Кхазакхстанан байракх Восток
2012—2013 Кхазакхстанан байракх Кайрат
2013 Кхазакхстанан байракх Ордабасы
2014 Кхазакхстанан байракх Астана-1964
2015 Кхазакхстанан байракх ЦСКА
2016 Кхазакхстанан байракх Кхазакхстан (21 шо кхачанза)
2016—2017 Кхазакхстанан байракх Акжайык
2018 Кхазакхстанан байракх Атырау
2019 Кхазакхстанан байракх Тараз
2021 Кхазакхстанан байракх Мактаарал
2021 Кхазакхстанан байракх Актобе
2022 Кхазакхстанан байракх Кхазакхстан (19 шо кхачанза)
2022 Кхазакхстанан байракх Шахтёр (Караганда)
2023—хӀ. а. Кхазакхстанан байракх Аксу
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.
  2. Официалан матчашкахь къоман тобанан ловзарийн а, голийн а барам.
  3. карладаьккхина 2023 шеран 2 майхь.

Масу́дов Вахьи́д Юну́сан воӀ (1959 шеран 10 октябрь[1], Тараз) — советийн а, Кхазакхстанан а футболист, ахтурсло. Левзина Кхазакхстанан гулйина командехь. ССРС спортан говзанча (1986). Тренерийн «А» категори йу[2].

Масудовн да-нана 1944 шарахь махкахдаьккхина Нохч-ГӀалгайчуьра Кхазакхстане. Да шофер вара йаккхий машенаш тӀаьхь, нана — штукатур-маляр. Хьалха уьш ховшийра Караганда улле, тӀаьхьа уьш кхелхира Джамбуле. Доьзалехь кхоалгӀа бер дара (баккхий ваша а, йиша а ду).

Кертахь футболах ловзуш дӀаволавелира иза. 11 шо долуш цо а, цуьнан накъосташа а кегийрхойн спортан ишколе деша йазвала дехар дина, амма деша дӀаэцар чекхдаьлла хиларна, уьш тӀе ца эцна. Амма дукха хан йалале Вахьид ловзуш а, тренералла деш а волу Шох Антонан воккхах волу ваша Александр лакхарчу классийн тобано дика гайтира гӀалин чемпионатехь (кхоалгӀа меттиг а йоккхуш). Цул тӀаьхьа Масудов тӀеийцира кегийрхойн спортан ишколе. Цуьнан дуьххьарлера тренер вара Рекашов Александр Сергеевич. Джамбулан кегийрхойн тобанехь волуш иза левзира «ТӀаьрсиган буьрка» турниран финалехь.

16 шо долуш, деца къамел динчул тӀаьхьа, сацам бира, футбол шен говзалла йу аьлла. ЖамӀехь 1977 шарахь говзанчийн команде «Химик» (Джамбул) йукъа ийцира, ткъа оцу шеран бӀаьста дебют йира командехь.

Цул тӀаьхьа шо даьлча, иза дехьавелира Ханкерчу (Хорезман область) «Хорезм» (футболан клуб) тобане, «Химик» тобанан хиллачу ловзархочун Каскиниди Христофоран рекомендацица. 1978 шеран гурахь Джамбуле йухавеъча, цуьнга эскаре дӀакхайкхаран хаам кхаьчна, Кзыл-Ордерчу «Орбита» (футболан клуб) тобанца гӀуллакх дан хьажийна. Иза комсомолан декъашхо вара[3].

1980-чу шарахь иза кхайкхира Алма-Атахь перспективан тоба кхуллуш волу Кайратан тренера Волчок Игорь Семеновича. Шен дуьххьарлера матч цо йира Кайратан агӀор апрель беттан 7-чу дийнахь Тиблисехь меттигерчу «Динамо» тобанца: Масудов йукъахийцира матч йоьдуш йолуш, Мачаидзе Манучар ларве аьлла. Кайрат ледара ловзуш йара, 3:0 эшна, амма массара а гӀортор йира къоначу ловзархочунна, дог иракарахӀоттийра цуьнан ловза дог-ойла латто[4].

Амма 1980 шеран аьхка низам дохорна дӀахьажийра Кзыл-Орде. Бутт баьккхира «Орбитехь», цул тӀехьа дӀакхайкхира «Кайрате».1980 шеран шолгӀачу декъехь хилла ваьлла коьртачу командин ловзархо вара. Командин капитан а, лидер а вара[5].

1985 шарахь Москохахь Ӏаморан лагере кхайкхира иза ССРС гулйина тобанан коьртачу тренеро Малофеев Эдуарда. Хьалхарчу ловзарехь гол тоьхна цо, амма шолгӀачу ловзарехь чӀогӀа лазийра — ког кагбира, гола чурайоккхуш. И бахьана долуш ши бутт сов хан йаьккхира цо Ӏасанаш тӀехь, 6 баттахь футболах дӀа а къаьстина. 1986 шарахь иза йуха а майдане веара, гӀо дира тобанна цу шарахь советийн заманан уггаре а дика жамӀаш дан — лакхарчу лигехь ворхӀалгӀа меттиг баккха.

