Латынина, Лариса Семёновна
| Латынина Лариса | |
|---|---|
| оьрс. Лариса Семёновна Латынина | |
| | |
| Шен информаци | |
| Сте-боьршалла | сте |
| Пачхьалкх | |
| Йина терахь | 1934 шеран 27 декабрь[1] (91 шо) |
| Йина меттиг | |
| Локхалла | 161 сантиметр |
| Йозалла | 52 Кийла |
| Олимпиадехь уггаре дика жамӀаш | |
Латы́нина Лари́са Семёновна (цӀечу фамили — Ди́рий; 1934 шеран 27 декабрь[1], Херсон, Одессин область) — советийн гимнастка, уьссазза Олимпийн чемпионка (1956, 1960, 1964), ССРС спортан хьакъ долу говзанча (1956), масийттаза дуьненан а, Европин а (1957—1962), ССРС (1956—1964) чемпионка упражненешкахь а, командин къийсамашкахь, ССРС хьакъ долу тренер (1972), Россин физикин оьздангаллин хьакъ долу белхало (1997). «Даймехканна гӀуллакхаш дарна» орденан йуьззина кавалер.
Зударшна а, божаршна а йукъахь спортан гимнастикин олимпийн мидалий рекордсменка.
2012 шо кхаччалц иза йара планетехь уггаре дукха совгӀат даьккхина спортхо, спортан исторехь уггаре йоккха (барамца) Олимпийн мидалийн гулар йара цуьнан — 18 мидал (9 дашо, 5 детин, 4 борзанан)[2]
Кхин а Латынина йевза, 1957 шеран Спортан гимнастикехь Европин чемпионатан йерриг дашо мидалаш йаьхнарг санна.
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Латынина Лариса (Дирий) йина 1934 шеран 27 декабрехь Херсон гӀалахь (Украинийн ССР). Да — Семён Андреевич Дирий (1906—1943), кхелхина фронтехь Сталинградан тӀом боьдучу хенахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамехь. Нана — Барабанюк Пелагея Анисимовна (1902—1975), горгмаш хьокхург, ткъа буса цӀе йагориг йа хехо.
Жимчохь дуьйна балете йаха лууш йара. ГӀалин Халкъан исбаьхьаллин цӀийнехь хореографин студи схьайиллича, шен ахчанах тӀаьххьара дӀа а делла, шен йоӀ деша йазйира нанас. ПхоьалгӀачу классехь, студи дӀакъевлинчул тӀаьхьа, Лариса лела ишколан гимнастикин секце, цигахь цуьнан хьалхара тренер вара Сотниченко Михаил[3].
1950 шарахь гимнастко кхочушйира хьалхара спортан разряд, Украинийн ССР ишколахойн гулйина командин йукъа йахана, йахара йерригсоюзан хьалхейаккхаре Казане.
Йуккъера ишколан уьссалгӀачу классехь кхочуш йина ССРС спортан говзанчин норматив[3].
1953 шарахь чекхйаьккхина Херсон гӀалин йуккъера йукъарадешаран № 14 йолу ишкол деший мидалца. Цул тӀаьхьа кхелхина Киев, дӀахӀоьттина Киевн политехникин институте, кхин дӀа тренировкаш йина Мишаков Александр Семёнович волчохь[3].
Йерригсоюзан гуларехь Братцевохь аьттонца чекхйелира харжаман зиераш Дерригдуьненан кегийрхой а, студентийн а фестивале Бухаресте, цигахь йехира дуьххьарлера дешин мидалш. Шен лаамийн спортан йукъараллин «Буревестник» (Киев) йукъахь къийсалуш йара[4].
ШолгӀа курс чекхйаьккхинчул тӀаьхьа политехникин институтера дехьайелира Киевн пачхьалкхан физикин оьздангаллин институте, цигахь цо шен дешар цхьаьнатоьхна тайп-тайпанчу тӀегӀанашкахь спортан къовсамашкахь къовсайаларца[3]. 1959 шеран бӀаьста, жима нана йолуш (1958 шеран декабрехь Латынинин йоӀ хилира Татьяна), тӀехдика чекхйаьккхира институт, кечам бан йолайелира ССРС къаьмнийн II аьхкенан Спартакиадин[5]. 1963 шеран ССКП декъахо.
