Чулацаман тӀегӀо

Лаулин, Эллиотт

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Лаулин, Эллиотт
инг. Charles Elliott Loughlin
Харц цӀераш Эллиотт
Гражданалла АЦШ
Вина терахь 1910 шеран 19 февраль({{padleft:1910|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:19|2|0}})
Вина меттиг Уилмингтон, Къилбаседа Каролина
Кхелхина терахь: 1989 шеран 31 октябрь({{padleft:1989|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:31|2|0}}) (79 шо)

Лаулин Чарльз Эллиотт (1910 шеран 19 февраль — 1989 шеран 31 октябр) АЦШ ТӀХӀН эпсар хилла, контр-адмиралан дарже кхаччалц хьалавахна. Иза гӀоле вевза шен тӀеман трибунал бахьнехь, японин госпиталан кема Awa Maru бухадахийтарна.[1] Йиъ тӀеман патруль йолучу хенахь, иза хилла Паччахь-аьзнин SS-393 кеман баьчча.[1] АЦШ ТӀХӀН гӀуллакхехь волуш Лаулинна йелла шиъ ТӀеман-хӀордан жӀар, шиъ Хьаккъийн легион, цхьаъ Детин седа.[1][2]

Къоналла а, карьера а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Мэрилендан штатера Аннаполисера, АЦШ ТӀеман-хӀордан академехь волуш, Лаулин левзира божарийн теннисан а, баскетболан а хӀордахойн командехь, йукъавахийтира 1932-1933 шеран NCAA йерригамерикин божарийн баскетболан гулйина командина.[2][3] 1933 шарахь Лаулина чекхйаьккхира Академи, гӀуллакхехь вара Нью-Мексико BB-40 линкор-кеман тӀехь, лейтенантан Хайман Г. Риковеран гӀоьнча вара.[1] Following this, he went to submarine school and served in various submarines before taking command of the Кеп:USS in the Panama area. Aboard S-14, Loughlin made four unremarkable Atlantic patrols.[4]

USS Queenfish (SS-393) баьччалла

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Хьалхара патруль

[бӀаьра нисйан | нисйан]
2 кемано кӀелхьара боху британин а, австралин тӀеман йийсархой

Кхаа хин бухахула лела кеманийн берзлойн тобанна йукъахь («Куинфиш») 1944 шеран 31 августехь бухадахийтина 4700 тонн долу танкер-кема «Чиода Мару» а; 7097 тонн долу пассажирийн-киранан кема «Toyooka Maru» а, 1944 шеран 9 сентябрехь 3054 тонн долу транспорт «Manshu Maru». 18 сентябрехь «Queenfish» кӀелхьарабаьхна 18 британин а, австралин а тӀеман йийсархой, уьш бара японин 12 сентябрехь бухадахийтина кеман тӀехь.[5]

Хьалхара тӀеман-хӀордан жӀар

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Цхьаьнатоьхна Америкин Штатийн Президенто хазахетарца ло АЦШ ТӀХӀН баьччин Лаулин Чарльз Эллиоттан ТӀеман-хӀордан жӀар (NSN: 0-72307/1100) АЦШ ТӀХӀН баьчча волуш шен говзаллехь турпалалла гайтарна. QUEENFISH (SS-393) ХЬАЛХАРА тӀеман патруль йукъахь оцу хин бухахула лела кеман тӀехь японин карахь долу Лусонан хидоькъенехь а, Филиппинийн гӀайренашкахь а, 1944 шеран 4 августера 1944 шеран 3 октябрь кхаччалц, жигара а, йухацаваларан тактика лелош, чӀогӀа мохе а, хин тӀехулара дуьхьалоне хьаьжна ца Ӏаш, баьччас Лаулина чекхъиккхина мостагӀийн хойн экранех, торпедош тоьхна мостагӀийн японин кеманашна, цуьнан жамӀехь бухадахийтина 1300 тонн долу мостагӀийн эсминец-кема, доккха ши танкер, доккха киранан кема, шиъ доккха 48000 тонн чухоам болу транспортан кема. Японин кеман тӀехь дийна бисина берхӀийтта британин а, австралин а йийсар бина тӀемлой кӀелхьара бохуш, иза дика хьаьжира цомгашчаьрга, чевнашйинчаьрга, буьрса контрмерех говза кӀелхьара волура. Цуьнан говзалла, майралла, шен декхарна муьтӀахь хилар догӀура АЦШ тӀеман-хӀордан гӀуллакхан лакхара ламасташца.[6]

