Чулацаман тӀегӀо

КӀайдарг (типографика)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

КӀайдарг ( ) — дуккха а йозанан системашкахь дешнийн дозанаш гойтуш йолу элпашна йукъара интервал йу. КӀайдарг сацаран хьаьркашна йукъа ца йогӀу. Финикийн йозанехь(оьр.) а, ширачу жуьгтийн(оьр.) а, арамейн(оьр.) а йозанийн йуьхьанцарчу варианташкахь кӀайдарг лелош ца хилла. Ширагрекийн маттахь(оьр.) иза лелош йолу эзар шо сов хан йу. Латинехь(оьр.) кӀайдарг цхьаццанхьа нислора ширачу заманахь, цул тӀаьхьа дӀайелира, йуха эзар шо гергга хьалха йукъайеара. Уггар ширачу славянийн(оьр.) иэсашкахь а кӀайдарг йац (иштта глаголицехь(оьр.) а, кириллицехь(оьр.) а); кириллицехь таханлерчу маьӀнехь рогӀехь лело йолийна XVII бӀешарахь дуьйна. Ӏаьрбийн йозанехь(оьр.) XX бӀешо кхаччалц иза лелош ца хилла ала мегар ду. Таханлерчу китайн(оьр.) а, японийн(оьр.) а меттанашкахь иштта кӀайдарг лелош ца хила а тарло[1].

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Шунейко А. А.. «И надо оставлять пробелы…» (ru) // Наука и жизнь : журнал. — 2016. № 10. ISSN 0028-1263.