Доьзал
[бӀаьра нисйан | нисйан]Майра — Иван Ильич Латынин.
ЙоӀ — Татьяна Ивановна Латынина (йина 1958 шеран декабрехь[5]), пхийтта шеран дохаллехь халха йийлана Пачхьалкхан академин хореографин ансамблехь Н. С. Надеждинин цӀарах «Берёзка»[3].
Нуц — Ордовский-Танаевский Бланко Ростислав Вадимович (вина 1958), бизнесмен.
КӀант — Андрей (кхелхина).
Майра — Фельдман Юрий Израилевич (1938—2020), техникин Ӏилманийн доктор, профессор, Россин Федерацин Электротехникин Ӏиманийн академин а, Дуьненайукъара академин электротехникин Ӏилманийн академик, хьалха — президент, «Акционерин электротехникин „Динамо“ компанин» ОАО инарлин директор.
Спортан кхиамаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]
1954 шарахь Дуьненан спортан гимнастикин чемпионатехь Рум гӀалахь ССРС зударийн тобано хьалхара меттиг йаьккхира, ткъа Лариса Латынина (Дирий) цунна йукъахь чемпион хилла.
Абсолютан Олимпийн чемпион (1956, 1960). Олимпийн ловзаршкахь толамхо командин къовсамехь (1956, 1960, 1964), паргӀата упражненешкахь (1956, 1960, 1964), гӀорторан кхоссайаларехь (1956). Олимпийн ловзарийн детин мидалхо абсолютан чемпионатехь (1964; эшна Чаславска Верина), брусаш тӀехь (1956, 1960), хен тӀехь (1960), гӀорторан кхоссайаларехь (1964). Олимпан ловзарийн борзанан совгӀатхо командин упражненешкахь хӀуманашца (1956), гӀорторан кхоссайаларехь (1960), хен тӀехь (1964), брусаш тӀехь (1964).
Абсолютан дуьненан чемпионка (1958, 1962). Командин хьалхейаккхарехь (1954, 1958, 1962), гӀорторан кхоссайаларехь (1958), брусашна тӀехь (1958), паргӀата упражненешкахь (1962) дуьненан чемпионка.
Тамашийна хӀума ду, XIV дуьненан чемпионатехь, 1958 шеран 6 - 10 июлехь Москохахь хилла, Латынина, пхоьалгӀа бутт болуш берах йолу, йаьккхира 5 дешин мидал (командин хьунарш къовсар, шен хьунарш къовсар, гӀорторан кхоссайар, тайп-тайпана локхаллин брусаш, хен) а, 1 детин мидал а (паргӀата упражненеш)[5].
Европин абсолютан чемпионка (1957, 1961). 1957 шеран паргӀата упражненешкахь, гӀорторан кхоссайаларехь, брусашна а, хенна а тӀера упражненешкахь Европин чемпионка вольных упражнениях, в опорном прыжке, в упражнениях на брусашх и на бревне, 1961 шеран — паргӀата упражненешкахь.
Аьхкенан Олимпийн ловзарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]| Ловзарш | Абсолютан хьалхейаккхар |
ПаргӀата упражненеш |
ГӀорторан кхоссайалар |
Брусаш | Хен | Командин хьалхейаккхар |
Команда хӀумнашца |
|---|---|---|---|---|---|---|---|
| 1956 Мельбурн | 1 | 1 | 1 | 2 | 4 | 1 | 3 |
| 1960 Рум | 1 | 1 | 3 | 2 | 2 | 1 | н/д |
| 1964 Токио | 2 | 1 | 2 | 3 | 3 | 1 | н/д |
Кхин дӀа спортан а, йукъараллин а гӀуллакх
[бӀаьра нисйан | нисйан]1966 - 1977 шерашкахь Латынина Лариса йара спортан гимнастикин ССРС зударийн гулйина командин лакхара тренер. Цуьнан куьйгаллица команда кхузза хилла Олимпийн ловзарийн (1968, 1972, 1976) толамхо[3].
1975 - 1980 шерашкахь Новиков Игнатийн куьйга кӀелахь «Олимпиада-80» оргкомитетан декъахо йара, цунна ССРС Олимпийн комитето дӀалора Москохара 1980 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарш кечдаран а, дӀадахьаран а бакъонаш, функцеш.
