Малаев, Джалвади Баймутдинович

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Джалвади Малаев Баймутдинович
Малаев, Джалвади Баймутдинович.jpg
Вина терахь 1953 шеран 8 ноябрь({{padleft:1953|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:8|2|0}}) (66 шо)
Вина меттиг Кок-Янгак, ГӀиргӀазойн ССР
Да Баймутдин
Нана Румисат
Зуда Кесира
Бераш кӀант Руслан. йоьӀарий Лайла а Хеда а
СовгӀаташ

«Нохчийн Республикан дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал

Джалвади Малаев Баймутдинович (вина 1953 шеран 8 ноябрь, Кок-Янгак ГӀиргӀазойн ССР) — Нохчийн Республикан Парламентан депутат. Оьрсийн а, ингалсан а нохчийн меттанашкахь долу физизикин географин терминийн дошаман автор[1][2]. Нохчийн Республикан сийлахь эколог[3].

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Джалвади вина 1953 шеран 8 ноябрехь ГӀиргӀазойн ССРКок-Янгакехь нохчий а, гӀалгӀай а махках бохуш цуна да-нана оцу эвлахь охьабиссина хилла. Реабилитаци йинчул тӀехьа доьзал шай дай бехначу Бена-Ведана цӀа бехкина.

1977 шарахь Джалвадис чекхъяьккхина Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университет цуна говзалла хилла «Географ. Географин хьехархо».

Джалвадис шен белхан гӀуллакх долийра 1977 шеран августехь Бена-Веданан школехь хьехархо хилла.

1977 шеран ноябрь тӀера 1983 шеран ноябрь кхаччалц цуо секретарь болх бира, Нажи-Юьртан РК ВЛКСМ шолгӀа секретарь.

1983 шеран декабрь тӀера 1989 шо кхаччалц Нажи-Юьртан ЮШ № 1 директор болх бира.

1989 тӀера 1998 шо кхаччалц Нажи-Юьртан кӀоштан экологин комитетан председатель болх бира.

Нохчийн Республикан пачхьалкхан экологин Росприроднодзоран экспертизин декъан начальник.

2005 шеран ноябрь тӀера 2008 шеран июнь кхаччалц Нохчийн Республикан Халкъан Парламентан гулламан депутат вара, Агарнин политикан, Ӏаламан ресурсийн а, экологин а гӀуллакхийн Комитетан председателан заместитель вара.

2008 шеран 12 октябрехь Нохчийн Республикан Парламентан депутат хаьржина, иза ву Нохчийчохь КТО йолуш лар йоцуш байна нах лоьхуш йолу Комитетан председателан заместитель, цул совнах Нохчийчоьнан экологин а, Ӏаламийн ресурсийн а АПК гӀулакхийн Комитетан декъашхо ву[4].

СовгӀаташ[нисъе бӀаьра | нисъе]

Джалвадин елла мидалаш «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал а, «Нохчийн Республикан парламентаризм кхиорна» орден а, Российн Ӏаламан ресурсийн министерствн сийлахь знак «Лардойлин гӀуллакхаш кхиорна» а[4].

Доьзал[нисъе бӀаьра | нисъе]

Джалвадин кхо бер ду кӀант Руслан. йоьӀарий Лайла а Хеда а.

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]