Мазуркевич, Ладислао
![]() Мазуркевич (аьрру), Порта, Морена | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Юкъара хаамаш | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Юьззина цӀе | Мазуркевич Ладислао Иглесиас | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина терахь | 1945 шеран 14 февраль | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина меттиг | Пириаполис, Уругвай | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Кхелхина терахь | 2013 шеран 2 январь (67 шо) | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Кхелхина меттиг | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Гражданалла | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Локхалла | 178[1] см | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Позици | кевнахо | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
СовгӀаташ а, мидалш а | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
![]() |
Ладисла́о Мазурке́вич Игле́сиас (испан. Ladislao Mazurkiewicz Iglesias; 1945 14 февраль — 2013 2 январь) — уругвайн футболист, кевнахо. Кхаа дуьненан чемпионатан декъахо, 1970 шеран дуьненан чемпионатан уггаре дика кевнахо. XX бӀешеран уггаре дика кевнахойн ФИСДФ испискин юкъатоьхна 12-гӀа меттиге а хӀоттийна.[3]
Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]
Вина 1945 шеран 14 февралехь Пириаполис гӀалахь, полякийн мухажиран а, Ла-Корунья гӀалан яхархочун а доьзалехь.
Профессионалийн карьера йолийна 16 шо долуш «Расинг» (Монтевидео) клубехь, Уругвайн чемпионатан 4-гӀа дивизионехь. 1964 шарахь Къилба Америкин кегийрхойн чемпионат чекхъяьлча, ткъа цигахь Мазуркевич гулйинчу командин коьрта голкипер вара, Уругвай чемпион а хилира, иза ийцира «Пеньярола». Юьхьанца, иза эцнера шолгӀа голкипер санна, «Пеньяролан» хьалхара лоьмар — Майдана Луис — хийца, амма сиха коьрта голкиперан меттиг яьккхира, дог ирахӀоттийначу 1965 шеран 31 мартехь Либертадоресан кедан ахфиналан шолгӀа матчехь, Пеле коьртехь волу, «Сантосан» дуьхьала ловзарал тӀаьхьа («Пеньяроль» туьйлира 2:1). Оцу шарахь Мазуркевича яьккхира шен хьалхара Уругвайн чемпионан титул, ткъа 1966 шо долалуш Либертадоресан кад, цул тӀаьхьа оцу хенахь хилла Уругвайн къоман гулйина командин тренера Вьера Ондинос схьаийцира къона голкипер 1966 шеран дуьненан чемпионате Ингалсе.[4]
Уругвайн гулйина командо Ингалсехь дика йолийна чемпионат дӀаелира чийрикфиналехь хӀаллакъярца ФРГ командо 4:0 чот йолуш, амма Мазуркевичан ловзаро уггаре дика битам битира. Масала, цуо толамхой хилла хӀусамдайшка буьрка ца тохийтира (матч чекхъелира 0:0 чоьтаца), турниран голкипершна юкъахь кхоалгӀа а хӀоттийра иза, Яшин Левал а, Бэнкс Гордонал а тӀаьхьа.
Дуьненан чемпионат дӀаяьлча Ладислаос къилбаамерикин кедашна тӀетуьйхира кхин а Дуьненаюкъара кад, цигахь цуьнан «Пеньярола» иэшийра мадридан «Реал» чот 2:0 йолуш.
1967 шеран юьхьиг Къилба америкин чемпионатехь толамца йолаелира, цигахь Уругвай шен цӀахь, январера февраль кхаччалц, чемпион хилира тоьлла 4 матчехь (1 маччехь цхьан а ца туьйлира). Мазуркевича пхеа матчехь ши буьрка бен чекх ца ялийтира. Оцу шарахь Ладислаос яьккхира Уругвайн шолгӀа чемпионат, цигахь цуо хӀоттийра чемпионатан рекорд — 985 минот цхьан а буьрка чу ца тухуьйтуш, 11 матчехь гергга. Юха шарахь «Пеньярола» юха а яьккхира Уругвайн чемпионат, ткъа Мазуркевича хӀоттийра керла рекорд — 5 буьрка бен чу ца тохийтира чемпионатехь. 1969 шарахь «Пеньярола» яьккхира рогӀера дуьненаюкъара хӀонс — Континенташна юкъара чемпионийн Суперкад.
Цул тӀаьхьара шераш башха аьтту болуш ца хилира «Пеньяролан»: цуьнан гуттаренно волу мостагӀ, «Насьональ», хьалавахара лакха. Амма къоман гулйина коммандера гӀуллакхаш гӀо дацара: ДЧ-1970 Мексикехь Уругвайс йоьалгӀа меттиг яьккхира (Мазуркевич цунна тӀе уггаре дика кевнахо хилира).