1990—1992 шерашкахь болх бира «Физоьздангалла а, могашалла а» фондехь директоран гӀовс[3].
1997—1999 шерашкахь цхьаьна россин-немцойн «Гефест» предприятин инарлин директоран гӀовсан даржехь йара[3].
ТӀаьххьара шерашкахь йу Россин спортхойн бертан йукъаллин куьйгалхойх цхьаъ, жигара дакъалоцу Россин олимпийн чемпионийн ассоциацин балхахь. Сих-сиха йукъайоьду спортан хелхарийн къийсамийн жюрин йукъа[3].
Жайнаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]
Латынина Лариса жайнин автор йу[3]:
- Латиніна Л. Сонячна молодість / Літ. запис Г. Поліщук. — К.: Молодь, 1958. — 114 с. з іл.
- Латынина Л. С. Равновесие. — М.: Мол. гвардия, 1970. — 223 с. : 8 л. ил. — (Спорт и личность).
- Латынина Л. С. Равновесие. Изд. 2-е. — М.: Мол. гвардия, 1975. — 240 с. с ил : 16 л. ил. — (Спорт и личность; Кн. 25).
- Латынина Л. С. Как зовут эту девочку? — М.: Правда, 1974. — 46 с. — (Б-чка «Огонек»; № 35).
- Латынина Л. С. Гимнастика сквозь годы. — М.: Сов. Россия, 1977. — 157 с.
- Латынина Л. С. Гимнастика сквозь годы. — СПб.: Фонд Людвига Нобеля: Полиграфическое предприятие № 3, печ. 2014. — 378 с., [18] л. цв. ил., портр.: ил., портр.; 21 см — ISBN 978-5-902078-86-9
ГӀуллакхаш къобал дар
[бӀаьра нисйан | нисйан]- 1957 — Ленинан орден — махкахь массийн физоьздангаллин болам кхиоран а, кхиамаш бахьнехь, советийн спортхойн говзалла айарна, дуьненайукъара къийсамашкахь аьттонца гайтарна[6]
- 1960 — «Сийлаллин билгало» орден — 1960 шеран XVII аьхкенан а, VIII Ӏаьнан Олимпийн ловзаршкахь аьттонца гайтарна, кхин а гӀарабевлла спортан кхиамашна[7]
- 1965 — «Сийлаллин билгало» орден — XVIII аьхкенан а, IX Ӏаьнан Олимпийн ловзаршкахь аьттонца гайтарна, гӀарабевлла спортан кхиамашна[8]
- 1972 — «Сийлаллин билгало» орден — Махкахь физоьзданаллин болам массашкахь кхиорехь аьттонаш бахарна а, XX аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь советийн спортхойн лакхара кхиамашна а[9]
- 1980 — Къаьмнийн доттагӀаллин орден — XXII Олимпиадин Ловзаршна кечам беш а, дӀахьуш боккха болх барна[10]
- 1956 — «ССРС спортан хакъ долу говзанча».
- 1972 — «ССРС хьакъ долу тренер».
- 1997 — «Москохан 850 шо кхачарна» иэс — Москох кхиарна ладаме дакъа лацарна.
- 1999 — Сийлаллин орден — къаьмнашна йукъахь доттагӀалла а, цхьаьнагӀуллакдар а чӀагӀдарехь доккха гӀуллакх дарна, физикин оьздангалла а, спорт а кхиош гӀууллакх дарна[11].
- 2004 — «Даймахкана хьалха гӀуллакхаш дарна» IV тӀегӀанан орден — физикин оьздангалла а, спорт а кхош доккха дакъалацарна а, дуккху шерашкахь хьанала къахьегарна[12].
- 2010 — «Даймахкана хьалха гӀуллакхаш дарна» III тӀегӀанан орден — физикин оьздангалла а, спорт а кхош доккха дакъалацарна а, дуккху шерашкахь хьанала къахьегарна[13].
- 2015 — «Даймахкана хьалха гӀуллакхаш дарна» орден II степени — физикин оьздангалла а, спорт а кхош доккха дакъалацарна а, йукъараллин болх жигара барна[14].
