Маар

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
ТӀапломан Айфель кӀоштара кхаа йоккхачех маарийн тоба

Маар — конус а йоцуш Ӏуьрг долу, дикка нийса бух болу эккхаран кратер, цунна гонаха хуьлу Ӏаьтторан семса сурсатех бина лоха вал.

Бовзийтар[нисъе бӀаьра | нисъе]

Маараш наггахь хих буьзна хуьлу. Мааран диаметр хийцало 200 м тӀиера 3200 м кхаччалц, кӀоргалла — 150 тӀиера 400 м кхаччалц. Маараш кхоллало цкъа эккхар бахьнехь, эккхаран бахьна ду лаьттан бухара хиш йохйинчу породех кхетар, тӀаккха фреатически Ӏаьттор хуьлу. Церан амалехь ю юкъан пенаш кӀезиг кхиар, цунна чуьра арадолуш лаван Ӏовраш ца хилар, боца Ӏаьттор а, эккхаран боккха ницкъ.

ТӀапломан Айфель кӀоштахь(ингалс.)Айфель дукъан декъехь — лаьтта 25 маар, дукхаха дерш царех дикка даккхий ду, хих дуьзна Ӏаьмнаш ду. Маараш кӀезиг бац къилбаседа Квинслендера Атертон акъарин тӀаьхь, царна юкъахь даккхий Ӏаьмнаш а ду: Баррин (103,5 га), Ичем Ӏам (50,3 га). Камчаткин Узон тӀапломан кальдерера 1,65 км диаметр йолу цхьа маар, буьзна бу Дальни Ӏоман хишца[1].

Хьажа кхин а[нисъе бӀаьра | нисъе]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Лесненко В.К. Мир озер. — М.: Просвещение, 1989. — С. 18. — 158 с. — (Мир знаний). — ISBN 5090014779

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]