Литван истори
Литван историно (хӀинцалера Литвахойн Республикин мохк) дӀалоцу адам цунна тӀе охьахааран, вайн эрал хьалхара 10-гӀа — 9-гӀа а шерашкара, тӀера бехха хенан мур, таханлера хиламашка кхаччалц.
ЦӀе схьайалар
[бӀаьра нисйан | нисйан]
«Литва» цӀе (Lituae — дол. дож. схьадаьлла Litua) дуьххьара хьахийна Кведлинбурган анналашкахь 1009 шарахь текъархоша миссионер Бруно Rusciae а, Lituae а дозанехь виеран хаамашкахь. Мехкан цӀе а, этноним а схьайалар кхетадо тайп-тайпана. Гипотезаш шорта хиларе хьаьжна ца Ӏаш, цхьан а царех йукъара тӀеэцна йац[1]. Уггаре чӀогӀа йаьржинчу версешца, топоним схьайаьлла Нярисан га долу жимачу Летаука эрках[2]. Кхечу йаьржинчу версица, термин схьайолу Аникщяйн кӀоштахула охьадогӀу Швянтойи эркан геннах Латава эрках, циггахь йу иштта цӀе йолу йоьхна гӀала[1]. Кхин а керлачу гипотезица, мехкан цӀе схьайала тарлора этнонимах «леты» йа «лейти», иштта олура гуонахьарчу латташкара литвахойн элийн дружинахойх (leičiai)[2][3][4].
ЧӀагӀдо, йуьхьанца Марийна а, Суллина а йукъахь баьлла гражданий тӀеман заманахь, ткъа цул тӀаьхьа Цезарь Юлийн а, Сийлахь Помпейн а, церан когаметтачарна а йукъахь, уьш [литвахой а, самогиташ а], йерриг Итали хӀаллак хир йу вовшех байина аьлла тешна болуш, йитира шеш беха шайн шира меттигаш, даймохк. Зударшца, даьхнашца, цӀахь болчаьрца литвахой баьхкира акхарой бен кхачалур йоцу, шуьйра, йаьсса аренашка, гуттаренна а шелонаш лаьтта, къилбаседа махка, цара цунах, даймехкан а, шира а [Итали] цӀарах элира Литали, тайпанна цӀе йелира литалаш аьлла, хьалха цхьа элп «л» а тоьхна, иза италихоша хӀинца а туху шайн маттахь.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- 1 2 Кеп:Книга:ВКЛЭ2
- 1 2 Эйдинтас А. и др. История Литвы. — Вильнюс, 2013. — С. 13.
- ↑ Дубонис А. Проблемы образования Литовского государства и его отношений с Галицко-Волынским княжеством в новейшей историографии Литвы Архивйина 2016-08-17 — Wayback Machine // Княжа доба: історія і культура. — 2008. — Вип. 2. — С. 156.
- ↑ Дини П. Балтийские языки. — М.: ОГИ, 2002. — С. 203. — ISBN 5-94282-046-5.