- 2024 — «Даймахкана хьалха гӀуллакхаш дарна» орден I степени — Физикин оьздангалла а, спорт а кхиорехь а, нахала йоккхуш доккха дакъалацарна, йукъараллин болх жигара барна[15]
- 1997 — «Россин Федерацин физикин оьздангаллин хьакъ долу белхало» — физикин оьздангалла а, спорт а кхиош къахьегарна[16].
- 2002 — Стун Ольгин III тӀегӀанан орден — Украинехь физикин оьздангалла а, спорт а кхиош ладаме дакъалацарна, лакхара спортан кхиамаш бахарна Олимпийн ловзаршкахь[17].
Дуьненайукъара совгӀаташ
[бӀаьра нисйан | нисйан]- 1991 — Дуьненайукъара олимпийн комитетан (ДОК) детин Олимпийн орден — даккхий гӀуллакхаш дарна[5].
Регионийн совгӀаташ
[бӀаьра нисйан | нисйан]- 2011 — «ДоттагӀаллин догӀа» орден (Кемеровн область)[18]
- 2014 — «Калугин областан башха гӀуллакхаш дарна» II тӀегӀанан мидал — Калугин областан махкахь физикин оьздангалла а, спорт а кхиорехь доккха дакъа лацарна
Васт суртдилларан говзаллехь
[бӀаьра нисйан | нисйан]Латынина Лариса йиллина «ССРС гимнасташ» цӀе йолчу сурт тӀаьхь Россин сбаьхьаллин академин академикан Жилински Дмитрийн.
Хьажа кхин а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- 1 2 Larissa Semjonowna Latynina // Brockhaus Enzyklopädie (нем.) — F.A. Brockhaus, 1796.
- ↑ В настоящее время (с 2012 года) мировой рекорд по количеству олимпийских медалей принадлежит американскому пловцу Майклу Фелпсу — 28 медалей, из них 23 — золотые.
- 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 Справка. Лариса Латынина. Биография. Архиван копи 2017 шеран 31 июлехь дуьйна Wayback Machine тӀехь «РИА Новости» // ria.ru (27 декабря 2014 года)
- ↑ [bse.sci-lib.com/article002058.html «Буревестник», добровольное спортивное общество.] Статья из «Большой советской энциклопедии» // bse.sci-lib.com
- 1 2 3 4 «Кто есть кто в современной России» (стр. 452—459). Латынина Лариса Семёновна. Архиван копи 2021 шеран 27 декабрехь дуьйна Wayback Machine тӀехь Международный объединённый биографический центр (Москох) // biograph.ru
- ↑ Указ Президиума Верховного Совета ССРС от 27 апреля 1957 года «О награждении орденами и медалями спортсменов, тренеров и работников физической культуры и спорта». ТӀекхочу дата: 2018 шеран 30 май. Архивйина 2018 шеран 20 февралехь
- ↑ Указ Президиума Верховного Совета ССРС от 16 сентября 1960 года «О награждении орденами и медалями ССРС спортсменов и тренеров». ТӀекхочу дата: 2018 шеран 30 май. Архивйина 2018 шеран 20 февралехь
- ↑ Указ Президиума Верховного Совета ССРС от 30 марта 1965 года № 3454—VI «О награждении орденами и медалями спортсменов и тренеров». ТӀекхочу дата: 2018 шеран 30 май. Архивйина 2018 шеран 28 октябрехь
- ↑ Указ Президиума Верховного Совета ССРС от 5 октября 1972 года № 3432—VIII «О награждении орденами и медалями ССРС спортсменов, тренеров, работников физической культуры и спорта в связи с итогами XX летних Олимпийских игр». ТӀекхочу дата: 2018 шеран 30 май. Архивйина 2018 шеран 14 декабрехь
- ↑ Указ Президиума Верховного Совета ССРС от 14 ноября 1980 года № 3301-X «О награждении орденами и медалями ССРС работников, наиболее отличившихся при подготовке и проведении Игр XXII Олимпиады»
- ↑ Указ Президента Российской Федерации Б. Ельцина № 1741 от 30 декабря 1999 года «О награждении государственными наградами Российской Федерации работников учреждений и организаций физической культуры и спорта». Архиван копи 2017 шеран 31 июлехь дуьйна Wayback Machine тӀехь Официальный сайт Президента Российской Федерации // kremlin.ru
- ↑ Указ Президента Российской Федерации В. Путина № 1604 от 27 декабря 2004 года «О награждении орденом „За заслуги перед Отечеством“ IV степени Латыниной Л. С.». Архиван копи 2017 шеран 31 июлехь дуьйна Wayback Machine тӀехь Официальный сайт Президента Российской Федерации // kremlin.ru
