Мария-Луиза Австрийн

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци a, Лахар
Мария-Луиза Австрийн
Maria Luigia of Austria, duchess of Parma.jpg
Францин императр-аьзни
 — 1814 шеран 6 апрель
Хьалха хилларг: Жозефина Богарне
Когаметтаниг: Мария Амалия Неаполан
 — 1847 шеран 17 декабрь
Хьалха хилларг: Фердинанд I
Когаметтаниг: Карл II
 
Пачхьалкх: Flag of the Habsburg Monarchy.svg Австри
Дин: Руман-Католикийн килса
Йина: 1791 шеран 12 декабрь({{padleft:1791|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:12|2|0}})
Вена, Австри
Кхелхина: 1847 шеран 17 декабрь({{padleft:1847|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:17|2|0}}) (56 шо)
Парма, Итали
Каш долу меттиг: Императоран маьлхан кешнаш
Бакъ цӀе: фр. Marie-Louise d'Autriche
нем. Marie-Louise von Österreichфр. Marie-Louise d'Autriche
нем. Marie-Louise von Österreich
Да: Франц II
Нана: Мария Тереза Бурбон-Неаполан
Майра: 1-ра: Наполеон I
2-гӀа:фон Нейпперг Адам Альберт
3-гӀа: Карл-Рене де Бомбель
Бераш: 1-чу марех:
кӀант: Наполеон II
2-гӀа марех:
йоӀ: Альбертина ди Монтенуово
кӀант: Вильгельм Альберт ди Монтенуово
 
ТӀеман гӀуллакх
 
СовгӀаташ:
Black ribbon bar - general use.svg Сийлахь Георгийн орденан Константинан Йоккха жӀар
Малтийн орденан Йоккха жӀаран Сийн а, Тешамаллин а кавалер (зуда) Къилба жӀаран орденан Йоккха жӀаран кавалер

Мария-Луиза Австрийн (нем. Marie-Louise von Österreich; 12 декабрь 1791(17911212), Вена17 декабрь 1847, Парма) — 1806 шарахь Австрин император хилла волчу Франц I-чун, Сийлахь Руман империн императоран Франц II-гӀачун йоӀ, Мария-Антуанеттин вешийн кӀентан йоӀ. Наполеона I-чун шолгӀа зуда, 18101814 шерашкахь Францин императр-аьзни. Наполеона дарж дитича — Парман, Пьяченцан, Гвасталлан герцог-аьзни.

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

ТӀом чекхбаьлча 1809 шарахь Наполеона, Жозефина Богарне йитина, шен зуда хаьржира Мария-Луиза, 1810 шеран 1 апрелехь церан мах бира кардинала Феша Парижехь. Австрийн векал Шварценберг волчохь, ловзар чекхделира цӀеяларца.

1811 шарахь Мария-Луизас кӀант вира Наполеон, цунна императоро руман паччахь дарж делира.

1812 шарахь Мария-Луиза яхара Наполеонца Дрездене монархийн гуламе. Императоро Россехь тӀом бечу хенахь, иза императоран декхарш кхочушдеш яра Парижехь; латтийра регенталла 1813—1814 шерашкахь а. Париж яккхале, 1814 шарахь император-аьзни кхелхира Блуа. Наполеона дарж дитича уьш бехира Шёнбруннехь. Историко Андре Кастелос шен жайнахь «Наполеонан кӀант» дийцарехь, императорца къаьстинчул тӀаьхьа шен кӀант кхиорехь кӀезиг терго йора, иза шен дех тера ву бохуш. ТӀаьхьо иза йист а ца хуьлура цуьнга, наггахь кехат яздора Пармера Вене.

Цуьнан обер-гофмаршал хӀоттийра австрийн инарла граф фон Нейпперг Адам Альберт, Наполеон даржехь волчу хенахь дуьйна а цуьнан везар хилла волу. 1817 шарахь цуо йоӀ йира, ткъа 1819 — кӀант (хӀара хаамаш а балийна Андре Кастелос). КъуотгӀала бераш дар ехачу хенахь лечкъийра австрийн императорах а, Мария-Луизин дех. Наполеон велла 1821 шарахь, тӀаккхий бен Мария-Луизега мах ца банбелира Нейппергца 1821 шеран 8 августехь.

1816 шарахь Мария-Луизас тӀелецира шена Фонтенблохь бинчу бартаца елла императоран сийлаллин титулца Парман, Пьяченцан, Гвасталлан урхалла. Парме кхелхина, цуо шен долара гӀала йира, шортта безарш болуш. Граф Нейпперг веллачул тӀаьхьа (22 февраль 1829 шо) Мария-Луиза кхин цкъа а мааре яхара графе Карл-Рене де Бомбеле (17 февраль 1834 шо). Пармехь цуьнан урхаллин муьрехь тӀайнаш, дарбанцӀенош, ишколаш йира. Театр ян йолийра, гӀалин бахархой хӀинца а баккхийбеш бу цунах. Мария Луиза йисина жимачу герцогаллехь нахана уггар дукха еза урхалча.

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]