Чулацаман тӀегӀо

Маклеод, Джон (баскеболан тренер)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Маклеод, Джон
инг. John MacLeod
Файл:Маклауд Джон.jpg
Позици тренер
Локхалла 183 сантиметр
Возалла 77 килограмм
Гражданалла
Вина терахь 1937 шеран 3 октябрь({{padleft:1937|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:3|2|0}})
Йина меттиг
Кхелхина терахь: 2019 шеран 14 апрель({{padleft:2019|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:14|2|0}})[1] (81 шо)
Кхелхина меттиг
Ишкол Провиденс (Кларксвилл, Индиана)
Колледж Белларминан университет

Ӏамийна командаш
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а

Маклеод Джон Мэттью (инг. John Matthew MacLeod[2]; 1937 шеран 3 октябрехь, Нью-Олбани, Индиана2019 шеран 14 апрелехь) — университетан гулйина командаш а, КъБА клубаш а Ӏамийна америкин баскетболан тренер. Болх алсама барца «Финикс Санз» клубан рекордсмен, 1975/76 шеран КъБА чемпионатан финалхо а, Малхбузен конференцин шозза финалхо а, Малхбузен гулйина командин 1981 шеран КъБА дерриг седарчийн матчехь тренер. Университетан баскетболехь — 1996/97 шеран Биг-Ист конференцин шеран тренер. Индианин баскетболан сийлаллин залан (2005) а, Аризонин спортан сийлаллин залан (2016) а декъахо, «Финикс Санз» клубера сийлахь хӀоз кхаьчнарг.

Маклеод Джон вина Нью-Олбанехь (Индиана) пачхьалкхан гӀуллакххочун Маклеод Дэнан а, Маклеод Элизабетан[2] доьзалехь, Кларксвиллера Провиденс йуккъера ишколан коьртачу спортхойх цхьаъ вара, иза деа шарахь йукъахь вара баскетболан а, бейсболан а гулйина командашна, цхьаьна шарахь — йайн атлетикин гулйина командина. Ишкол чекхйаьккхича иза деша хӀоьттира Белларминан университете, цигахь дешаран шерашкахь дерриг иттаза йукъавахара лдм гулйина командашна оццу кхаа спортехь[3].

1959 шарахь университет чекхйаьккхина, 1962—1963 шерашкахь Маклеод Луисвиллера (Кентукки)[2] Десейлз йуккъера ишколан баскетболан гулйина командин коьрта тренеран гӀоьнча вара, 1963 – 1965 шерашкахь тренер вара Смитвиллан йуккъера ишколан (Индиана) баскетболан, бейсболан, йайн атлетикин гулйина командийн, ткъа 1965—1967 шерашкахь Индианаполисера Катидрал йуккъера ишколан[3] бейсболан командин коьрта тренер вара, баскетболехь тренеран гӀоьнча вара. 1965 шарахь Маклеоданна йелира Индиана штатан университетан историн а, физикин кхиоран а магистран тӀегӀа, 1966 шарахь Оклахомин университете хьалхара курсан баскетболан гулйина командин тренер балха ийцира. Хьалхара курсерчарца шарахь болх бина иза 1967 шарахь университетан гулйина командин коьрта тренер хӀоттийра[2].

Маклеода Ӏамийра «Биг 8» конференцехь ловзу оклахомин команда йалх шарахь, тӀаьхьара диъ шо чекхдаьккхира толамийн а, иэшамийн а аьтту балансаца. Цуьнан куьйгаллехь, университетан гулйина командо берриг 90 толам баьккхира 69 иэшам бен боцуш (конференцин къовсамхошна дуьхьала 44-40), амма NCAA чемпионатан плей-оффе конференцин толамхой бен ца кхочучу хьелашкахь, и аьтту цкъан а ца белира[4].

1973 шарахь дукха хан йоцуш КъБА «Финикс Санз» клубах кхеттачу инарлин менеджера Джерри Коланжелоса, цхьанне ца моьттучу агӀор кхайкхира Маклеодега оцу командин коьрта тренеран дарж дӀалаца[4]. Маклеод хӀоттавале хьалхара шо «Финикса» чекхдаьккхира 38 толамца а, 44 иэшамца а[5], тӀаьхьара ши шо а аьттонза нисделира клубан. Амма 1975/76 шарахь командин аьтту толамийн а, иэшамийн а баланс хилла ца Ӏаш, Малхбузен конференцин финалехь ворхӀ матчехь фаворит «Голден Стэйт Уорриорз» иэшийна иза кхечира плей-оффан финале. Чемпионатан финалехь, «Сандерелла Санз» куньйа йелла, «Финикс» ийшира «Бостон Селтикс» клубал, йалх матчехь, цунна йукъахь ийшира серин пхоьалгӀачу ловзарехь хьошалгӀахь тӀетоьхна хенан кхоалгӀачу пхеа минотехь[5]. Оцу хӀоттамехь Маклеодан куьйгаллица левзира КъБА хин болу аьттун тренераш Пол Уэстфал а, Пэт Райли[6] а.

