Къоьлла
Арахьара хатӀ
Къоьлла — адаман я социалан тобанан коьрта хьашташ кхочушдан дахаран гӀирсаш а, пайданаш а цатоаран хьал ду[1]. Къоьлла — дустараллин кхетам бу. Цхьана юкъараллехь болу дахаран бараме хьажжина цуьнан маьӀна тайп-тайпана хуьлу[2].
Къоьлла йолаяларан бахьанаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Къоьлла вовшашца доьзна долу а, тайп-тайпанчу бахьанийн а жамӀ ду. Уьш цхьанатуху рогӀера тобанашка:
- экономикин (болх цахилар а, экономикин нийсазалла, масала кӀезиг белхан алапа а, лахара къинхьегаман эвсаралла а)
- социалан-медицинан (заьӀапалла а, къаналла а)
- демографин (дӀакъаьстина мар-зуда болу доьзалш а, доьзалшкахь дукха наппагӀахой (кхаба безарш) хилар а, адам совдалар а)
- дешаран (дешаран лахара барам а, тоамбоцу корматаллин кечам хилар а)
- политикин а (тӀеман тасадалар а, ца яьлла миграци а)
- мехкан-географин (регионийн кхиар цхьанаэшшара цахилар)
- динан-философин а, психологин а.