ШолгӀа патруль

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Кхаа хин бухахула лела кеманийн «Берзлойн тобанан» баьчча волуш («Loughlin's Loopers I»),[7] 1944 шеран 8 ноябрехь Лаулина бухадахийтира 1051 тонн долу киранан кема «Кейджо Мару» а, 1948 тонн долу «Хакко Мару» а. 9 ноябрехь «Куинфиша» бухадахийтира 2131 тонн чухоам болу канонеран кема хилла «Чоджусан Мару»; 15 ноябрехь цуо бухадахийтира 9186 тонн долу авиацин бурам «Акицу Мару».[8]

Цхьаьнатоьхна Америкин Штатийн Президенто хазахетарца ло АЦШ ТӀХӀН баьччин Лаулин Чарльз Эллиоттан ТӀеман-хӀордан жӀаран (NSN: 0-72307/1100) меттана Дешин Седа АЦШ ТӀХӀН баьчча волуш шен говзаллехь турпалалла гайтарна. QUEENFISH (SS-393) ШОЛГ/А тӀеман патруль йукъахь оцу хин бухахула лела кеман тӀехь японин карахь долу мостагӀийн карахь долу Тийна океанан хиш чохь, 1944 шеран 27 октябрехь. Зиеделла а, дера а баьчча Лаулин мостагӀаша хӀоттийна экранах ваьлла, мостагӀийн кеманашна масийттаза тӀелатархьама, майраллица аьтту белира бухадахийта 35300 тонн чухоам болу кеманаш, дохийра 10 000 тонн чухоам болу кеманаш. Цунна тӀех дика кеман урхалла дан хааро, цуьнан кема кӀелхьара делира буьрса япониийн дуьхьалонах, ткъа шен декхарна муьтӀахь хиларо гойту АЦШ ТӀеман-хӀаваан гӀуллакхехь Лаулин баьчча хила лакхара хьакъ хилар.[6]

«Куинфишна» Президентан совгӀат дира шен хьалхара а, шолгӀа а патруль йарна.[9]

КхоалгӀа патруль

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Йуха а кхаа хин бухахула лела кеманах лаьтта берзлойн тобанан баьчча («Loughlin’s Loopers II»),[10] волуш Лаулина баккхий кхиамаш бехира. Берзлойн тобанна хӀоттийна Ӏалашо Филиппинашкара орца ца кхачийтар йара. «Loughlin's Loopers II» бухадахийтира диъ кема, кхи кхоъ дохийра.[11]

Цхьаьнатоьхна Америкин Штатийн Президенто хазахетарца ло АЦШ ТӀХӀН баьччин Лаулин Чарльз Эллиоттан (NSN: 0-72307/1100) Детин Седа АЦШ ТӀХӀН баьчча волчу хенахь майралла а, доьналла а гайтарна. QUEENFISH (SS-393), КХОАЛГӀАЧУ тӀамтӀехь оцу хин бухахула лелачу кеманахь Японис терго йечу Формоз хидоькъенехь а, Цийчоьнна гуонахьарчу хиш чохь патруль йеш, 1944 шеран 29 декабрера 1945 шеран 29 январь кхаччалц. Дика хӀоттийна планаца дна торпедийн тӀелетаршца баьччо Лаулина бухадахийтира 10 000 т чухоам болу мостагӀийн танкер-кема, шен тобанера кхин хин бухахула лела кеманашца цхьаьна йаккхийн тоьпаш йиттина бухадахийтира мостагӀчун 300 тонн чухоам болу хойн кема. Тобанан баьчча волуш цуо хаъал дакъа лецира шайн баьччаллин аьттонехь, йукъара чухоам 60000 тонн болу мостагӀчун бархӀ кема бухадахийтина. Цуьнан говзалла, доьналла, декхарна муьтӀахь хилар догӀура АЦШ тӀеман-хӀордан гӀуллакхан лакхарчу ламасташца.[6]

ЙоьлгӀа патруль

[бӀаьра нисйан | нисйан]

ХӀинца шина хин бухахула лела кеманан берзлойн тобан баьчча волуш Лаулина 1945 шеран 1 апрелехь бухадахийтира 11600 тонн долу киранпассажирийн кема «Ава Мару», билгалдаьккхина, тӀеэцна лардина госпиталан кема санна.[12]

«Ава Мару» бухадахийтар

[бӀаьра нисйан | нисйан]

1945 шеран 28 мартехь вице-адмирала Чарльз Локвуда хаам бира дерриг хин бухахула лела кеманашка.

1945 шеран 28 мартехь вице-адмирала Чарльз Локвуда хаам бира дерриг хин бухахула лела кеманашка.

