Маза (даар)

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Мазаца бошхап Урданехь

Маза я мазат (Ӏаьрб., مَزة, грек. μεζέ, болг. мезé, макед. мéзе, схьадаьлла туркойн meze, юьхьанцара гӀажарийн مزه «чам, тӀекхоллург»[1][2]) Малхбален Лаьттаюккъера хӀордан йистехьтӀекхоллучийн я кегийра даарийн, дукха хьолахь ло вахоран маларшца, масала къаркъанца, узоца, ракыца, ракияца я тайп-тайпана чагӀаршца.

Ливанан кухнехь а, Кавказехь а, алсама Эрмалойчоьн а, Гуьржийчоьн а кухнешкахь, и даар охьадуьллу тӀекхоллург санна, доккхачу дааран дакъа санна[3]. Нагахь, мазаца вахо маларш дацахь, цунах Ӏаьрбийн дашца олу мукъаббилат.

Туркойн мазан бошхап
Грекийн маза: зайтдаьтта тоьхна, орегано тесна, зайташца, бепигца кечдина фета нехчанца бошхап

Туркойчохь, мейхан олучу меттигашкахь, маза охьадуьллу ракица (анисан аперитив). Туркойн маза лаьтта кӀайн нехчанах, пастанах, бӀараш йолу цӀиен бурчах, йогуртах, шийла баклажанан салатах, артишоках, далманех, жижиган авголех.

Желтойчохь а, Кипрехь а, маза — довха я шийла, дукха хьолахь туьха тесна кегийра даарш. ХӀордан сурсаташ а охьадуьллу маза санна. Ресторанашкахь кечдеш долу мезех олу мезедеполион, хьалха дуьллу узо маларца.

Ливанехь маза къоман даар ду. Маза хуьлу жижиг доцуш, жижигца я чӀераца. Тайп-тайпана тӀедаарш бошхап тӀекхоьхьу мосийттаза, пхиазза - иттазза. Даарш охьадахкаран стандартан рагӀ ю, хьалха охьайохку зайташ, тахиниш, салаташ, йогурташ, тӀаккха хасстоьмаш а, хӀоьаш а тоьхна даарш. Цул тӀаьхьа кегийра жижиган я чӀеран даарш, тӀаьххьара, охьадохку коьрта даарш, масала, гриль тӀаьхь жижиг. Тайп-тайпанчу хӀума юучу меттигашкахь бес-бесара даарш хуьлу, шайн башхаллаш йолуш, амма охьадилларан схема хийца ца ло. Шеран заманашка хьожжий охьадохку даарш, масала, гуьйренан чаккхенгахь, жижиган метта ло этмаьӀиг. Кечдеш алсама даарш долу дера, дерриг даа аьлла а дац.

Сербехь мазан юкъа йогӀу нехча, тӀуо, салями, кхагийна хьакхин жижиг, тайп-тайпана кепара бепиг, ткъа Боснехь а, Герцеговинехь а иза лаьтта онда нехчанех, тӀуох, дакъийна бежанан жижигах, шоврах, дакъийна йоьхьех.

Албанехь мазан бошхап лаьтта прошуттох (Ӏуьргаш долу хьакхин жижиг), салямих, шовранара нехчанех, цаьрца ло кхаьрзина бурч я зайташ.

Хьажа кхин а[нисъе бӀаьра | нисъе]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Merriam-Webster Online — определение мезе
  2. Encarta Dictionary Online — определение мезе Архивацийина 21 февралехь 2009 шеран.
  3. Alan Davidson, The Oxford Companion to Food, Oxford University Press, 1999, pp. 500—501.

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]