Магомаев, Муслим Магометович (воккха)

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Муслим Магомаев
Müslüm Maqomayev
Magomayevsr.jpg
Коьрта хаам
Юьззина цӀе Ӏабдул Муслим Магомет оглы Магомаев
Вина терахь 1885 шеран 18 сентябрь({{padleft:1885|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:18|2|0}})
Вина меттиг Соьлжа-ГӀала[1],
Теркан область,
Российн импери
Кхелхина терахь 1937 шеран 28 июль({{padleft:1937|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:28|2|0}}) (51 шо)
Кхелхина меттиг Нальчик, ГӀебартойн-Балкхаройн АССР, РСФСР, ССРС
Пачхьалкх Российн империFlag of Russia.svg Российн импери
АзербайджанFlag of Azerbaijan.svg Азербайджан
ССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРС
Говзаллаш композитор, дирижёр
Commons-logo.svg Аудио, фото, видео Викилармехь


Магома́ев Ӏабду́л Мусли́м Магоме́т оглы (азерб. Abdul Müslüm Məhəmməd oğlu Maqomayev, Муслим Магометович Магомаев; 1885 шеран 18 сентябрь, Соьлжа-ГӀала[1], Теркан область, Российн импери1937 шеран 28 июль, Нальчик, СССР) — Азербайджанан Советан пачхьалкхан композитор а, дирижёр а, Азербайджанан ССР-н исбаьхьаллин сийлахь гӀуллакххо (1935), азербайджанийн классикан музыкан бухбиллархойх цхьаъ[1]. Йишлакхархочун Магомаев Муслиман ден да.

Жимчахь дуьйна музыке гӀерташ вара, ишколан музыкан кхолламаллехь дакъа лоцуш вара[⇨], ТIехьарчу Кавказан хьехархойн семинарин оркестрехь вара, цигахь вевзира Гаджибеков Ӏузеир, валлалц доттагӀалла лелийра цуьнца. Семинари чекхъяьккхича болх бира хьехархо, хьалха Къилбаседа Кавказехь, тӀехьа Азербайджанехь, цигахь ша экстернца Тифлисан хьехархойн институте экзаменаш дӀаелча охьахиира Бакохахь[⇨]. Цигахь иза юкъавахара Гаджибековн куьйгаллехь йолу меттигерчу операн тобана, хьалха музыкант санна, тӀехьа — дирижёр а, театран куьйгалхо а. Кхин дӀа Азербайджанийн ССР серлонан Халкъан комиссариатехь даржашкахь лаьттира[⇨].

Ши опера а язйина — «Шах ИсмаӀил» а, «Наргиз» а, тӀеххьарниг ю советийн тематикера дуьххьара азербайджанийн опера. Магомаевн кхоллараллехь Ӏаткъаман лар юьсу, хьалххарчу шерашкахь дуьйна шена езначу, Азербайджанийн къоман исбаьхьаллин. Кхин а иза ву автор кхо бӀе гергга азербайджанийн халкъан хелхарийн, эшарийн, кхин мелодийн симфонийн кечамийн[⇨].

Велла йовхарийн цамгарх 1937 шарахь 28 июлехь Нальчикехь.

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Бералла[нисъе бӀаьра | нисъе]

Муслим (аьрру агӀора) ненаца а, вешица Мохьмадца а

Магомаев Ӏабдул-Муслим Мохьмад охлы вина 6 (18) сентябрехь 1885 Соьлжа-ГӀалахь[2][3][1][4][5]. Да — Магомаев Мохьмад Соьлжа-ГӀала кхелхина герзан пхьар вара. Магомаевн доьзало дийцарехь, жима Мохьмад Соьлжа-ГӀала валийна имам Шемала[6][7]. Цхьаболчара чIагIдо, Мохьмад вина Йоккхачу АтагIехь[8][9], дукхахболчара боху, вина меттиг билгалъяккха аьтту бац[6][7].

МагомаевгӀеран доьзалехь музыка дукха езара[7]. Ӏабдул-Муслиман дуьххьара хьехархо хилира цуьнан воккхаха волу ваша Мохьмад, иза сурт дуьллуш а, сурт доккхуш а, шедаг, Кехат пондур дика локхуш вара[5][9]. Кехат пондур лакха цуо Ӏабдул-Муслим а Ӏамийра. ТӀехьа, Соьлжа-ГӀалин ишколехь доьшучу хенахь, Мохьмад хилира ишколан оркестран куьйгалхо[6][10], хьийхира хелхарш. Сурт дилларехь болчу кхиамаш бахьнехь ишколан куьйгалло жима стаг исбаьхьаллин училище хьажо гӀертара, амма доьзалан иза дан таро ца хилира[5]. Хирволу композитор шен вешера масал эцна Соьлжа-ГӀалан ишколе вахара[6][10], иза 1900 шарахь чекхъяьккхира[11].

