Левертовская, Татьяна Евгеньевна

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Левертовская Татьяна Евгеньевна
Йина терахь 1920 шеран 14 январь({{padleft:1920|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:14|2|0}})
Йина меттиг Сабински эвла Красноярскан мохк
Кхелхина терахь 1988({{padleft:1988|4|0}})
Дешар: Москохан исбаьхьаллин "1905 шеран иэсан" доьшийла
СовгӀаташ:

«Къинхьегаман ветеран» мидал

Тувинийн Автономин Советийн Социалистийн областан Оьздангаллин урхаллин Сийлахь грамота, ССКП обкоман Сийлахь грамота, Тувинийн АССР хьакъдолу исбаьхьалча,

Левертовская Татьяна Евгеньевна (1920 шеран 14 январехь - 1988 шо) — Туван суртдилларан говзалла кога хӀотторехь а, кхиорехь а доккха дакъа лаьцна хьалхара зуда, исбаьхьалча-Ӏаламдиллархо, Тувинийн АССР хьакъдолу исбаьхьалча.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Левертовская Татьяна Евгеньевна йина 1920 шеран 14 январехь Красноярскан мехкан Сабински эвлахь, оьрсий ахархочун доьзалехь[1]. 1933 шарахь белхалой кхойкхуш баьхкинчу нахаца ненан майра шен доьзалца воьду Тувинийн Халкъан Республике Харал олучу деший доккхучу меттиге. 1934 - 1939 шерашкахь Левертовская Татьянас дийшира Кызылан йуккъерачу ишколехь. Чекхйаьккхира 10 класс. Тувинийн типографера цинкографин декъан исбаьхьалча-ретушеран дешархо балха йахара. 1940 шарахь Левертовская Т. Мааре йахара Тувахь гӀараваьллачу исбаьхьалче, графике Феоктистов Степан Ивановиче, тӀаьхьа республикин «Шын» газетыан областан редакцин зиеделла фотокорреспондент а, ССРС журналистийн бертан декъашхо а хилла волу. 1942 шарахь ССРС Тувинийн Халкъан Республикера Миссис кховдорца Левертовская болхбан йолайелира советийн гражданийн И. В. Сталинан цӀарах долчу Оьздангаллин цӀа чохь исбаьхьалча-кечдархон даржехь. Лелийра суртдилларан кружок. Областан гайтамехь дакъа лаьцначул тӀаьхьа, иза Профсоюзийн ЦКс деша хьажийра Москоха. Иза дӀаийцира исбаьхьаллин «1905 шеран иэсан» доьшийлан 2 курсе. 1949 шарахь, доьшийла чекхйаьккхина, суртдилларан а, черченин а хьехархо говзалла Ӏамийна, йухайирзира Кызыле. Тувинийн областан халкъан дешаран декъехь 2,5 шарахь хьехархо болхбина[2], оцу хеннахь къахьега йолайелира берийн областан «Сылдысчыгаш» газетан редакцехь, исбаьхьалча-иллюстратор даржехь. 1953 шарахь болхбира Тувинийн республикин жайнин арахецараллехь штатехь йоцу исбаьхьалча даржехь, 1955 шарахь — Культремснабан исбаьхьаллин пхьалгӀехь портретист даржехь. 1958 шарахь оьздангаллин урхаллин исбаьхьаллин пхьалгӀах йира РСФСРн Красноярскан Исбаьхьаллин фондан филиал, цигахь цуо бен коьрта болх портретист бара.

