Ламанан пачхьалкхан аграрин университет
Ламанан пачхьалкхан аграрин университет (ЛПАУ) | |
---|---|
Дацдар | ЛПАУ |
Хьалхара цӀе | Хьалхара БуритӀен советийн политехникин институт (Йуьртан бахаман) |
Кхоьллина шо | 05.10.1918 |
Тайпа | Федералан пачхьалкхан бюджетан лакхара дешаран кхоллам |
Ректор | Темираев Виктор Хамицевич |
Студенташ | 6080 (2011 шо) |
Аспирантура | 139 |
Докторш | 60 |
Профессорш | 60 |
Лаьтта меттиг | Росси, Республика Къилбаседа ХӀирийчоь-Алани, БуритӀе |
Юридически адрес | З62040, Российн Федераци, БуритӀе, Кировн ур., 37 |
Сайт | http://www.gorskigau.com/ |
Ламанан пачхьалкхан аграрин университет — БуритӀера пачхьалкхан лакхара дешаран меттиг. Йоккха йуьртабахаман Ӏилманан-талламан йукъ. Кхоьллина 1918 шарахь. Ширачех лакхара дешаран меттиг Къилбаседа Кавказехь.
Истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]Университет дӀайиллина 1918 шарахь, инициатор Москохан университет йолуш, приват-доценто В. Ф. Раздорскийс. Институтан хьалхара ректор хилира Есьман Иосиф Гаврилович (1918—1922). Институт кхолларан хьостехь лаьттина Ӏилманчаш: Раздорский В. Ф., Гюнтер А. Р., Панков А. П., Рязанцев Н. В., Дзокаев К. Х., Иосифов И. М., Тарноградский Д. А., Дзанагов Х. Б., Гутиев М. Н., Саламов А. Б., Мухин Т. Д., Рубилин Е. В., Трофименко К. И., Грабовский И. С., Смольский Я. В., Джанаев Г. Г., Калоев А. В., Стоюшкин И. А., Цаболов Р. Г., Кульчиев Б. Х., Цогоев Н. Д., Кизинов Ф. И., Хилькевич Н. М., Годжиев С. А., Нехотяев М. С., Хачиров А. К., кхин берш а. Йерриг болх бечу хенахь лдм кечбина шовзткъе бархӀ эзар говзанча. Университетера арахецначарна йукъахь бу гӀарабевлла белхан организаторш, Ӏилманчаш, пачхьалкхан а, йукъараллин а гӀуллакххой, ткъа 20 стаг царех оцу муьрехь Социалистийн Къинхьегаман Турпалхо хилира, цхьаъ Советийн Союзан Турпалхо хилла.
БуритӀен советийн политехникин институт, Къилбаседа-ХӀирийчоьнан юьртабахаман институт цӀераш лелийна.
Хьехархой
[бӀаьра нисйан | нисйан]Университетехь къахьоьгу 60 Ӏилманийн докторо, профессоро, 262 Ӏилманийн кандидато, доценто. Цара лелабо Ӏилманан талламаш Ӏилманан 6 отраслехь, дакъалоцу федералан а, регионалан а программаш кхочушъеш. Царна йукъахь 10 РФ Ӏилманан хьакъ долу гӀуллакххо, 11 РФ лакхара ишколан хьакъ долу белхало, 7 «Российн Федерацин лакхара говзаллин дешар» цӀе йолу Сийлахь хьаьркаца совгӀат дина Ӏилманча, 16 РКъХӀ-Алани хьакъ долу дешаран белхало, 17 РКъХӀ-Аланин Ӏилманан а, техникин а хьакъ долу белхало, 15 РКъХӀ-Аланин йуьртан бахаман хьакъ долу белхало.
Университетехь аьттонца болх беш ю профессорийн Адиньяевн Э. Д., Басаевн Б. Б., Дзанаговн С. Х., Тменовн И. Д., Тезиевн Т. К., Гасиевн П. Е., Цугкиевн Б. Г., Фарниевн А. Т., Бекузарован С. А., Калоевн Н. И., Кудзаевн А. Б., Мамукаевн М. Н., Караевн А. Х., Чохотаридин Г. Н., Мамитин Г. И., Цалиевн Б. З.16 Ӏилманан ишкол.
ГӀарабевлла арахецна дешархой
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Битаров, Вячеслав Зелимханович (вина 1961) — Республика Къилбаседа ХӀирийчоь — Аланин корта
- Евтушенко, Николай Никитович (вина 1921) — арахецна 1952 шарахь. Ерригроссийн ХаьжкӀан ӀТИ директор, юьртабахаман Ӏилманийн доктор (1971), Социалистийн Къинхьегаман Турпалхо (1966).
- Камболов, Марат Аркадьевич — Российн дешаран а, Ӏилманан а министран гӀовс
- Тюляев, Павел Фёдорович (1905—1946) — советийн пачхьалкхан а, партин а гӀуллакххо, ЕКП(б) ГӀирмин областан комитетан 1-ра секретарь.
Зорбанан арахецарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ЛПАУ хаамаш — ЛДМ хьехархойн а, аспирантийн а Ӏилманий белхийн гулам.
- Газет «ДоттагӀалла» — ЛДМ хӀора кӀиранан газет.
Оьздангаллин дахар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Университетехь болх беш йу масех кхоллараллин коллектив, ткъа кхин а музей:
- Халкъан хелхаран ансамбль «Ламанхо»;
- Халкъан гӀирсийн оркестр;
- Камеран хор «Фсати»;
Факультеташ
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Автомобилан
- Агрономин
- Биотехнологин а, стандартизацин а
- Ветеринарин
- Йуьртан бахаман механизаци
- Экономикин а, менеджментан а
- Технологин менеджментан
- Сурсаташ Ӏаморан
- Энергетикин
- Юридически
Ӏилманан дакъош
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Агроэкологин ӀТИ
- Биотехнологи ӀТИ
- ЮБӀРА ӀТИ
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Сайт Горского ГАУ Архивйина 2020-12-01 — Wayback Machine