Къонахалла

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Къонахалла (фрагмент)

1. Къонахчун коьрта Ӏалашо ю шен халкъан а, Даймахкан а гӀуллакх дар. Халкъан а, Даймехкан а лазам цунна шен лазмел а лакхара бу.

2. Къонахчо дуй а буий шен Даймехкан гӀуллакх до. Даймохк бахьанехь шен са дӀадала кийча ву иза, амма цкъан а, хӀуъа хилла латтахь а, къонах шен сий цадухку

3. Къонахчун коьрта Ӏалашо ю шен Даймохк мостагӀехь ларбар. Нийсонан тӀамехь йа шен сий лардарехь валар деза ду къонахчуна, сийсазаллехь а, иэхьех а вахарел а[1].

Къо́нахалла — нохчийн къонахчун сийн кодекс — къонах волчу стеган. Халкъан кхолларо тоьшалла до вайнехан тӀеман барт хилар. Кодекс Аланийн заманахь (IV—XIII бӀешерашкахь) кхоллайаларх шеко а ю. Цуьнан аматашна тӀехь шен лар йитира оцу заманахь хиллачу хӀуманаш а, тӀемах нах боьлла хиларо а. Кодекс шира хилар тоьшалла до нартийн эпосан къеначу хӀолламашца дустарш а[1].

Кодексан тӀеххьара кеп дӀахӀоьттина юккъерачу бӀешерийн чеккхенешкахь. Цулла а гуттара тӀехьа кодексан синан-мехаллан аспект зийна суфизмо, цуьнан коьрта маьӀана ду адаман дахар син-мехалла тояран некъ. Амма суфица дуьстича, къонах декхараллехь вацара дуьненан марзонех а, социал-политикин дахарах дӀахада. Халкъан кхолларашкахь дийцарехь, доьххьала кодекс дӀаязйина динан-бараман трактаташкахь XVII—XVIII бӀешерашкахь. Таханлерачу хене кодекс кхаьчна кийсигаш а йохуш тептаршкахь а, халкъан бартакхолламехь а[1].

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. 1 2 3 Леча Ильясов Кодекс «Къонахалла». nohchalla.com. Теллина 2016 шеран 20 февралехь.