Маргарита де Валуа

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Маргарита де Валуа
фр. Marguerite de Valois
Маргарита де Валуа
Ца вевзачу исбаьхьачин куьйган сурт.
Маргарита де Валуа
Наваррин паччахь-аьзни
1572 шеран 18 август — 1599 шеран 30 декабрь
Хьалха хилларг Антуан де Бурбон
Когаметтаниг Медичи Мария
Францин паччахь-аьзни
1589 шеран 2 август — 1599 шеран 30 декабрь
Хьалха хилларг Лотарингин Луиза
Когаметтаниг Медичи Мария

Дин Католицизм
Йина терахь 1553 шеран 14 май({{padleft:1553|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:14|2|0}})
Йина меттиг Сен-Жерменан гӀала, Сен-Жермен-ан-Ле, Франци
Кхелхина терахь 1615 шеран 27 март({{padleft:1615|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:27|2|0}}) (61 шо)
Кхелхина меттиг Париж, Франци
ДӀайоьллина Сен-Дени аббаталла, Франци
Тайпа Валуа
Йича тиллина цӀе фр. Marguerite de Valois
Да Генрих II
Нана Медичи Екатерина
Майра Генрих IV
Динлелор католицизм
Автограф Автографан сурт
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Маргари́та де Валуа[1] (фр. Marguerite de Valois; 1553 шеран 14 май(15530514), Сен-Жерменан гӀалин чохь, Сен-Жермен-ан-Ле, ФранциКеп:Кхелхина терахь, Париж, Франци), йевза кхин а «Паччахь-аьзни Марго» аьлча а — французийн принцесса, Францин паччахьан Генрих II-гӀачун а, Медичи Екатеринин а йоӀ. Цуьнан дахаран доккхаха долу дакъа Францехь Гражданийн (Динан, Гугенотийн) тӀемаш долчу заманахь хилира (1559-1598).

1572—1599 шерашкахь гугенотийн тхьамдин Наваррин паччахьан Генрих де Бурбонан зуда хилла, цуо 1589 шарахь Генриха IV цӀе а эцна французийн Ӏарш дӀалаьцна.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Доьзал а, бералла а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Паччахьан кертара исбаьхьалчин Клуэ Франсуан куьйга диллина Валуа Маргаритин сурт

Маргарита Генрих II-гӀачун а, Медичи Екатеринин а доьзалера кхоалгӀа а, уггаре жима йоӀ а, ворхӀалгӀа бер а дара. Французийн Ӏарш хьалхий-тӀаьхьий рогӀехь дӀалецира цуьнан вежарша Франциск II-гӀачо (15591560), Карл IX-гӀачо (15601574), Генрих III-гӀачо (15741589).

Жима йолуш дуьйна йоӀ къаьстара хазаллица, шен амалца, ира хьекъалца, Ренессансан муьрехь хила деза дика дешна а йара: цунна хаара латина, ширажелтойн, италихойн, испанхойн меттанаш, Ӏамийнера философи а, литература а, дика йоза а дара. Цуьнан хьехархошна йукъахь бара Жак Амио, Оксеран епископ. "Паччахь-аьзни Марго" — йаздархочун Дюма Александран тӀаьхьа йаржийна литературин васт. "Марго" цунах Карл IX-гӀачо бен ца олура.

Матримониалан планаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Жима йолуш дуьйна Маргарита къуьйсуш йара: йуьхьанца иза Беарнан принцан а, Наварра паччахьаллин когаметта хин волчу Генриху де Бурбонан нускал хуьлийтуш дара, тӀаккха - Испанин Филипп II-гӀачун кӀентан дон Карлосан. Уггаре деха захало (1560-1571) дийцира португалин паччахьан кертаца а, паччахьца Себастьянца а, амма захало ца нисделира, коьртаниг, испанин тажо дуьхьало йарна. 1570 шарахь Маргаритин романтикин йукъаметтигаш йолайелира герцогца Генрих де Гизца, иза факт хилла Францин католикийн корта бара, тӀаьхьуо Ӏаршан претендент, цуо дагатесира Карл IX-гӀачун а, Медичи Екатеринин а принцесса цунах гена йаккха, хӀунда аьлча иза цуьнга йодахь ГизгӀеран доьзалан агӀо чӀагӀлур болун дела, тӀаккха йухур йу йоха кечйелла йолу католикашна а, протестанташна а йукъара баланс. 1571 шарахь гугеноташца бина Сен-Жерменан машаран хьелаш кхочушдархьама Карл IX-гӀачо а, Медичи Екатеринас а Маргарита Наваррин принце йахийтаран дийцарш карладехира. Маренан бертан жамӀан пункташна куьг йаздира нана-паччахь-аьзнис а, Генрихан нанас д'Альбре Жаннас а.

