Маколей Калкин
Маколей Калкин | |
инг. Macaulay Carson Culkin | |
![]() Маколей Калкин Берлинан кинофестивалехь 2010-чу шарахь | |
Бакъ цӀе | Маколей Карсон Калкин |
---|---|
Вина терахь | 1980 шеран 26 август (40 шо) |
Вина меттиг | Манхэттен, Нью-Йорк, АЦШ |
Гражданалла: |
![]() |
Говзалла: | актёр |
Карьера: |
1985—1994 2003 — хӀинц. хенахь |
СовгӀаташ: |
«Жима актёр» (1991) MTV Movie Awards (1992) |
IMDb: | ID 0000346 |
![]() |
Маколей Карсон Калкин[1] (инг. Macaulay Carson Culkin; 26 август 1980 — Манхэттен) — Голливудан исторехь долчу сийлахь берийн актёрех цхьаъ ву, цо коьрта роль ловзийна кху фильмашкахь «Дада Бак» (1989), «ЦӀахь цхьаъ» (1990), «Сан йоӀ» (1991), «ЦӀахь цхьаъ 2: Нью-Йоркехь вайна» (1992), «Дика кӀант» (1993), «Хьал долу Ричи» (1994) а, «АгӀонийн омранча» (1994) а. Цуьнан гӀараяьлла фильм ю «ЦӀахь цхьаъ» цу чохь цуьнан цӀе яра «Кевин Маккаллистер» аьлла. Дукхах болчу нахана гӀараваьлла вевзаш ву иза цу цӀарца.
Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]
Маколей Калкин вина Нью-Йоркехь йолу манхэттен кварталехь, хилла волу бродвейски актёран Кристофер Корнелиус Калкинан а, Патрици Брентрапан а доьзалехь. Маколейн да-нана граждански бракехь Ӏаш дара. ВорхӀ берашна юкъахь кхоалгӀаниг ву иза. Цуьнан виъ ваша ву: Шейн Арлисс (1976), Киран Кайл (1982), Кристиан Патрик (1987) а, Рори Хью (1989) а, ши йиша а: Дакота (1978—2008) а, Куинн Кэй (1984) а. Маколей — Бонни Беделиа актрисин вешин кӀант ву.
Маколей вечу хенахь цуьнан доьзал чӀогӀа хьал долуш дацара. Цуьнан нана телефонисткин болх беш яра, а дас актёрски карьерца Ӏодика йина хилла, и шаберш цIинцIолг квартирехь Ӏаш бара. Маколей католикийн ламасташкахь кхиийна хилла, пхеа шарахь Католикийн школе ихна иза.
Карьера[нисъе бӀаьра | нисъе]
Маколейн актёрски дебют 4 шарахь лаьттина. Цо дуьххьара коьрта роль ловзийна «Дада Бак» (1989) фильмехь, цуьнца волу декъашхо Джон Кэнди вара. 1990-чу шарахь экранаш тӀехь арахаьцна комедийн блокбастер «ЦӀахь цхьаъ», Калкинан карьерехь дохораг хилла йолу. Кевин МакКаллистеран рольо Деши Глобусехь хьалхара номинаци кхачийна цуьнга.
Фильмографи[нисъе бӀаьра | нисъе]
- 1985 — Буьйсанан юкъ
- 1988 — Гибралтар тӀе
- 1989 — Дада Бак
- 1989 — Ӏуьйран гур ду вай
- 1990 — ЦӀахь цхьаъ
- 1990 — Иаковин лама
- 1991 — Сан йоӀ
- 1991 — Цхь стаг кхетар ву
- 1992 — ЦӀахь цхьаъ 2: Нью-Йоркехь вайна
- 1993 — Дика кӀант
- 1993 — Щелкунчик
- 1994 — Наравне с отцом
- 1994 — Хьал долу Ричи
- 1994 — АгӀонийн омранча
- 2003 — Клубан мани
- 2004 — КIелхьаряьккхина
- 2004 — Иерусалиман синдром
- 2007 — Мартан секс
- 2015 — Адам Гринан аладдин
Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Macaulay Culkin(ингалс.) сайтан чохь Internet Movie Database
- Маколей Калкин: миллионер поневоле
- Маколей Калкин