Мангалан беттан карчам
| Мангалан беттан карчам | |||
|---|---|---|---|
| Терахь | 25.07.1934 — 30.07.1934 | ||
| Меттиг |
|
||
| ЖамӀ | Австрихойн мехк-урхаллин толам | ||
| МостагӀий | |||
|
|||
Мангалан беттан карчам — австрихойн пашизмин рожан leдал хийца дина долу гleртар австрихойн нацисташа 1934 шеран мангалан беттан 25—30-чу деношкахь.
Дlaдоладале
[бӀаьра нисйан | нисйан]Ша leдале кхачале а Xlитлер цхьазза аьлла а ца lийна и вина волу Австрихойн мохк хила беза «Керлачу Сийлахь-йоккхачу Лоьмсойн пачхьалкха чохь» иза «Хьалхарчу рейхан» лоьмсойн гаьргех цхьаъ болу дела. 1918-чу шарахь махкахь кхоьллинера Xlитлерица зle йоцу Валтер Рилин керахь йолуш Лоьмсойн къоман-социализмин белхахойн парти. 1920-чу шерашкахь Австрийхойн махкахь схьайиллинера лоьмсойн НСДАП-ан а, СС-ан а векалийн хьукуматаш, цара бора австрихошка шиъ германхойн халкъ вовшахкхета деза хьашт хилар кхайкхош болх, кайалахь шайн магlaршка йукъатухуш уьш. Дукхахболу ДНСАП-ан декъашхой хилира Xlитлерин НСДАП-ан агloнчаш 1930-гla шераш долалушехь.
Амма шайн мохк «германхойн» барна дуьхьал нах а бара. Уггар хьалхе реза бацара керстаналлина тleтевжаш италхойн кепара болу кхузара австрихойн национализмин боламаш. Ма-дарра аьлча иза Энгелберт Долпус баьчча волу Австрихойн пачхьалкхан Керстаналлин-социализмин партех 1933-чу шарахь Даймехкан цхьаьнакхетаралле бирзина болу болам. 1932-чу шарахь leдал ца дохош Мехк-да xloьттина волу Долпус волавелира мехк-кхеташонан республика дla а йоккхуш цхьа парти йолу къеп xloтто. Муссолиница гергарло а, уьйр а хиларо сихо чекхдалийтира и даредар, и дина ца lаш 1934-чу шеран бlaьстенахь Австрихойн пачхьалкх йара керлачу къоман бертаца. И санна кхиамаша хазахоьтийла а бацара 1933-чу шеран кхолламан-бекарг баттахь leдале кхаьчча болучу нацисташна. Xlитлерин laлашонех цхьаъ йара «маса толам Австрихойн махкахь», «орамера германхойн латтанаш» чу а лаьцца шайн сий дан. Шайн аьтто болий хьоьжуш болучу нацисташа цундела дакъа ца лецира хеймверо а, суро а австрихойн аьррохьарчеран герзан гlaттам бохабича Австрихойн мехкан бахархойн тlaмехь 1934-чу шарахь.
Ша карчам
[бӀаьра нисйан | нисйан]Австрихойн махкахь бахархойн тloм дlaбаьллачул тlaьхьа масех бутт баьлча кхузахь йолчу тобанашкара австрихойн нацисташ тlелеттира Венехь йолучу канцелаьрина «Даймехкан цхьаьнакхетараллин» leдал доха а дина цига нацистийн мехк-урхалла xloттадан.
1934-чу шеран мангалан беттан 25-чу дийнахь австрихойн тleмалойн духар доьхха волу СС-ан 154 декъашхо чуиккхира мехк-урхаллин гlишлон чу. Цхьаболу мехк-урхаллин декъашхой схьалаьцнера, Долпус вадда гlиртира, амма цунна чов йира вортан чу. Нацисташа иштта дlaлецира Венан радиостанци, цу чухула цара кхайкхира Долпус xlинцачул тlaьхьа гlyлкхазлахь хилар. Амма Долпусина ца лиира шайн лаамехь leдал Ринтеленина дlaдала, йуха тlaьххьаре и велира дукха цlий дайъина.
Лоьмсойн тleгloртар сацдира италхоша динчу йукъархиларо церан маршо ларйан. Долпус тleтовжуш волу Бенито Муссолинис шайна карчам буй хиъча йахьийтира австрихойн-италхойн дозане кхоъ италхойн дивизи.
Долпусин агloнчаша схьалецира карчам бинарш Венехь[1]. Амма нацисташ кхин къар ца луш иштта бира карчамаш Каринтехь, Штирехь, лакхарчу Австрихойн махкахь, Тиролехь, Залцбургехь. Уьш боха ца белира мангалан беттан 30-чу дийнахь бен[2].
Мехк-урхаллин ницкъашкара деллера 107 адам, карчам бинчеран агlора 140. Карчаман 13 декъашхо вийра, 4000 гергга нацист концлагерш чу воьллира, дукхохберш бевдира цу махкара[3].
Жамl a, даьлларг а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Нацистийн карчамо кхиам ца баьккхира, xlyнда аьлча дукхахболу бахархой а, сур а муьтlaьхь дисира мехк-урхаллина. Нацисташка вевелира Мехк-да Долпус, амма цуьнан меттиг дlaлецира Курт Шушнига, тlaккха австрихойн фашизмин leдал дисира, цу тle Xlитлерина ца лаьара Италхойн пачхьалкхаца йолу уьйр талхо. Амма лоьмсойн нацистийн laткъам жимма хан йаьлча йуха а шайн болх бан болабелира. Кхоьллинера иштта олуш йолу ландеслейтараш. Австрихойн мехкахула Xlитлерин эмиссар хилира Теодор Хабихт. 1936-чу шарахь laткъам кхин а чlaгlбала болабелира, тlaьххьаре а и Австрихойн пачхьалкх тleтохале 1938-чу шарахь.
Тleхьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Энгельберт Дольфус. ТӀекхочу терахь: 2021 шеран 21 сентябрь. Архивйина 2021 шеран 21 сентябрехь
- ↑ Juliputsch im Dokumentationsarchiv des österreichischen Widerstands
- ↑ Juliputsch 1934. ТӀекхочу терахь: 2021 шеран 21 сентябрь. Архивйина 2021 шеран 1 ноябрехь