Ларионов, Михаил Фёдорович
Ларионов Михаил Фёдорович | |
---|---|
![]() | |
Вина терахь | 1881 шеран 22 май (3 июнь)[1] |
Вина меттиг | Тирасполь, Херсонан губерни, Российн импери |
Кхелхина терахь | 1964 шеран 10 май[2][3][4][…] (82 шо) |
Пачхьалкх: | |
![]() |
Михаи́л Фёдорович Ларио́нов (1881 шеран шеран 22 майхь [3 июнехь], Тирасполь, Херсонан губерни, Российн импери — 1964 шеран 10 майхь, Фонтене-о-Роз) — оьрсийн исбаьхьалча, суьрташдахкархо[5], график[5], сценограф[5], исбаьхьаллин теоретик[5], оьрсийн авангардан бух биллинчех цхьаъ. Гончарова Натальян майра[6].
Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вина Херсонан губернин, уездан гӀалахь Тирасполехь. ТӀеман фельдшеран кӀант, бералла дӀайелира Российн къилбехахь Тирасполехь, цига сих-сиха йухавогӀура аьхкенан этюдашна.
1891 шарахь ЛарионовгӀар баьхкира Москоха, Ӏаккха Михаил дешахӀоьттира Воскресенскийн реалан доьшийле.
1898—1910 шерашкахь — дийшира Москохан Ӏаламдилларан, скульптурин, архитектурин доьшийлехь Серов Валентин а, Левитан Исаак а, Коровин Константин а болчохь[7].[5] Циггахь йевзира Гончарова Наталья, иза хилира цуьнан новкъахо дахарехь а (официалан мах ца бира 1955 шарахь бен), кхоллараллехь а[8].
1900-гӀа шераш дуьйлалуш Ларионовс жигара дакъалецира исбаьхьаллин дахарехь, гайтамаш Россехь хилла ца Ӏаш, Европехь а хилира. Ларионовна боккха Ӏаткъам бира французийн суртдиллархоша, церан кхоллараллийца дуьххьара иза Ӏоттавелира Щукин Сергейн москохан гуламехь.
1902—1906 шерашкахь болх бира тӀаьхьарчу импрессионизман хотӀехь («Сиренан колла беснашкахь»).[5]
1906 шарахь Дягилев Сергейс дакъалаца кхайкхира парижан Гуьйренан салонан оьрсийн декъе.
1907 шарахь, фовизмо а, кӀоргенза исбаьхьалло а Ӏаткъам бина, вирзира примитивизме, бӀаьрла басаршца къаьсташ дехкира девзаш долу суьрташ, ира сизнашца а, сценашца а («СадоӀу салти», «БӀаьсте»).
1912 шарахь кхоьллира керла исбаьхьаллин концепци — лучизм[5], иза ду «Ӏалашо йоцу кхоллараллин» разрядера абстрактан исбаьхьаллин хьалхарчех цхьа масала, цигахь хатӀ хилла тайп-тайпана хӀуманашна тӀера кхетта зӀаьнарш цхьаьнакхетачохь.
1914 шарахь, Дуьненан хьалхара тӀом болабеллачул тӀаьхьа, кхайкхира тӀеман гӀуллакхе. Чов йина цӀаваийтина, Ларионов охьахиира Париже, цигахь 1915—1929 шерашкахь Гончароваца цхьаьна болх бира Дягилевца, «Оьрсийн балетан» духарш деш, декорацеш йеш. Суртдилларехь иза йухавирзира хьалхарчу, фигуративан, манере, камеран жанре, натюрморте. Иккхинчу Октябран революцил тӀаьхьа кхин Россеха йуха ца веира.
1955 шарахь официалан мах бира Гончарова Натальяца. 1962 шарахь иза йеллачул тӀаьхьа, йалийра А. К. Томилина, иза хилира шинне а исбаьхьалчин официалан тӀаьхье[9].
Велла Парижан йисттерачу жимачу Фонтене-о-Роз гӀалахь 1964 шарахь. ДӀавоьллина Иври-сюр-Сен кешнашкахь.
Тирасполехь урам ду исбаьхьалчин цӀарах.
Гайтамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
![]() |
Гончарова Натальяца цхьаьна Ларионов жигара декъахо вара исбаьхьаллера «аьрру агӀонан», цуо кечбира цхьа могӀа он гӀарабевлла гайтамаш:
- 1910 — «Черойн салти»
- 1912 — «Виран цӀога»
- 1913 шеран 24 март (6 апрель) — 7 (20) апрель — «гӀакх»
- 1914 — «№ 4. Футуристаш, лучисташ, примитив»
1980 шарахь Москохахь хилира исбаьхьалчин долара гайтам. 1989 шарахь Ларионовн суьрташ А. К. Томилина-Ларионовас совгӀатна дӀаделира Третьяковн галерейен[9].