Наваррин паччахь-аьзни[нисйе бӀаьра | нисйе]

1572 шеран 18 августехь ткъайасса шо долу католик Маргарита маре йелира шен нийсархочуьнга, гугеноте Генрих де Бурбоне, Наваррин паччахье, цӀийнан принце а, маьхче а. Мах бар хилира Парижан Богоматеран килсехь, леррина кечйинчу церемониалца, цигахь цуьнан майрин меттана алтар тӀехь цуьнан ваша Анжуйн Генрих волуш. Ловзар, чӀогӀа доккха дара, цуо Парижехь гулбира берриг гугенотийн элий, чекхделира Варфоломейн буьйсанца 1572 шеран 24 августехь буса, массашкахь протестанташна йетташ. Луврехь нах бойуш дийна йисна, ца йоьхна, Маргаритас масех гугенотийн элана гӀодира, коьртаниг, шен майрачунна, Наваррин Генрихна, шен гергарчара ма-баххара, цуьнца дӀасакъаста реза ца хилла.

Маргарита вешийца Франсуаца (аьтту агӀора)

Наваррин Генрих 1576 шарахь Парижера веддачу хенахь, иза цхьаьна хенахь кхин а йисира паччахьан кертахь аманат санна, хӀунда аьлча Генрих III-гӀа шек вара иза майрачун питанашна декъахь хиларх. 1577 шарахь цунна бакъо йелира дипломатица, маршонан боламо дӀалаьцначу, испанин Фландре йаха, Ӏалашо Брабантан герцоган Ӏарш шен жимха волчу вешега Алансонан Франсуага дӀалацийтаран бух кечбар йара. Дикка аьттонца французийн агӀо таьӀна фламандийн элашца дийцарш дина, иза кӀелхьара йалайелира цуьнан тӀехьаваьллачу дон Австрийн Хуанан а, Нидерландин испанин губернаторан а тобанех. Маргарита шен майра волчу 1578 ш. аьхка бен ца йахара, оцу хенахь ханна барт бира гугеноташца, 1582 шо доладаллалц йехира цуьнан резиденцехь Неракан гӀап-гӀалахь, шен башха гуо гулбина.

Генрих III-гӀа тӀаьхьара ца ваьлла иза Париже схьайеира, майра шена тӀаьххье варе сатуьйсуш, амма 1583 шеран августехь паччахьца а, ненаца а дов даьлла, хӀунда аьлча ца лечкъаш дуьхьала латтара паччахьан цӀуьхӀаршна — герцогашна д’Эпернонна а, Жуайезна а, питана леладора шен жимха волчу вешийн аьттонна. Цул тӀаьхьа Маргаритас французийн паччахьан керт йитина Нераке йахара, амма цигахь политикех дӀахадийра, хӀунда аьлча Наваррин Генрих гуттаренна а шен йезарна граф-аьзнин де Гишна уллехь вара.

1584 шеран аьхка дуьйна, Алансонан Франсуа веллачул тӀаьхьа, Наваррин паччахь — законехь французийн тажан когаметтаверг, цуо таро лора цунна зудчо йукъаралла а ца лелош французийн кертаца йукъаметтигаш ша лело, бераш доцучу Генрих III-чун билламаш а хӀиттош. Ишттачу хьолехь 1585 шеран майхь Маргарита йахара Ажене, Францин къилбехьара шен доларчу католикийн графалле, цигахь ша Католикийн Лигин декъахо а кхайкхийна, герцог де Гизца йукъаметтигаш карлайехира, факт хилла дуьхьалайелира майрачун а, вешийна а. 1586 шеран гурахь, аженан таллуз доьхначул тӀаьхьа, иза дӀалецира Генрих III-гӀачун тобанаша, хьажийра Овернера Юссон гӀап-гӀала, амма тутмакх санна шина баттахь гергга бен ца Ӏийра. Герцог де Гиза ийцира иза комендантера, цунах гӀап-гӀалин хӀусамнана йира. Иза ларош болу швейцархоша, тешамаллин байӀат дира цунна. 1588 шарахь Гиз кхелхира, Генрих III-гӀа – цул тӀаьхьарчу шарахь, ткъа Наваррин Генрих тӀеман лагерца йерриг Францехула лелаш вара, лигершца а, кхечу мехкан интервенташца а тӀемаш беш. Парижехь сецира испанин гарнизон, цара къобал йора французийн Ӏаршан испанин инфантин бакъо. Ишттачу хьолехь Маргаритин цӀа йан меттиг бацара.

