Магарамкент

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Эвла
Магарамкент
лаьзг. Мегьарамдхуьр
Пачхьалкх Росси
Регион ДегӀаста
Муниципалан кӀошт Магарамкентан
Юьртан меттиг Магарамкентан
Координаташ 41°36′57″ къ. ш. 48°20′55″ м. д.HGЯO
Йиллина 1801 шарахь
ХӀордан сизал локхалла 377 метр
Бахархой 6953[1] стаг (2010)
Къаьмнийн хӀоттам лаьзгий
Динан хӀоттам Бусалба-суннийш
Бахархойн цӀерш магарамкентхо, магарамкентхой
Сахьтан аса UTC+03:00
Телефонан код +7 87235
Поштан индекс 368780
ОКАТО 82237840
Официалан сайт magaramkent.com
Магарамкент картан тӀехь
Магарамкент картан тӀехь
Red pog2.svg
Магарамкент картан тӀехь
Red pog2.svg

Магарамкент (лаьзг. Мегьарамдхуьр[2]) — ДегӀастан республикан эвла. Магарамкентан кӀоштан а, Магарамкентан сельсовет юьртан меттиган административан юкъ.

ЦӀе[нисъе бӀаьра | нисъе]

Магарамкентан шен цӀе кхаьчна хӀокху меттиге дуьххьара, бун тоьхна хиинчу, Кубан провинцера Магарамера[3].

Климат[нисъе бӀаьра | нисъе]

Кёппенан климатийн классификацица, Магарамкентан климат, герга ю субтропиканчун, довха, лаьтташ ло доцуш без Ӏаьнца а, тӀех йовха, екъа аьхкенца.

Магарамкента климат
Гайтам Янв. Фев. Март Апр. Май Июнь Июль Авг. Сен. Окт. Нояб. Дек. Шо
Юккъера максимум, °C 4,3 4,1 7,7 15,1 20,0 25,2 28,3 30,9 23,3 16,9 11,0 6,5 16,1
Юккъера температура, °C 0,4 0,6 4,0 10,3 15,6 20,3 23,5 23,9 18,7 12,7 7,4 3,0 11,7
Юккъера минимум, °C −3,4 −2,8 0,4 5,6 11,2 15,5 18,7 17,0 14,1 8,5 3,8 −0,5 7,3
Йочанан норма, мм 27 32 33 39 46 30 29 30 46 59 40 35 446
Хьост: [1]

Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

Эвла йиллина XIX бӀешо долалуш. Кубан гӀаттаман декъашхо хилла гӀаттамхойн кюрин тобан коьртехь волу Махьмуд-эфенди Магарамкентера[4]. Оцу муьрехь Магарамкент лаьтташ хилла Кюрин ханаллин а, Кубан провинцин а юккъехь, шинне юкъах а ца йогӀуш. 1866 - 1928 шерашкахь Магарамкент Гюнейн наибаллин Кюрин гуон юкъахь хилла. Куйсун а, Тагиркент а эвланашца цхьаьна кхоьллина Магарамкентан юьртан юкъаралла. 1886 шарахь Магарамкентехь ваьхна 369 стаг[5]. 1936 шарахь йиллина Магарамкентан № 1 йолу ЮДИ, ткъа 1964 шарахь йиллина Магарамкентан № 2 йолу ЮДИ, оцу хенахь юьхьанцалера ишкол яра иза. 1965 шарахь Магарамкенте кхелхира Кансавкент, Билль-Биль, Газер эвланашкара бахархой, амма уггаре дукха кхелхира Целегюн[6] эвлара.

Бахархой[нисъе бӀаьра | нисъе]

Бахархойн дукхалла
1959[7]1970[8]1979[9]1989[10]2002[11]2010[1]
182133523758432762666953


Кхин тӀе[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Хореографин ансамбль «Магарамкент»[12]

ГӀарабевлла эвлахой[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Алахвердиев Арсен — советийн паргӀата кепара латархо, Европан кхоазза чемпион, ССРС чемпион а, чемпионатийн масийттаза совгӀатхо а, ССРС Спортан хьакъдолу говзанча (1973). ДегӀастанан АССРн Оьздангаллин хьакъдолу белхало (1972).
  • Исмаилов Эльдер — дуьненаюкъара къобал вина радиацин биофизикан говзанча[13].
  • Ахмедов Герман — российн лингвист а, методист а, текстан лингвистикан областера а, къоман ишколехь оьрсийн мотт хьехаран методикан а говзанча, филологин Ӏилманийн доктор.
  • Казиев Нажмудин — Российн федерацин хьакъдолу металлург, 2 тӀегӀанера «Даймехкан гӀуллакхаш дарна орденца» совгӀат дина.

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. 1 2 Всероссийская перепись населения 2010 года. Таблица № 11. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских и сельских населённых пунктов Республики Дагестан. Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 13 майхь. Теллина 2014 шеран 13 майхь.
  2. А. Ганиева. Лезги халкьдин манияр: Дагъустандин халкьрин манияр, сериядал. — Махачкала : Дагучпедгиз, 1970. — С. 129. — 134 с.
  3. Лавров Л. И. Этнография Кавказа (по полевым материалам 1924 — 1978 гг.). — Л.: Наука, 1982. — С. 154.
  4. Кавказская война из показаний участников восстания кубинских лезгин
  5. Бахархой Гюнейского наибства Кюринского округа по сёлам в 1886 шоу
  6. Магарамкентская СОШ № 2(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 31 октябрехь. Теллина 2012 шеран 12 майхь.
  7. Всесоюзная перепись населения 1959 года. Численность сельского населения РСФСР - жителей сельских населённых пунктов - районных центров по полу
  8. Всесоюзная перепись населения 1970 года. Численность сельского населения РСФСР - жителей сельских населенных пунктов - районных центров по полу. Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 14 октябрехь. Теллина 2013 шеран 14 октябрехь.
  9. Всесоюзная перепись населения 1979 года. Численность сельского населения РСФСР - жителей сельских населённых пунктов - районных центров. Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 29 декабрехь. Теллина 2013 шеран 29 декабрехь.
  10. Всесоюзная перепись населения 1989 года. Численность сельского населения РСФСР - жителей сельских населённых пунктов - районных центров по полу. Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 16 ноябрехь. Теллина 2013 шеран 20 ноябрехь.
  11. Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более. Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 3 февралехь.
  12. Коллективы Магарамкентского района приняли участие в празднике «Мелодии и ритмы Шалбуздага»(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чура 2016 шеран 4 мартехь. Теллина 2012 шеран 18 сентябрехь.
  13. Магарамкентская СОШ № 1(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 14 июлехь. Теллина 2012 шеран 12 майхь.

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]