Малхбален Азин мехкийн саммит
东亚峰会(цийн.) 東アジアサミット(яп.) 동아시아 정상회의(кор.) Konferensi Tingkat Tinggi Asia Timur(индон.) Sidang Kemuncak Asia TimurКеп:Ref-ms Pulong-Panguluhan ng Silangang Asya (фил.) การประชุมสุดยอดเอเชียตะวันออก(тай.) កិច្ចប្រជុំអាស៊ីបូព៌ា (кхм.) Hội nghị cấp cao Đông Á(вьет.) கிழக்காசிய உச்சிமாநாடு (там.) पूर्व एशिया शिखर बैठक(хӀинди) |
|---|
Саммитан декъашхой: |
Малхбален Азин саммит (инг. East Asia Summit) — хӀора шарахь лакхахь цхьаьнакхетар, Малхбален а, Къилба-Малхбален а Азин 16 пачхьалкхан куьйгалхойн форум. 2011 шарахь декъалалла шордира 18 мехке кхаччалц, форуме кхайкха болийра АЦШ а, Россин а мехкийн куьйгалхой. Лакхенашкара хьалхара цхьаьнакхетар хилира 2005 шеран 14 декабрехь Куала-Лумпурехь, (Малайзи).
МАС Азин-Тийнаокеанан регионан лидерийн йукъара оьшуш йолу политикин а, экономикин а белхан шуьйрачу гуонан къамелийн коьрта майда йу. Оцу форматера цхьаьнакхетарш хуьлу хӀора шарахь КъМАПА лакхарчу тӀегӀанара белхашца дихкина.
Шайн секкретариат форуман йац, цуьнан функцеш кхочушйо Джакартехь (ХӀиндонези) йолчу КъМАПАн секретариато. Берриг сацамаш саммиташкахь тӀеоьцу консенсусца.
МАС 18 махкахь дуьненан бахархойх 50 % бахархой бу, 55 % гергга цхьаьнатоьхна ДЧС.
МАСан гӀуллакх
[бӀаьра нисйан | нисйан]МАСан белхан профилан агӀонашна йукъадогӀу финансийн, энергетикин, гуонахьара хьал лардаран, сихха реагировани йаран, могушаллаӀалашйаран, дешаран, регионан цхьаьна уьйр хиларан сферашкахь цхьаьнагӀуллакдар.
ХӀора шарахь дӀахьо МАС мехкийн министрийн а, лакхарчу даржерачеран а профилан агӀора цхьаьна болх барехь.
Энергетикехь цхьаьнагӀуллакхдар
[бӀаьра нисйан | нисйан]МАСан гуранчохь энергетикехь цхьаьнагӀуллакхдаран коьрта хьесапийн формула йу Малхбален Азин Энергокхерамзаллин декларацехь, иза тӀеэцна 2-гӀачу саммитехь ВАС (2007 ш.).
Документехь эффектаца а, экологиллица а дагорг лелоран а, энергин ламаста хьостех дазар лагӀдар а, углеродан шимусталла аракхийсар лагӀдаран а, гидроэнергетикин, гражданийн атоман энергин чоьтах айар энергоэффекталла а, энергоресурсаш кхиорехь пачхьалкхан йоцу инвестицеш шорйаран, йиллина, конкуренци йан лур йолу йерриг тӀегӀанашкара экономикин аьргалла латтор йолу регионан а, дуьненайукъара а базараш кхоллар а Ӏалашонаш хӀиттийна.
Климат, энергетика, гуонахьара хьал хийцайаларан декларац, тӀеэцна МАСан 3-гӀачу саммитехь (2007 ш.), билгалдина ду арахецараллин энергочухоам а, энерги йайар а лагӀдаран Ӏалашо йолу белхаш дӀабахьар, экономикин коьрта секторшкахь энергоэффекталла шорйаран технологеш йаржор а, кхиор а.
Саммитийн исписка
[бӀаьра нисйан | нисйан]| Терахь | Меттиг | ТӀеоьцуш волу лидер | Билгалдаккхар | |
|---|---|---|---|---|
| 1-ра | 2005 шеран 14 декабрь | Ӏабдулла Ахьмад Бадави | Росси кхайкхинера сийлахь хьешан статусехь. | |
| 2-гӀа | 2007 шеран 15 январь | Глория Арройо | дӀатеттина йара 2006 шеран 13 декабрера | |
| 3-гӀа | 2007 шеран 21 ноябрь | Ли Сяньлун | ||
| 4-гӀа | 2009 шеран 25 октябрь | Апхисит Ветчачива | Саммит дехьайаьккхинера Бангкокера — коьртачу шахьрахь политикин чолхе хьал хиларна.[1] | |
| 5-гӀа | 2010 шеран 30 октябрь | Нгуен Тан Зунг | АЦШ пачхьалкхан секретарь а, Россин арахьара гӀуллакхийн министраш а дакъалецира саммитехь. | |
| 6-гӀа | 2011 шеран 18-19 ноябрь | Сусило Бамбанг Юдойоно | АЦШ а, Росси а хилира саммитан йуьззина бакъонаш йолу декъахой. | |
| 7-гӀа | 2012 шеран 19-20 ноябрь | Хун Сен | ||
| 8-гӀа | 2013 шеран 9-10 октябрь | Хьассанал Болкиах | ||
| 9-гӀа | 2014 шеран 12-13 ноябрь | Тейн Сейн | ||
| 10-гӀа | 2015 шеран 21-22 ноябрь | Наджиб Тун Разакъ | ||
| 11-гӀа | 2016 шеран 6-8 сентябрь | Тхонглун Сисулит | ||
| 12-гӀа | 2017 шеран 13-14 ноябрь | Родриго Дутерте | ||
| 13-гӀа | 2018 шеран 14-15 ноябрь | Ли Сянлун | Саммитехь дуьххьара дакъалаьцна Россин Президенто В.В.Путина | |
| 14-гӀа | 2018 шеран 15 ноябрь | Прают Чан-Оча | Кхайкхийра ХӀиндин-Тийнаокеанан инициатива Архивйина 2021-12-11 — Wayback Machine дӀайолорах лаьцна. | |
| 15-гӀа | 2020 шеран 14 ноябрь | Нгуен Суан Фук | Пандеми COVID-19 бахьнехь саммит дӀайаьхьира онлайнехь. | |
| 16-гӀа | 2021 шеран ноябрь | Хьассанал Болкиах |
Хьажа кхин а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ (ТӀе цакхочу хьажорг)