Насуханова Ляля Ӏандарбекан йоӀ

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Ляля Насуханова тӀера хьажжина кхуза)
Насуханова Ляля Ӏандарбекан йоӀ
ГӀуллакхан тайпа йукъараллин гӀуллакххо, лётчик
Йина терахь 1939({{padleft:1939|4|0}})
Йина меттиг
Кхелхина терахь 2000({{padleft:2000|4|0}})
Кхелхина меттиг Къилбаседа ХӀирийчоь
Корматалла лётчик-инструктор, парашютист, йукъараллин гIуллакхо
Гражданалла ССРС ССРС Росси Росси
Да Шамилёв Ӏандарбек Даудан воӀ
Бераш
  • кӀант Казбек
  • йоӀ Лариcа

Насуханова Ляля Ӏандарбекан йоӀ (Бита́рова) (1939, Йоккха АтагIа, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, ССРС — 2000 шеран январь, Къилбаседа ХӀирийчоь) — хьалхара нохчийн пилот а, парашютистка а, пилот-инструктор, авиацин спортан ССРС Сийлахь спортан мастер, Москохахь хилла йолу зударийн йукъахь кеманийн спортан ССРС хьалхара чемпионатан борзанан совгӀатхо (1963 шо), лакхара пилотажан ССРС вовшахтоьхна командин декъашхо, йукъараллин гӀуллакххо.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Йина 1939 шарахь Йоккха АтагIахь. 1944 шарахь цӀера йаьккхира. Казахстанехь йолуш хенахь иза дӀайазйелира Алма-Атара аэроклубан парашютан секцин, 86 парашютаца кхоссайелира иза. Чекхйаьккхира Юккеъра кеманийн техникин школа Саранскехь.

1957 шарахь цӀа дирзинчултӀехь Ляля балха йахара Махачкалан аэроклубе лётчик-инструктор. Дагестанан вовшахтоьхна командан йукъахь Российн къилбера зонан Ростовехь хилла лакхара пилотажан чемпионатехь иза чемпион хилира. 1962 шарахь Куйбышевехь хилла СССР чемпионатехь божарийн йуккъехь цо йаьккхира 18-гӀа меттиг 54 спортсменан йуккъехь. 1963 шарахь цо борзан мидал йаьккхира зударийн йуккъехь йолу кеманий спортан хьалхара СССР чемпионатехь Москвахь. Оцу чемпионатехь ша дика гайтаран иза СССР вовшахтоьхна командан йукъайахара. Амма дуьненан чемпионатехь дакъа лацар ца нисделира цуьна.

1964 шарахь иза хӀоттира кеманийн звенон командир. Цул хьалха реактивни кеманаш тӀехь цхьанна зудчуна делла дацар оццул дарж. 4-за гӀиртира иза космонавтийн тобан йукъайаха, амма нохчи хилар бахьнехь цуьнан гӀуллакх ца хилира.

Цо болх бира Соьлжа-ГӀалин кеманаш Ӏаморан центрехь: иза йара лётчик-инструктор, «МиГ-17» кеманий звенон командир. Тайп-тайпан кеманаш тӀехь цо хӀаваэхь деккхира 2560 сахьт. Цо Ӏамийра 200 сов лётчик. Шозза Советски Союзан Турпал Г. Т. Береговойс йелира цунна Авиацин спортан федерацин диплом цуьнан ДОСААФ спортхой кхиабарехь хилла кхиамашан.

Цо чекхйаьккхира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан хьехархойн институтан историн факультет.

Шен дахарехь 23 шо Ляляс кеманашан дӀаделира. Авиацера дӀайалча иза йукъараллин гӀуллакх бан йолайелира. Иза йара КПСС Соьлжа-ГӀалин юртан райкоман секретарь, цул тӀехьа Соьлжа-ГӀалин советан депутат. Цхьа хан ялча иза балха йахара профсоюзан областан совете: культурин белхалош хаьржира иза шайн профсоюзан обкоман председатель. Пенси йаххалц бира цо и болх.

Хьалхара тӀом болабелчул тӀехь шен майран даймохке йахара иза. Иза йелира 2000 шеран январехь Буро-ГӀалин генахь йоцу юртехь.

Исбаьхьаллехь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Цунна лерина йазйира шайн байташ Кусаев Адизас а, кхиболу нохчийн поэташ. Масала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР халкъан поэтессас Раиса Ахматовас цунна лерина йазйира шен байташ:

«
Раз Лялю к звездам позвала природа,
Путь показал к высотам взлет орла,
Она пошла. Нелегкий путь прошла -
Такая уж была ее порода!
»

Иван Минтяк[1] цӀе йолу поэтас цунна лерина йазйира дина поэма «Дуьненан стигал».

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]