Хьехархочун карьера[нисъе бӀаьра | нисъе]

Горин семинарин студенташ, Гаджибеков аьрру агӀора лаьттахь хиана ву, цунна тӀехьа гӀанта тӀехь хианаӀа Магомаев

1900 шарахь Ӏабдул-Муслим Гориехь йолчу ТIехьарчу Кавказан хьехархойн семинарин ладогӀархо хӀоьттира[11]. Цигахь доттагӀалла тасаделира Гаджибеков Ӏузеирца, цу шинан дукха хӀумнаш тера дара, ший а цхьаьна дийнахь вина а вара[10]. Гобой лакха а Ӏамийна, Магомаевх семинарийн оркестран солист хилира[6][10][12], цуьнан репертуарехь оьрсийн а, европийн а композиторийн кхолламаш бара[13]. 18 шо долуш Магомаевх хилира оркестрехь лакхара музыкант, сих-сиха дирижер меттана болх а бора цуо[6][10][12]. Кхин а Магомаевс ишколан хорехь йиш а лакхара[14].

Семинарехь Ӏабдул-Муслиман езаелира кавказан халкъан музыка. Цуо музыкан фольклорех болу хаамаш дукха сиха гулбира, 1900 шарахь цуьнан яззамаш Парижехь Дуьненаюкъара гайтамехь дӀахиттийра. Кхуззахь язбира цуо музыкан кхолламаш: вальс «Сатийсар», мазурка «Семинархо», кхин цхьа могӀа кхолламаш а[15].

Магомаевн да ваьхна а, пхьола дина а Гахера цӀа

1902 шарахь семинарин студенташ болуш, Магомаев Муслим а, Гаджибеков Ӏузеир а баьхкира Кахе Муслиман да Магомаев Мохьмад волчу, иза эчиг пхьола деш вара Ичери-базар куьпахь[16] (иза диц ца далийтархьама Магомаевн да ваьхна а, болхбина а волчу цӀийнан пена тӀехь, хӀоттийна мемориалан у). 1904 шарахь семинари чекхйоккхуш[3] дешарехь тӀех сов кхиамаш хиларна Ӏабдул-Муслиман совгӀатна Ӏад хьокху пондур белира[17] ахчан совгӀат а дира[18].

Семинари чекхъяьккхича, Магомаев декхарехь вара масех шарахь халкъан ишколехь болх бан[18]. Иза хьажийра ишттачу ишколе[10] Бековичи юрта[12]. Цигахь цуо кхоьллира ишколан хор, церан гайтарш хазахетара меттигерчу бахархошна[18]. 1905 шеран сентябрехь[19], Соьлжа-ГӀалахь болх кара а ца бина[9], Магомаев кхелхира Ленкоране[20]. Цигахь иза хьеха волавелира оьрсийн мотт, истори, хими[17] меттигерчу училищехь[4], цхьана моггӀара кхоьллира музыкан гуо[12], цуо йора музыкан суьйренаш а, театран гайтамаш а[17]. Цуьнан хенарчара тешалла дарехь, Ӏабдул-Муслиман белхо дикка айира оцу жимачу гӀалара оьздангалла[19], ткъа ленкоранан театран гуо билгалбаьккхира «Бакох» газетан лоьмаран «Бусулбачеран дахар» бӀогӀамехь [21].

1911 шарахь, декхаран белхаш чекхдевлча, Магомаевс Тифлисан хьехархойн институтехь экстернца экзаменаш дӀа а елла[12][17][22] Бакох дехьавелира, цигахь Сабунчехь[14] йолчу гӀалин училище балха вахара[4]. Кхузахь хьехна ца Ӏаш дӀайиллира меттигера белхалошна йоза Ӏамо суьйренан курсаш[22]. 1918 шарахь Гражданийн тӀом баьлча, цуо дитира и дарж[4].