- ↑ Указ Президента Российской Федерации Д. Медведева № 87 от 21 января 2010 года «О награждении орденом „За заслуги перед Отечеством“ III степени Латыниной Л. С.». Архиван копи 2017 шеран 31 июлехь дуьйна Wayback Machine тӀехь // docs.cntd.ru
- ↑ Указ Президента Российской Федерации В. Путина № 115 от 8 марта 2015 года «О награждении государственными наградами Российской Федерации». Архиван копи 2015 шеран 11 мартехь дуьйна Wayback Machine тӀехь // publication.pravo.gov.ru
- ↑ Указ Президента Российской Федерации от 20 декабря 2024 года № 1089 «О награждении государственными наградами Российской Федерации»
- ↑ Указ Президента Российской Федерации Б. Ельцина № 1240 от 19 ноября 1997 года «О награждении государственными наградами Российской Федерации». Архиван копи 2018 шеран 1 сентябрехь дуьйна Wayback Machine тӀехь Официальный сайт Президента Российской Федерации // kremlin.ru
- ↑ Указ Президента України № 1078/2002 від 29 листопада 2002 року «Про відзначення державними нагородами України чемпіонів та призёрів Олімпійських ігор, тренерів та організаторів спортивного руху». Архиван копи 2020 шеран 27 июнехь дуьйна Wayback Machine тӀехь // zakon.rada.gov.ua
- ↑ Тулеев хочет сделать Кузбасс самым спортивным регионом России. ТӀекхочу дата: 2022 шеран 20 февраль. Архивйина 2021 шеран 8 ноябрехь
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Латынина Лариса Семёновна // Олимпийская энциклопедия / Павлов С. П.. — М.: Советская энциклопедия, 1980. — 415 с.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Латынина Лариса Семёновна (род. 1934). Биография. Большой энциклопедический словарь «Словопедия» // slovopedia.com
- Алексей Гончарук. Лариса Латынина: «Чтобы не бояться, не думайте о страхе». // other.sport.ua (19 мая 2010 года)
- Биографическая справка
- Бинарш 27 декабрехь
- Бинарш 1934 шарахь
- Бинарш ССРС
- «Даймехкан гӀуллакхдарна» I тӀегӀан орденан кавалераш
- «Даймехкан гӀуллакхдарна» II тӀегӀан орденан кавалераш
- «Даймехкан гӀуллакх дарна» III тӀегӀан орденан кавалераш
- «Даймехкана динчу гӀуллакхашна» 4 тӀегӀанера орденан кавалераш
- Сийлаллин орденан кавалераш
- Ленинан орден йелларш
- Халкъийн доттагӀаллин орден йелларш
- «Сийн хьаьрк» орденан кавалераш
- «Къинхьегаман ветеран» мидал йелларш
- Москохан 850 шо кхачарна иэсан мидал йелларш
- Стун Ольгин III тӀегӀанан орденан кавалераш
- Детин Олимпийн орденан кавалераш
- Россин Федерацин физикин оьздангаллин хьакъ долу белхалой
- СССР Сийлахь тренераш
- «ДоттагӀаллин догӀа» орденан кавалераш (Кемеровн область)
- Адамаш абатца
- Спортхой абатца
- Википеди:Кепаш нийса ца лелош йолу агӀонаш
- «Даймехкан гӀуллакх дарна» орденан буьззина кавалераш
- ССРС гимнасташ
- Спортан гимнастикехь Олимпийн чемпионаш
- ССРСн Олимпийн чемпионаш
- Спортан гимнастикехь ССРС чемпионаш
- 1956 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн чемпионаш
- 1960 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн чемпионаш
- 1964 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн чемпионаш
- 1956 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн детин совгӀатхой
- 1960 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн детин совгӀатхой
- 1964 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн детин совгӀатхой
- 1956 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхой
- 1960 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхой
- 1964 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхой
- Спортан гимнастикехь дуьненан чемпионаш
- Спортан гимнастикин Европин чемпионаш
- Спортан гимнастикин ССРС тренерш
- ССКП декъахой