2018 шеран сентябрехь Керла Третьяковкехь дӀабиллира Ларионов Михаилан ретроспективан гайтам.
Суьрташ а, жайнийн графика а[нисйе бӀаьра | нисйе]
Жигара болхбира арахецараллашца, 1910-гӀа шерашкахь суьрташ дехкира поэтийн-футуристийн арахецаршна («Помада» Кручёных, арахецна 1912 шарахь). Цул сов кечдира лахара жайнаш:
- Парнах, В. Я. Набережная / [М. Ларионовн 2 сурт]. – [Париж, 1919].
- Blok, A. A. Les douze / traduit du russe par Serge Romoff ; avec sept illustration d’apres les dessins de Michel Larionow. – Paris: La Cible, 1920.
- Voyage en Turquie / 32 gouaches 1907–1909, reproduites au pochoir au format et sur papier des originaux. – Paris: L’étoile boitante, [1928 шарахь гергга].
- Беляева, Н. Къоьлла. – Париж: Олхазарш лоьцург, 1945. (Куьга суьрташ дехкина.)
- Défense et illustration de l’art abstrait par Michel Seuphor. – Paris, 1949. (Куьга суьрташ дехкина.)
- Larionov, M. Diaghilev et les Ballets russes / Dessins et textes de Michel Larionov. – Paris: la Bibliothèque des arts, [1970].
Театран белхаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Дягилевн «Оьрсийн балеташ»
- 1915 — «Буьйса йукъал сов йаьлча кхетта малх» хореограф Л. Мясин, Н. Римский-Корсаковн музыка
- 1916 — «Кикимора» хореограф Л. Мясин, А. К. Лядовн музыка
- 1917 — «Оьрсийн туьйранаш» хореограф Л. Мясин, А. К. Лядовн музыка (Н. Гончароваца цхьаьна)
- 1921 — «Жухарг», С. С. Прокофьевн музыка. Ларионов иштта вара хореографан меттана Славинский Тадеушца цхьаьна
- 1922 — «Цхьогалах а, боргӀалах а, цицигах а, кех а байка», хореограф Б. Нижинская, И. Стравинскийн музыка
- 1929 — «Цхьогалах а, боргӀалах а, цицигах а, кех а байка», хореограф С. Лифарь
- Кхечу театрашкахь
- 1931 — «Классикин симфони», хореограф Т. Славинский, С. Прокофьевн музыка («Мишель Бенуан опера-балет», театр «Пигаль[fr]», Париж)
- 1932 — Прокофьев Сергейн «Днепр тӀаьхь» балет, хореографи Лифарь Сержан.
Кинематограф[нисйе бӀаьра | нисйе]
1913 шарахь Футуристийн кабарера № 13 драма. Премьера хилира 1914 шеран январехь, «Виран цӀога» тоба йоьхначул тӀаьхьа.
Сочиненеш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Лучизм, М., 1913.
Иэс[нисйе бӀаьра | нисйе]
- 2016 шеран 6 декабрехь «Днестр йистан маркано» йовзийтира исбаьхьалчийн а, оьрсийн авангардан бухбиллинчех цхьанна Ларионов Михаилан лерина арахецаралла[10].
- 2018 шарахь Москохахь Даниловн кӀоштахь Ларионовн урам йукъаделира[11].
Библиографи[нисйе бӀаьра | нисйе]
- История русского искусства, т. 10, кн. 2, М., 1969, с. 38, 104, 125—130;
- Сарабьянов Д., Примитивистский период в творчестве Михаила Ларионова, в его кн.: Русская живопись конца 1900-х — начала 1910-х годов, М., 1971;
- George W., Larionov. P., 1966.
- Ковтун Е. Ф. Михаил Ларионов. 1881—1964, Аврора, 1998;
- Н. Гончарова, М. Ларионов: Исследования и публикации. Сборник статей / Комиссия по изучению искусства авангарда 1910—1920-х гг.. — М.: Наука, 2001. — 252 с. — ISBN 5-02-022615-7.
- Н. С. Гончарова и М. Ф. Ларионов: Исследования и публикации / Государственный институт искусствознания Министерства культуры Российской Федерации. — М.: Наука, 2003. — 252 с. — (Искусство авангарда 1910—1920-х годов). — ISBN 5-02-032673-9.
- Романович С. М. Воспоминания о М. Ларионове. Компакт-диск «Художник Сергей Романович в живописи и слове». М. 2003 или сайт в интернете с адресом: maakovets.narod.ru.
- Поспелов Г. Г., Илюхина Е. А. Михаил Ларионов. — М.: РА, Галарт, 2005. — 408 с. — 2000 экз. — ISBN 5-269-01039-9.
- Иньшаков А. Н. Михаил Ларионов: русские годы. — М.: Научно-исследовательский институт теории и истории изобразительных искусств Российской академии художеств, Гнозис, 2010. — 326 с. — 1000 экз. — ISBN 978-5-94244-038-1.