Музыкан карьера[нисъе бӀаьра | нисъе]

Бакохахь «Шах ИсмаӀил» опера хӀоттийначул тӀехьа. Магомаев лакхахь юккъехь хиина ву, аьрру агӀора лахахь хиина ву опера хӀотторан режиссёр Шарифзаде. 1929/30 шерийн сезон

Бакохь хьоьхучу хенахь Магомаев Ӏабдул-Муслим болх бан волавелира куьйгаллехь Гаджибеков Ӏузеира волу меттигерчу бусулбанийн операн тобанца. 1911 шарахь, ша дӀакхелххинчу хенахь, Азербайджанийн музыкан театран оркестрехь иза Ӏад хьокху пондур лакха волавелира[23][24]. Оцу шарахь Гаджибеков Москвоха деша вахара, ткъа 1912 шарахь — Пиетарбухе, тӀаккха Магомаевс шена тӀелецира шен доттагӀ дешна валлалц цунна рицкъ латтор[25]. Магомаевс схьаийцира театр шен куьйгалле Сарабски Хьусейнкулица а, Терегулов Мамед-Хьанафица а цхьаьна. 1912 шарахь иза дирижер вара оркестрехь[23].

1913 шарахь Магомаев волавелира «Безам» а, «Шах ИсмаӀил» операш язъян. «Безам» чекх ца яьккхира, кхолламан язйина ари бен ца йисна[26]. «Шах ИсмаӀилан» тӀехь бен болх чекхбаьккхира 1916 шарахь[6][24]. Операн хьалхарчу редакцехь шорта къамелийн эпизодаш яра, ткъа музыка импровизацин а, мукъаман а принципаш тӀехь яра[14], шолгӀачу а, кхоалгӀачу а редакцешкахь, диалогаш хийцира речитативашца, ткъа импровизацино дӀабелира шен меттиг хорашна а, аришна а[12]. Халкъан музыкан ойланаш кхианаяьллачу операн кепан гурачохь кхочушйина, «Шах ИсмаӀил» хилира Азербайджан музыкан исбаьхьалла кхиоран ладаме мур[14]. Кхин тӀе опера туояран процессехь Магомаевс кхоьллира уггар хьалхачарех азербайджанан халкъан музыкан нотийн яззамаш[12]. Кхолламан премьера леринера 1916 шаран, амма хан тӀекхачале чохь опера хӀотто еза Тагиевн драман театран гӀишло егира[27]. ШолгӀа премьера леринера 1919 шеран 7 мартана[6]. Ши де дисинчу хенахь вийра хӀоттамехь режиссёр даржехь дакъалаца дезаш волу Араблински Хьусейн[27], амма премьера хилира, къегина а хилира: опера араялар билгалдаьккхира боккхачу аьттонца[6]. 1938 шарахь Глиэр Рейнгольдан редакцехь «Шах ИсмаӀил» опера гайтира Москвохахь Азербайджанин исбаьхьаллин декадийн деношкахь[28].

Магомаев (хиина ву аьтту агӀора) композиторшца Глиэрца (юккъехь хиина ву) , Бадалбейлица (хиина ву аьрру агӀора) а. Москва, 1930-гӀанаш

1920 шарахь Магомаев Ӏабдул-Муслима халкъан серлонехь бина белхийн мах хадийра — иза Азербайджанийн ССР серлонан белхалойн союзан председатель хаьржира[4]. 1921 шарахь Магомаев Азербайджанан серлонан халкъан комиссариатан исбаьхьаллин декъан куьйгалле хӀоттийра, тӀехьа Азербайджанан драман театран исбаьхьаллин куьйгалхочун даржехь, М. Ф. Ахундовн цIарахчу Азербайджанан операн а, балетан а театран коьрта дирижёр даржехь белхаш бира[4]. 1929 шарахь Магомаев Азербайджанан радиоцентран музыкан декъан куьйгалхо вара[24], оцу даржехь иза лаьттира 1931 шо кхаччалц[4].

1932 шарахь волавелира опера язъян Кёрохлых лаьцна эпосан дийцаран сюжетехь, амма шена Гаджибеков изза теман кхоллам язбеш вуй хиича, хӀаллак дира шен тептар, доттагӀчо кхин а дика язйийр ю опера аьлла[17]. Цул тӀехьа иза волавелира «Наргиз» язъян, цуо дуьйцура Азербайджанан ахархоша XX бӀешарахь советан Ӏедал хӀотто гӀерташ бинчу къийсамех лаьцна[14][24]. Премьера 1935 шеран 24 декабрехь Бакохахь хилла болу и кхоллам[6], азербайджанан советан тематикан хьалхара опера хилира[12][14].