Юссонехь иза йехира тӀаьхьара 18 шарахь, 1605 шо кхаччалц. Генриха IV-гӀа Ӏарш тӀе кхаьчча папас Климент VIII-гӀачо дӀасакъастийра цуьнан бер ца хуьлучу зудчунца Маргаритица (1599 шеран 30 декабрехь).

ТӀаьхьара шераш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Дахаран тӀаьхьара шераш Маргаритас дехира Парижехь, шен гуонаха уггаре къегина Ӏилманчаш а, йаздархой а баьхна. Цуо йитина хаза мемуараш (Париж, 1628); цуьнан кехатийн гулам арахецна Guessard (Париж, 1842) а, Вьенно Элиана (Eliane Viennot) а (Париж, 1999 а, йуха арахецарш а).

Маргарита де Валуас шен болх ца битира дахаран чаккхенгахь а. Гуонаха йезархой болуш, дукха хьолехь цулла дуккха а кегийра, иза декъахо йара дуьненан таллузийн, цуьнга терра ладаме политикин хиламийн а. Генрих IV-гӀачух дӀакъаьстича а иза йисира паччахьан доьзалан декъахо паччахь-аьзнин титулца, ТӀаьххьара Валуа йолун дела, гора цхьаъ бен йоцу бакъйолу паччахьан цӀийна когаметтайерг санна. Паччахьо гуттаренна а тӀеозайора иза ВалуангӀеран кертаца йогӀу йаккхийра церемонин мероприятеш йеш, латтайора цуьнца чӀогӀа йукъаметтигаш. Цуьнан шолгӀачу зудчо, Медичи Марияс, сих-сиха хьехар дойтур шена. Генриха IV-гӀа 1610 шарахь вийначул тӀаьхьа Маргаритас дукха ницкъ бира шена гражданийн карзахаллаш кхин а чӀогӀа ца йаржийтархьама.

1615 шеран 27 мартехь иза елира пехаш шелделла, шен берриг бахам битира паччахьна Людовик XIII-гӀачунна, иза цунна везара шен берд олуш санна.

Комментари[нисйе бӀаьра | нисйе]

Варфоломейн буса Маргаритин дуьйша чуьра сцена

(Брокгаузан-Эфронан энциклопеди) Маргаритин лан дийзира къиза питанаш, гергарниш балар, тӀемаш, гӀонаш. Цуьнан Наваррин Генрихца дина маре йуьхьанца дуьйна цӀий Ӏанош дара: церан ловзар долчу буса хилла Варфоломейн байарша, дехачу шерашна билгалдаьккхира паччахьан доьзалера хиламаш кхиар санна, зудчунний-майрачунний йукъаметтигаш — безамца йацара, ткъа гӀуллакхан-накъостийн санна йара. Маргарита лаьттара майрачунна оьшучу меттигехь, царна йукъахь майра зударшна тӀаьхьаваьлла леларна а. Бакъдерг дийцича, Генрих цуьнца а вара иштта. Генриха жимма а кхерам хуьллушехь шен дуьйшу чохь лачкъавора зудчун везар, ткъа Маргаритас лечкъадора майрачун къутӀанаш, цкъа ишттачу меттигехь бер деш гӀо а дира, ткъа цхьа къона Генрихан йезарх, цуьнца доттагӀалла тасаделла, «йоӀ» олура.

Дюма Александра роман «Паччахь-аьзни Марго» йазйина, цунна чохь кхоьллина массийн оьздангаллехь гӀарайаьлла, амма историн бакъдолчунна генара Маргарита де Валуан, цуьнан доттагӀчун Клеван Генриеттин, везаран Ла Молан васташ.

Кинематографера васт[нисйе бӀаьра | нисйе]

Силсила[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Также упоминается как Маргарита Французская (фр. Marguerite de France) и Маргарита Наваррская (фр. Marguerite de Navarre).

Кеп:Францин паччахьийн зударий