1971 шаврахь Мазуркевич дӀавахара «Пеньяроль» юкъара, Бразили дӀа а вахана,«Атлетико Минейро» клуб юкъахь ловзархьама. Клуб исторехь дуьххьара хилира футболех ловзаран Бразилин чемпион. Оццу шеран майхь, Мазуркевича дакъа лецира гулйина седарчийн командин юкъахь Яшин Леван Ӏадикаяран матчехь.
1974 шарахь Мазуркевича дакъа лецира шен кхоалгӀачу дуьненан чемпионатехь — ФРГхь. Уругвайн гулйина команда гӀуо левзира, тобанера ара а ца елира, амма оцу хьолашкахь а Ладислаос гайтира чӀогӀа дика ловзар, цунах, 8 шо хьалха санна, турниран кхоалгӀа голкипер, цул хьалха вара немцо Майер Зепп а, поляк Томашевский Ян а. Европехь висина, Мазуркевич левзира Испанехь («Гранадехь»), амма шолгӀачу шарахь юхавирзира Уругвай, цигахь левзира цхьаьна шарахь. Цул тӀаьхьа вахара Чили, «Кобрелоа» клубе, цигахь левзира шина шарахь, цул тӀаьхьа шаран Колумбе вахара. Мазуркевича ловзар сацийра 1981 шарахь шен «Пеньяролехь».
Футболистан карьера чекхъяьлча цуо болх бира «Расинг» (Монтевидео), «Серро» (Монтевидео), «Пеньяроль» клубийн кевнахойн тренер (1982).
Мазуркевич ца могуш вара хала респираторан цамгарех. 2012 шеран 30 декабрехь иза коме вуьйжира жаннийн бала бахьнехь, 2013 шеран 2 январехь кхелхира.
Шен дахар[нисъе бӀаьра | нисъе]
Мазуркевичан да полякех вара, ткъа нана — испанхо. Шен полякийн орамаш доллушехь, Мазуркевичан полякийн мотт а ца хаара, цкъан а Польше ца вахара[5].
СовгӀаташ а, кхиамаш а[нисъе бӀаьра | нисъе]
Командан[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Къилба Америкин чемпион: 1967
- Къилба Америкин чемпион U-20: 1964
- Бразилин чемпион: 1971
- Уругвайн чемпион: 1965, 1967, 1968, 1981
- Либертадоресан кад баьккхинарг: 1966
- Дуьненаюкъара кад баьккхинарг: 1966
- Континенташна юкъара чемпионийн Суперкад баьккхинарг: 1969 (къилбаамерикин дакъа)
- Дуьненан чемпионатан ахфиналхо (борза 4-гӀа меттигна) (1) 1970
- Дуьненан чемпионатан декъахо: 1966, 1970, 1974
Долара[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Дуьненан чемпионатан уггаре дика голкипер: 1970
- Дуьненан чемпионатан кхоалгӀа голкипер: 1966, 1974
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- ↑ FIFA.com Welcome to FIFA.com News - Goalkeepers who belied their size - FIFA.com (ингалс.). www.fifa.com. Теллина 2020 шеран 23 январехь.
- ↑ http://www.rp.pl/artykul/965827-Zmarl-slynny-urugwajski-bramkarz-polskiego-pochodzenia.html#ap-1
- ↑ Ladislao Mazurkiewicz: Goalkeeper who thwarted England in 1966 (ингалс.). The Independent (9 January 2013). Теллина 2019 шеран 29 декабрехь.
- ↑ https://resources.fifa.com/image/upload/world-cup-1966-500971.pdf?cloudid=mum7m7twoxdrbcwvfks8
- ↑ Zmarł słynny bramkarz Ladislao Mazurkiewicz Rzeczpospolita, 2 января 2013.
ХӀара яззам табарна бакъхьа ду?:
|
Кеп:Уругвай ДЧ 1966 Кеп:Уругвай КъАЧ 1967
Кеп:Футболех ловзаран дуьненан чемпионатийн уггаре дика кевнахой
- Бинарш 14 февралехь
- Бинарш 1945 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Мальдонадо департаментехь
- Белларш 2 январехь
- Белларш 2013 шарахь
- Белларш Монтевидеохь
- Спортхой абатца
- Футболисташ абатца
- Футболан тренераш абатца
- Уругвайн футболисташ
- Футболех ловзаран Уругвайн гулйина командин ловзархой
- Футболан кевнахой
- ФК «Пеньяроль» ловзархой
- ФК «Атлетико Минейро» ловзархой
- ФК «Гранада» ловзархой
- ФК «Америка» Кали ловзархой
- ФК «Кобрелоа» ловзархой
- Футболех ловзарех Къилба америкин чемпионаш
- ФК «Пеньяроль» тренераш
- ФК «Расинг» Монтевидео ловзархой