- Иньшаков А. Н. Предмет в лучизме: абстрактная живопись М. Ф. Ларионова // Беспредметность и абстракция: Сборник статей / Российская академия наук, Научный совет «Историко-теоретические проблемы искусствознания», Комиссия по изучению искусства авангарда 1910—1920-х годов, Государственный институт искусствознания; Ответственный редактор Г. Ф. Коваленко. — М.: Наука, 2011. — С. 212—230. — ISBN 978-5-02-037517-8.
- Вакар И. А. О датировке некоторых ранних картин М. Ф. Ларионова // Третьяковские чтения. 2012: Материалы отчетной научной конференции / Научный редактор Л. И. Иовлева; редколлегия: Л. И. Иовлева, Т. В. Юденкова. — М.: СПМ-Индустрия, 2013. — С. 177—186.
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ Архив изобразительного искусства — 2003.
- ↑ Bibliothèque nationale de France идентификатор BNF (фр.): اوپن ڈیٹا پلیٹ فارم, платформа відкритих даних, платформа открытых данных, plateforme de données ouvertes, piattaforma di dati aperti, Opendata-Plattform, otevřená data platforma, åben-data-platform, տվյալների բաց շտեմարան, platforma za odprte podatke, plataforma de datos abierta, plataforma de dados aberta, платформа адкрытых даных, платформа на отворените данни, platforma otwartych danych, ашық деректер платформасы, ачык маалыматтарды платформа, açıq məlumat platforması, ochiq ma'lumotlar platforma, açık verilerin platformu, платформа отвореног података, platforma otvorenih podataka, platforma otvorenog podataka, platforma otvorených údajov, πλατφόρμα ανοικτών δεδομένων, platformu atklātā datu, platforma atvira duomenų, platvormi avatud andmete, avoimen datan foorumi, nyílt adatok platformja, პლატფორმა ღია მონაცემები, платформа за отворени податоци, нээлттэй мэдээллийн тавцан, platformă de date deschise, platformo de malferma datumoj, open data platform, плятформа адкрытых зьвестак, Усьтэм даннойёслэн платформазы, асыҡ мәғлүмәт платформаһы, açıq malümat platforması, açıq malümat platforması, ачык малюмат платформасы, öppen dataplattform, платформаи додаҳои боз, ачык кӧргӱзӱлердиҥ платформазы, гом бæрæггæнæнты платформæ — 2011.
- ↑ Michail Fiodorovich Larionov (нидерл.)
- ↑ Mikhail Fedorovich Larionov (инг.) — OUP, 2006. — ISBN 978-0-19-977378-7
- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 Грачёва, 2010, с. 721.
- ↑ ЛАРИОНОВ • Большая российская энциклопедия - электронная версия. bigenc.ru. Теллина 2019 шеран 9 августехь.
- ↑ Выставка Михаила Ларионова.
- ↑ Наталья Гончарова является двоюродной правнучкой жены А. С. Пушкина Натальи Гончаровой
- ↑ 1 2 Ларионов Михаил Федорович.
- ↑ Два новых почтовых выпуска презентовала «Марка Приднестровья». tv.pgtrk.ru (2016, 6 декабрь). Теллина 2016 шеран 6 декабрехь.
- ↑ Новым улицам на ЗИЛе присвоили наименования. Москва 24. Теллина 2018 шеран 24 декабрехь.
Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Ларионов, Михаил Фёдорович / С. М. Грачёва // Крещение Господне — Ласточковые. — М. : Большая российская энциклопедия, 2010. — С. 721. — (Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов ; 2004—2017, т. 16). — ISBN 978-5-85270-347-7.
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
![]() |
Михаил Ларионов Викиларма чохь |
---|
- Бинарш 3 июнехь
- Бинарш 1881 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Тирасполехь
- Белларш 10 майхь
- Белларш 1964 шарахь
- Исбаьхьалчаш абатца
- Российн империн исбаьхьалчаш
- Оьрсийн авангардан исбаьхьалчаш
- Исбаьхьалчаш-примитивисташ
- Исбаьхьалчаш-экспрессионисташ
- Исбаьхьалчаш-футуристаш
- Балетан сценографаш
- Дягилевн Оьрсийн балетан сценографаш
- Москохан Ӏаламдилларан, скульптурин, архитектурин доьшийлера арахецнарш
- Воскресенскан реалан доьшийлера арахецархой
- Франце хьалхара тулгӀенца кхелхина оьрсийн мухажираш
- «Исбаьхьаллин дуьне» цхьаьнакхетараллин исбаьхьалчаш
- Черойн салти
- Виран цӀога
- ДӀабоьхкинарш Иври-сюр-Сенехь
- Гончарова Наталья
- Ларионов Михаил