Кхолламалла[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ишколан шерашкахь цунна чӀогӀа хазделира сурт диллар. Тувинийн типографехь болхбеш цуьнан дика нислора Советийн Союзан а, Тувинийн Халкъан Республикин а политикин гӀуллакххойн портреташ. Дуьххьара выставкехь дӀакъалецира 1943 шарахь Кызылехь, цигахь цуо гайтира цӀиен партизанан С. К. Кочетовн портрет. Цуо дакъалецира массо а суртдилларан говзаллин гайтамашкахь Кызылехь, Красноярскехь, Новосибирскехь, Иркутскехь, Омскехь. Доьшийла чекхйаьккхинчул тӀаьхьара дуьххьарлера белхаша гайтира колхозхойн къинхьегам а, дахар а: «Арара хьаьттахь», «БаӀ». Цуьнан кхолламийн коьрта тема йуьсу жимачу стеган васт. Кхоьллина «Къуона говзанчаш», «Саянийн кочар», «Сакманхой», «Концерт», «ДоттагӀий», дуккха а кхин шена чохь портрет а, пейзаж а йолу кхолламаш. МохкӀаморан музейхь Ӏалашдеш ду Т. Левертовскаяс дехкина портреташ – бӀожамашдархочун Хурекпенан, хирурган В. Н. Пудовн, партизанийн тобан баьччан С. А. Хлебниковн, артистан Кара-кыс Мунзукан, гӀишлошйархочун М. А. Пичугинан, хьелийозархочун Бичии-Уруган, хьехархочун Е. И. Федорован. 1956 шарахь Т. Левертовскаяс дакъалецира хьалхарчу Сибрехан а, Генара Малхбузан а зонан гайтамехь Иркутскехь, белхашца «БӀожамашдархо Хурекпенан портрет» а, «Хемчикан бердашца» пейзаж а. Дуккха а гайтамийн декъашхочо дӀакхоьхьура цхьаьна хеннахь боккха йукъараллин болх: Туван Исбаьхьалчий бертан урхаллин секретарь, Тувинийн исбаьхьаллин-кхолларан пхьалгӀанийн исбаьхьаллин советан председатель, областан, республикин исбаьхьаллин гайтаман комитетан декъашхо. 1965 шарахь хаьржира гӀалан советан депутат. Цуо дехкина 20 историн тематикан сурт, 38 портрет, 60 сов пейзаж (коьртанаш), 57 натюрморт, кечдина 11 жайна[2]. 1988 шарахь Т. Левертовская йелира халачу лазарх.

Коьрта гайтамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • 10-гӀа мехкан исбаьхьаллин гайтам 1949,1950 шераш, Красноярск гӀ.
  • Сийлахь Октябран 50 шо кхачарна лерина республикин исбаьхьаллин гайтам, 1967 шо, Кызыл гӀ.
  • «РСФСР автономийн республикийн, областийн, гуонийн исбаьхьалчаш» 1968 шо, Москох гӀ.
  • Ленинан комсомолан 50 шо кхачарна лерина республикин исбаьхьаллин гайтам, 1968 шо, Кызыл гӀ.
  • Тувинийн АССР исбаьхьалчийн кхолламийн гайтам, 1969 шо, Кызыл гӀ.
  • Шен гайтамаш 1970, 1972, 1974, 1980 шераш, Кызыл гӀ.
  • Кхаа зонийн гайтам: Сибрех, Урал, Генара Малхбале, 1971 шо, Москох гӀ.

СовгӀаташ а, сийлахь цӀераш а[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Тувинийн Автономин Советийн Социалистийн Областан Оьздангаллин урхаллин Сийлахь грамота – белхан лакхара гайтамаш бахьнехь (1957)
  • ССКП Обкоман а, къинхьегамхойн депутатийн гӀалан кхочушдаран комитетан Сийлахь грамота (1957)
  • «Къинхьегаман ветеран» мидал (1979)
  • Тувинийн АССР хьакъдолу исбаьхьалча (1980)

Иэс[нисйе бӀаьра | нисйе]

Дукхаха долу дика портреташ, суьрташ Туван къинхьегамхойх ду, Туван республикин маьӀ-маьӀӀера чӀогӀа хаза пейзажаш Ӏалашйеш йу Республика Тыван Алдан-Маадыран цӀарах Къоман музейн фондашкахь.

Кхолламаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Сурт-портрет «Кандан Уруле»
  • Пейзаж «Ӏуьйре Саянашкахь»
  • Пейзаж «Детта кхуьу»
  • Пейзаж «Гуьйре Хемчикехь»
  • Пейзаж «Дакхнаш»
  • Суьрташ: «Суьйренан йиш», «Сакманхой», «Саянийн кочар», «Концерт чайлагехь», «новкъахой», кхин а.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Хертек, А. 90 лет со дня рождения Левертовской Татьяны Евгеньевны. / А. Хертек // Слово. — 2010. — Январь-февраль.
  2. 1 2 Кудаярова, А. Татьяна Евгеньевна Левертовская. А.Кудаярова // Люди и события Тувы. Указ-календарь по Туве на 2000 год / НБ им. А. С. Пушкина Респ. Тыва; Сост: Л. М. Чадамба, Е. А. Ак-кыс. — Кызыл, 1999. — С. 8.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]