1990 шарахь цхьа шо даьккхира «Теркехь», цу йукъахь ловза аьлла дехар динера дас[4]. 1991 шарахь йухавеира «Кайрате», цунна йукъахь кхин а 2 шарахь левзира.

1992 шеран 1 июнехь Кхазакхстана футболан къоман тобанехь дебют йира Йуккъера Азин кедан турнирехь Туркменистанан футболан къоман тобанца цӀахь хиллачу матчехь. Къоман тобанехь 10 матч левзира иза, цуьнан капитан а хилла.

1993 шарахь левзина «Достык» клубехь, цигара 1993 шеран гурахь ловза дӀавахара Германе Оберлигин «Пройссен 07 Хамельн» клубе. Кхин а левзира немцойн «Гёттинген 05» клубехь.

Германера цӀавирзина, ловза тренер хилира «Актюбинец» клубехь. 1995 шарахь левзина «Елимайхь».

1996 шарахь дуьйна тренеран болх бира. «Кайратан» куьйгалла дира, ловзуш а волуш. 1999 шо чекхдаьлча йитина команда.

1999 шеран августехь коьрте хӀоьттира «Таразан». 2000 шеран июнехь жоп делира карагандан клубан «Шахтёр-Испат-Карметан». Шеран жамӀехь 5-гӀа меттиг йаьккхира.

2001 шарахь йуха а веара «Кайрат» йукъа, цигахь сецира август кхаччалц. 2001—2002 тренер вара Кхазакхстанан гулйина командин, амма баккхий кхиамаш ца бехира[6].

2002 шарахь коьртехь вара «Восток-Алтын» командин. 2003 шарахь схьаийцира «Актобе-Ленто» команда, амма командехь июль кхаччалц бен болх ца бира[7]. 2004 шарахь болх бира «Жетысу» клубаца.

2005 шарахь коьрте хӀоьттира Карагандан «Шахтёран»[8]. Командехь дуккху беттанашкахь алап луш ца хиллехь а, ловзархой дог-ойла хӀора матчехь толам баккха лууш бара, жамӀехь 4-гӀа меттиг йаьккхира цу шарахь[6]. 2006 шеран апрелехь йитира команда 3-гӀа тур дӀайаьлча, «Шахтёр» ийшира петропавловскан «Есилан» чот 1:2 йолуш[9]. Цул тӀаьхьа цхьаьна шарахь болх боцуш Ӏийра[10].

2006-чу шарера 2008-чу шаре кхаччалц цо куьйгалла дира «Кайратехь». Шен тӀаьххьарчу шарахь тобанна финансийн халонаш нисйелира, эххар а Масудов декхаре хилира тобанца дӀасакъаста а, Астанера «Локомотиван» кхайкхам тӀеэца а[11]. Амма «Локомотивехь» дукха хье ца велира — 2009 шеран февралехь, Кхазакхстанан чемпионат йолайала цхьа кӀира дисчи, шен лаамца балхара дӀавелира[12].

Ловзархочун

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Ловзархо санна Масудов гӀаравелира шен техникица, буьрканца кӀеда хиларца[4].

Зуда Наталия йелла 2011 шарахь[13]. Кхо йоӀ йу.

Керла зуда Масудова Олеся, церан кӀант хилира, Юнус цӀе йолуш, 2008 шархь вина[14].

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. 1 2 Vakhid Masudov // Transfermarkt.com(бил-боцу.) — 2000.
  2. Вахид Масудов получил категорию «А». ТӀекхочу дата: 2011 шеран 3 январь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2010 шеран 15 февралехь
  3. Толчинский В. Д., Исаев М. А. Контуры сезона-87 // Футбол-1987. — Алма-Ата: Издательство ЦК Компартии Кхазакхстана, 1987. — С. 39. — 87 с.
  4. 1 2 3 Вахид Масудов: «Футбол — это книга, которую в разном возрасте понимаешь по-разному». ТӀекхочу дата: 2012 шеран 14 июнь. Архивйина 2014 шеран 27 февралехь
  5. Вахид Масудов: у наших Берндов есть чему учиться. ТӀекхочу дата: 2011 шеран 3 январь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2010 шеран 20 декабрехь
  6. 1 2 Кто есть кто. Вахид Масудов. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 14 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 11 февралехь
  7. Футбол: итоги сезона. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 15 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 23 июнехь
  8. «Шахтёр» настроен попасть в шестёрку. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 14 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2019 шеран 13 январехь
  9. Вахид Масудов ушёл из «Шахтёра». ТӀекхочу дата: 2012 шеран 14 июнь. Архивйина 2019 шеран 14 январехь
  10. Вахид Масудов: Устал отдыхать(ТӀе цакхочу хьажорг)
  11. Вахид Масудов: «Уходить из „Кайрата“ нелегко»(ТӀе цакхочу хьажорг)
  12. «Локомотив» без тренера
  13. Соболезнуем Вахиду Юнусовичу! ТӀекхочу дата: 2012 шеран 15 июнь. Архивйина 2018 шеран 25 июлехь
  14. Прямая линия с Вахидом Масудовым