1991 шарахь Маклеод йухавирзира университетан баскетболе, коьрте хӀоьттира Нотр-Дам университетан гулйина командин. Оцу командин коьрта тренер лаьттира 1999 шо кхаччалц, оцу заманахь цуьнца туьйлира 106-зза, ийшира 124-зза. «Нотр-Даман тӀом беш болу ирландхой» масех шарахь дуьххьара левзира маьрша команда санна, 1992 шеран Къоман кхайкхаран турниран финалехь ийшира Виргинин университетанна. 1995 шарахь Нотр-Дам дӀакхийтира Биг-Ист атлетикин конференцех, 1997 шарахь кхечира Къоман кхайкхаран турниран чийрикфинале, цигахь ийшира хин болчу чемпионел — Мичиган штатан университеталла[2]. Шеран жамӀашца Маклеод къобал вира Биг-Ист конференцин шеран тренер[6].

1999 шарахь Нотр-Дам университетаца болх чекхбаьккхина, Маклеод йухавеира «Санзе» тренеран гӀоьнчин дарже[5]. Цул тӀаьхьа кхаа шарахь иза вара «Денвер Наггетсан» тренеран коьрта гӀоьнча[2], 2006 шарахь карьера чекхйаьккхира «Голден Стэйт Уорриорзан» тренеран гӀоьнча волуш[5].

1974 шарахь, «Финикс Санз» коьрта тренеран даржехь волчу хьалхарчу шарахь йалийра Макгродер Кэрол Энн. Цуо цунна дира йоӀ Кэтлин а, кӀант Мэттью[2] а (тӀаьхьа левзира Оклахомин университетан гулйина командехь, цуьнан тренер Маклеод-воккхахаверг волуш[5]). 2008 шарахь Маклеодан хилира Альцгеймеран цамгар. Цул тӀаьхьа а иза вехира итт шо сов, кхелхира 2019 шеран бӀаьста[6].

ГӀуллакх къобалдар

[бӀаьра нисйан | нисйан]

2005 шарахь Маклеод Джонан цӀе Индианин Баскетболан сийлаллин залан испискина йукъатуьйхира[3], ткъа 2016 шарахь — Аризонин Спортан сийлаллин залан испискашна йукъатуьйхира[7]. 2012 шарахь цунна белира «Финикс Санз» клубан Сийлаллин хӀоз (инг. Ring of Honor) — клубан исторехь Маклеод 13-гӀа стаг хилира и совгӀат делла[8].

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. John MacLeod // https://www.tradingcarddb.com/Person.cfm/pid/7534/
  2. 1 2 3 4 5 6 7 David L. Porter. MacLeod, John Matthew // Basketball: A Biographical Dictionary. — Greenwood Press, 2005. — P. 297—298. — ISBN 0-313-30952-3.
  3. 1 2 3 John MacLeod (инг.). Indiana Basketball Hall of Fame. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 6 февраль. Архивйина 2020 шеран 6 февралехь
  4. 1 2 Berry Tramel. Oklahoma basketball: John MacLeod was an NBA success story (инг.). The Oklahoman. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 6 февраль. Архивйина 2020 шеран 6 февралехь
  5. 1 2 3 4 5 John MacLeod, a Winning Coach for the Suns, Is Dead at 81 (инг.). The New York Times (2019 шеран 15 август). ТӀекхочу дата: 2020 шеран 6 февраль. Архивйина 2020 шеран 26 октябрехь
  6. 1 2 3 Mike Berardino. Indiana native John MacLeod, former NBA and Notre Dame coach, dies at 81 (инг.). Indianapolis Star (2019 шеран 15 апрель). ТӀекхочу дата: 2020 шеран 6 февраль. Архивйина 2019 шеран 15 сентябрехь
  7. Suns Legend John MacLeod Selected to Arizona Sports HOF (инг.). NBA (2016 шеран 4 август). ТӀекхочу дата: 2020 шеран 6 февраль. Архивйина 2020 шеран 6 февралехь
  8. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху Ring тIетовжаран текст йазйина йац