Маржинализм

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо

Маржинализм (фр. marginalisme, лат. margo (marginis) — йист) —экономикин Ӏилманан некъ бу, шуьйра лелайо анализан методаш, операци а йина кхоьллина йолу «йисттерчу» (аьлча а дебаран) экономикин кхетамца. Маржинализм коллаелла XIX бӀешеран 70-гӀа шерашкахь «маржиналистийн революци» йолуш, иза кхоьллина лору Ӏилманчаша К. Менгер, У. С. Джевонс, Л. Вальрас[1][2]. Маржинализма теоретикан некъ каро тарло А. Курнон, Ж. Дюпюин, И. фон Тюненан, Г. Госсенан хьалхарчу белхашкахь[3][4].

Маржинализм кхоллаяларан коьрта бахьна некъаш лахар иэшар лору, оцу некъашца кхолларан гӀуллакхаш оптимуман жамӀаца иза лелоран конкуренци йолчу агӀонашна юкъахь дӀасадоькъур долуш долу. Экономикин теорин парадигма цунах тера хийцар, шен рогӀехь, промышленность а, прикладан Ӏилманаш а чехка кхиарх доьзна дара.

Маржинализман ладаме элементаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Йисттера яккхийлаш лелаяр.
  2. Субъективизм, аьлчи а, массо экономикин хиламаш толлуш а, мах хадош а болу цхьаьна бахаман субъектаца некъ.
  3. Гедонизм бахаман субъектов. Маржиналисташна стаг го ша реза варан максимализаци ешйолу Ӏалашонан рационалан садола хӀума санна.
  4. Статичность. КӀезиг йолу ресурсаш Ӏамаяр лелор хӀинцца долу адамийн хьашташ кхочушдархьама.
  5. Арахецаран сферан классикийн экономикин анализехь йолчух тера йолу приоритеташ дӀаяхар.
  6. Базаран экономика нийсаллин система санна хетар[5].

Кхиаран муьраш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Пайданаллин принципах а, йисттера амалах а экономисташ кхетар XIX бӀешерал дуккха а хьалха хилла. Экономикин ойланан субъективан хьалхенан анализ йолийна Аристотела. ЮккъерабӀешерашкара схоласташ иштта кхиайора пайданаллин теори, Аристотелах лелаш. Серлонан муьрехь дукхаха болчу авторша тоеш яра хӀара концепци. Царна юкъахь бара французин экономисташ аббат Кондильяк, А. Тюрго, италхойн аббат Ф. Галиани, граф Верри Пьетро (1728—1797), Карли Джованни-Ринальдо, Беккариа Чезаре (1738—1794), швейцарийн математик Д. Бернулли, ингалсан экономист а, финансист а Д. Ло.

XIX бIешеран французийн прото-маржиналисташна юкъахь билгалбаха мегар ду Изнар Ашилля-Николя (1749—1803), Канар Николя-Франсуа (1750—1833), Дестют де Траси Антуан (1754—1836), «революционер» Л. Вальрасан да — О. Вальрас. Немцойн маржинализмахьалханчийн тептар шордан мегар ду К. Г. Рау, Ф. фон Германнан, Х. фон Мангольдтан чоьтаца. Ингалсан прото-маржиналисташ гойту Оксфордан-Дублинан ишколо (The Oxford-Dublin Proto-Marginalists) — С. М. Лонгфилда, Форстер Ллойд Уильяма (1795—1852), Н. Сениора, ткъа иштта Дж. Рес, Г. Маклеода, Чарльз Флеминг Дженкин Генрис (1833—1885).

Маржинализман тӀехьара кхиар нисделира къаьмнийн ишколин гуранашкахь: австрин, лозаннан, ингалсан, америкин. «Маржиналистийн революцин» хьалхара концепци хилира йисттера пайданаллин теори, йисттера пайданаллин принцип тӀеоьцуш йолу фундаментан элемент хилла механ теори.

Теори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Маржинализман Ӏалашо — йисттера яккхаллин бух тӀиера экономикин процессашца догӀу законаш таллар ю. Цигара схьа, маржиналистийн теорин массо а коьрта категореш кхоьллина дукхаллин анализца. Уьш иштта категореш ю — йисттера пайданалла, йисттера арахецар, йисттера хьашташ, йисттера са, йисттера меттана норма, йисттера капиталан эвсаралла, кхин дӀа а.

Маржиналистийн теорино экономикин процессаш талларехь лело таро елира бараман метод, экономикин Ӏилманехь математикин аппарат эффектаца лело; таро елира экономикин модель кхолла; хьаштийн барамашна анализ ян а, оптимуман проблема хӀотто а.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]