Лобанова, Наталья Владимировна
Лобанова Наталья | |
---|---|
![]() | |
Шех лаьцна | |
Стен-боьршалла | зуда |
Пачхьалкх | |
Говзалла | прыжки в воду |
Йина терахь | 1947 шеран 30 май |
Йина меттиг | Москох, ССРС |
Кхелхина терахь | 1998 шеран 28 сентябрь (51 шо) |
Кхелхина меттиг | Москох, Росси |
Локхалла | 163 см |
Йозалла | 61 кг |
![]() |
Лоба́нова Ната́лья Влади́мировна (йинчу хенахь Кузнецова; шолгӀа марехь Тимошинина) (1947 шеран 30 май, Москох — 1998 шарахь, Москох) — советийн хин чукхийсалург, Олимпийн ловзарийн детин совгӀатхо. Халкъашна йуккъера даржан спортан говзанча.
Карьера
[бӀаьра нисйан | нисйан]![](http://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/3/30/Europese_Zwemkampioenschappen%2C_Natalia_Kusnetsova_kampioen_torenspringen_10_mete%2C_Bestanddeelnr_919-4887.jpg/160px-Europese_Zwemkampioenschappen%2C_Natalia_Kusnetsova_kampioen_torenspringen_10_mete%2C_Bestanddeelnr_919-4887.jpg)
Натальян да — ССРС Спортан хьакъ долу говзанча, ССРС хьакъ долу тренер (хин поло) В. А. Кузнецов. Ваша — В. В. Кузнецов, ССРС Спортан хьакъ долу говзанча (хин поло), 1964 шеран Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхо.[1]
Тимошинин Александрехь марехь йолуш лелийра цуьнан фамили Тимошинина.
Кхиийна ССРС хакъ долу тренеро Петрухина Татьяна Максимовнас. 1964 шарахь Токиора Олимпиадехь Лобановас, чардакх тӀиера хин чукхийсалуш, йаьккхира 7-гӀа меттиг. Цул тӀаьхьарчу Ловзаршкахь цуо даьккхира дети, ийшира Чехословакин спортхочул Дучкова Миленел[2]. 1972 шарахь Лобанова Наталья хилира 14-гӀа залкан тӀиера чукхийсалуш а, 13-гӀа чардакх тӀиера чукхийсалуш.
1969 а, 1972 а шерашкара ССРС чемпион.
Чемпион (1966) а, борзанан совгӀатхо а (1962) Европин чемпионат.
Тренеран карьера
[бӀаьра нисйан | нисйан]Российн хакъ долу тренер. Кхиийна дуккха а спортан говзанчаш, совгӀатхой, ССРС а, Россий чемпионатийн толамхо. Цуо кхиийначех цхьаъ йу Хохлова (Тимошинина) Светлана, тӀаьхьа цуьнан нус, кӀентан Тимошинин Владимиран зуда. Цунах хилира хьакъдолу спортан говзанча, кхузза Европин чемпион, Дуьненан Чемпионатийн масийттаза совгӀахо, кхаа Олимпиадийн совгӀатхо.
Москохахь хӀора шарахь дӀахьо российн хакъдолу тренеран Наталья Тимошининан цӀарах[3].
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Самые известные спортивные династии нашей страны
- ↑ Мехико - 1968 . Газета.Ru. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 10 май.
- ↑ Карточка турнира(ТӀе цакхочу хьажорг)
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Наталья Владимировна Лобанова — олимпийн статистика сайт тӀехь Sports-Reference.com(ингалс.)
- О выдающейся спортсменке и тренере — Наталье Владимировне Тимошининой
- Бинарш 30 майхь
- Бинарш 1947 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Москохахь
- Белларш 28 сентябрехь
- Белларш 1998 шарахь
- Белларш Москохахь
- ССРС Спортан хьакъ долу говзанчаш
- Российн Сийлахь тренераш
- Спортхой абатца
- ССРС хин чукхийсалурш
- Хин чукхийсалурш 1964 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь
- Хин чукхийсалурш 1968 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь
- Хин чукхийсалурш 1972 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь
- 1968 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн детин совгӀатхой
- ТимошинингӀар-КузнецовгӀар