1937 шарахь композитор цомгаш хилира йовхарийн лазарца. Доьзалехь дийцарехь, цамгаран бахьана хилира Кура хин чу йоьжна шен зуда хьалайоккхуш шелвалар[29][30]. Цамгар чӀагӀлуш яра, тӀаккха иза дарбана Нальчике вахара, цигахь иза кхелхира 1937 шеран 28 июнехь[4][12][14]. ДӀавоьллина композитор Бакохара сийлаллин дIабухку аллейхь[31].

Доьзал[нисъе бӀаьра | нисъе]

Images.png Арахьара суьрташ
Image-silk.png Магомаев Iабдул-Муслим кIантаца Джамалца, хууш долу т1еххьара композиторан сурт[6].
Магомаев Ӏабдул-Муслим шен зудчунца Байдигюльца. 1906 шо

Муслиман ши ваша а, кхо йиша а яра[6]. Цуьнан зуда Терегулова Байдигюль яра[32], иза йиша яра операн йишлакхархочун Терегулов Хьанафин а, Гаджибекова Малейкен а[10] (Гаджибеков Ӏузеиран стунйиша[27]). Церан ши кӀант вара[32]: Джамал-Эддин а, Мохьмад а[30]. Хьалхарниг 1953—1957 шерашкахь Азербайджанийн ССР-ан промышленностан министр даржехь лаьттира[33], шолгӀаниг театран суртдиллархо а, мультипликатор а вара, шен бронь йоллушехь Сийлахь Даймехкан тӀаме вахара, кхелхира 1945 шеран 24 апрелехь Берлин йоккхуш[32]. Цуьнгахь марехь йолчу актрисас Кинжалова Ӏайшета кӀант Муслим вира[30], тӀехьуо эстрадан а, операн а йишлакхархо хилла волу[6].

Музыкан кхолламаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

"Музыкан энциклопеди"но (1976) балабо Магомаевн лахара кхолламаш[28]:

Операш
  • Шах ИсмаӀил (1916, хӀоттийна 1919 шарахь Бакохахь);
  • Наргиз (язйина, хӀоттийна 1935 шарахь Бакохахь).
Музыкан комеди
  • Хоруз бей (Эла боргӀал, чекх ца яьккхина).
Оркестран
  • «Миска» фантази
  • XVII партийн гуламан лерина марш;
  • РВ-8 марш, кхин а.
Спектаклашна яьккхина музыка
Фильмашна яьккхина музыка
  • «Азербайджанан исбаьхьалла»;
  • «Тхан рапорт», кхин а.

Музыке диллина дакъа[нисъе бӀаьра | нисъе]

Опера «Наргиз» ССРС поштан маркин тӀехь

Магомаев Ӏабдул-Муслим ву 15 симфонийн кхолламан автор, царна юкъахь ши опера, маршаш, масех рапсоди. Кхин а цуьнан бу итт гергга азербайджанийн поэтийн байтийн вокалан кхоллам. Хууш ду цуьнан кхаа чекхбаккханза болчу кхолламех: опера «Безам», балет «Дэли Мухтар», музыкан комеди «Хоруз бей»[4][12][24][26]. Цул сов, Магомаев ву театран хӀоттамашна («Белларш», «1905 шарахь»[4] а, кинофильмашна а музыка язйинарг[6] («Азербайджанан исбаьхьалла» а, «Тхан рапорт» а[14]).

Магомаевн «Наргиз» опера лору азербайджанан классикан музыкан-сценийн кепера хьалхара опера. Магомаевн а, Гаджибековн а хьалхара операш ю мукъамийн[34]. Кхин а Магомаев ву хьалхарчарех цхьа автор азербайджанийн массийн эшарийн[28].

Магомаевс болх бира гулъеш, систематизаци еш нохчийн[8] а, азербайджанийн а, кхечу кавказан фольклор[15]. Азербайджаначун цуо алсама терго йора, иза автор волуш бина бу симфонийн белхаш кхобӀе гергга азербайджанийн халкъан эшарш а, хелхарш а тӀехь, цхьа дакъа царех арахийцира «Азербайджанан халкъан эшарш» цӀе йолчу гулам чохь 1927 шарахь[14]. Гулам чу бахара Магомаевн а, Гаджибековн а халкъан кхолламаш тӀехь бина белхаш[24][2][20][35].