"Ава Мару" чекхдалийта зулам ца деш, иза догӀу тӀеман тутмакхашна йуург йахьаш. Иза чекхдер ду шун кӀошташкахула 30 мартера 4 апрель кхачале. Иза серладоккху буса, кӀайн жӀараш ухкуш.[12]

Лаулинега а, «Куинфишега» а и хаам кхечира, амма цуьнан ладамалла билгал ца йаьккхинера цуьнан курс специфика йоцуш хилар, сихалла а, маршрут а бахьнехь. Шен тобанера кхечу кеманера Ӏалашо оцу кӀоштахь йуй хиина (Кеп:USS), Лаулина ойла йира, ша йуькъачу дохкехь эсминец-кеманна тӀенисвелла. Йиъ торпедо хецна, Лаулина сихха бухадахийтира «эсминец-кема», схьаваьккхира дийна висина цхьаъ. Масех сахьт даьлча дийна висинчо хаийтира, «Куинфиша» «Ава Мару» бухадахийтаний. Лаулин сихонца бухадахийтарх хаам бира Локвуде, ткъа Локвуда, шен рогӀехь, хаийтира адмирал Нимице а, Кинге а, цара «Куинфишана» а, «ХӀордан цхьогална» а омар дира алсама дийна бисинарш лаха аьлла. Кинга сихха жоп делира:

Order Queenfish into port immediately…Detach Loughlin from his command and have him tried by a general court-martial.

Кхин дийна бисинарш ца карийнехь а, хаайелира йиъ эзар гергга аьрга ризянкийн кепаш. Царех йиъ карийра «Куинфиш» Сайпан тӀе йухадирзича.[12]

Хьаккъийн шолгӀа легион

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Цхьаьнатоьхна Америкин Штатийн Президенто хазахетарца ло Дешин седа Легионан шолгӀачу совгӀатан меттана пачхьалкхан гӀуллакхаш дарна АЦШ ТӀХӀН контр-адмиралан Лаулин Чарльз Эллиоттана (NSN: 0-72307/1100), хьакъ долу оьздангаллин, 1966 шеран октябрера 1968 шеран июнь кхаччалц Колумби гуонан Вашингтон тӀеман- хӀордан комендантан даржехь волуш Цхьаьнатоьхна Штатийн правительствон даккхий гӀуллакхаш дарна. Иза баьчча волуш тӀеман-гражданийн йукъаметтигаш чӀагӀйелира, цуо хаийтира тӀеман-хӀордан флотан йукъароаллин дахаран ролан ладамалла. Ша волчу меттигехь контр-адмирала Лаулина луьста йукъаметтигаш латтайора гражданийн лидершца, иза бахьнехь тӀекхийтира тӀеман гӀуллакххойн базера йоцу хӀусамаш. Цул сов, цуо координаци йора ТӀХӀН кегийрхошна тар олуш йолу Программина а, шен баьччаллин кӀоштахь гражданийн низамаш дохорна дуьхьала Планан а. Цуо хӀоттийра флотан а, кхечу гӀуллакхашна а, гражданийн тобанашна а йукъара цхьаьнагӀуллакхдаран политика. Ша дика куьйгалла дар а, генара гар а, ира хьекъал а бахьнехь контр-адмирала Лаулина хаъал айира материалан эвсаралла шен чолхе баьччаллин, Цхьаьнатоьхна Штатийн тӀеман-хӀордан гӀуллакхан уггаре лакхара ламасташна гӀолецира.[6]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. 1 2 3 4 Loughlin, Charles Elliott (1910–1989). United States Naval Institute (2011). ТӀекхочу дата: 2012 шеран 9 январь.
  2. 1 2 Adm. Charles Elliott Loughlin. #74229921. Find a Grave (2011 шеран 31 июль). ТӀекхочу дата: 2012 шеран 9 январь.
  3. Navy Men's Basketball: A Tradition of Excellence. NavySports.com. United States Naval Academy (2011). ТӀекхочу дата: 2012 шеран 9 январь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2010 шеран 26 майхь Архивйина 2018-06-13 — Wayback Machine
  4. Blair (1975) p. 896.
  5. Blair (1975) pp. 708-710.
  6. 1 2 3 4 Hall of Valor
  7. Roscoe (1949) p. 504
  8. Blair (1975) pp. 772-774.
  9. Roscoe (1949) p. 500.
  10. Roscoe (1949) p. 505.
  11. Blair (1975) p. 801.
  12. 1 2 3 Blair (1975) pp. 836-840.

Лелийна литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Кхин дӀайеша

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Арахьара хьажоргаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]