Магомаевн кхоллараллан бух бу Азербайджанан къаьмнийн исбаьхьалла[12], иза Ӏамош вара иза ишколера дуьйна[6]. Композитор ца ведира Европийн а, хьалхарчу рогӀехь, оьрсийн а композиторийн зеделлачух, иза доьхкура цуо халкъан музыкца[12], иштта арайоккхура тӀеххьарниг дуьненан тӀегӀане[27]. Цуьнца цхьаьна билгалъяха мегар ду цуьнан кхолламийн лакхара ойланаш[14]: царна чохь гойту азербайджанхойн къоман хьекъал а, буржуазин дуьхьала болу халкъан массин къийсамаш а[12].

СовгӀаташ а, иэс а[нисъе бӀаьра | нисъе]

1935 шарахь Магомаев Ӏабдул-Муслиман Азербайджанийн ССР исбаьхьаллин хьакъ долу гӀуллакххо дарж делла[12][24]. Магомаевн цӀе елла:

Филармонин гӀишлон хьалха Магомаев Ӏабдул-Муслиман 1987 шарахь боьгӀна хӀоллам бу. Иза бина скульптора Эльдаров Ӏумара а, архитектора Салехов Арифа а[36]. Бакохахь Низамин урамера лоьмар 41 йолчу цӀийнан пена тӀехь, композитор ваьхначохь, хӀоттийна мемориалан у.

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. 1 2 3 4 Магомаев, Муслим Магометович (воккха) — яззам бу Большой советской энциклопедии чура. 
  2. 1 2 Музыкальная энциклопедия, 1976.
  3. 1 2 Советские оперы, 1982, с. 411.
  4. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 Магомаев Абдул-Муслим Магометович. Международный Объединенный Биографический Центр. Архив йина хьалхара хьостан чура 2016 шеран 12 сентябрехь. Теллина 2016 шеран 12 сентябрехь.
  5. 1 2 3 Исмаилова, 1975, с. 4.
  6. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 Светлой памяти великого композитора посвящается. Муслим (интернет-журнал). Архив йина хьалхара хьостан чура 2016 шеран 12 сентябрехь. Теллина 2016 шеран 12 сентябрехь.
  7. 1 2 3 Мешаненкова, 2013, с. 10.
  8. 1 2 Хаджимуратова, Арсалиев, 2014, с. 206.
  9. 1 2 3 История Чечни, 2013, § 2. Новые явления в культуре чеченского общества, с. 541.
  10. 1 2 3 4 5 6 7 Магомаев, 1999, с. 10.
  11. 1 2 Исмаилова, 1975, с. 5.
  12. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 Гаджибеков, 1938.
  13. Исмаилова, 1975, с. 8—9.
  14. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 Аббасов, 1952.
  15. 1 2 Исмаилова, 1975, с. 10.
  16. Hüseynzadə F. Tanıdığımız və tanımadığımız Qax (az) // Palitra. — 2015. — 29 sentyabr.
  17. 1 2 3 4 5 Магомаев, 1999, с. 11.
  18. 1 2 3 Исмаилова, 1975, с. 11.
  19. 1 2 Исмаилова, 1975, с. 12.
  20. 1 2 Советские оперы, 1982, с. 412.
  21. Исмаилова, 1975, с. 13.
  22. 1 2 Исмаилова, 1975, с. 13—14.
  23. 1 2 Исмаилова, 1975, с. 14.
  24. 1 2 3 4 5 6 7 Абасова Э. Г. Муслим Магомаев-старший. Belcanto.ru (2011, 6 январь). Архив йина хьалхара хьостан чура 2016 шеран 12 сентябрехь. Теллина 2016 шеран 13 сентябрехь.
  25. Узеир Гаджибеков(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Телекомпания МИР. Теллина 2010 шеран 18 июнехь.
  26. 1 2 Исмаилова, 1975, с. 17.
  27. 1 2 3 4 Гусейнова, 1998.
  28. 1 2 3 Музыкальная энциклопедия, 1976.
  29. Мешаненкова, 2013, с. 11.
  30. 1 2 3 Магомаев, 1999, с. 12.
  31. Выдающийся певец, народный артист СССР Муслим Магомаев похоронен в Аллее почетного захоронения. ИА АПА(азерб.) (2008, 29 октябрь). Теллина 2016 шеран 26 сентябрехь.
  32. 1 2 3 Мешаненкова, 2013, с. 13.
  33. Депутаты ВС СССР, 1970, с. 265.
  34. Музыкальный энциклопедический словарь, 1990, Азербайджанская музыка.
  35. Григорьев, Платек, 1981, с. 181.
  36. Азеринформ, 1987.

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]

Жайнаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Яззамаш[нисъе бӀаьра | нисъе]