Къине вожар

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Керсталла
Библи
Троица
Керсталлин истори
Керсталлин Ӏилма
Керсталлин далла гӀуллакх дар
Керсталлин некъаш
Керсталлин йемалалла
Кхидерг

Къине́ во́жар — массо а ИбрахӀиман тӀаьхьенашкара девллачу динашкара, дуьххьарчу адамо Делан омар дохорах йукъара кхетам, цуо адам дожийна лакхара бехказчу ирсан хьолера бала хьегаран а, къиналлина а хьоле кхачийна, цуьнан бух бу Хиламан жайнан 3-гӀачу коьртехь[1].

Сурт хийцинчу кепашкахь къине вожаран кхетам бу дукхах долчу динашкахь (царна юкъахь ИбрахӀиман доцурш а ду). Мифологеш толлучу, и тема юьззина Ӏамийна волчу Мирча Элиаден хетарехь, ялсаманера араваккхаран дешийн бӀешеран мифологема, хьалайоьду неолитин революцине, иза реакции ю латталелор. Дешийн бӀешераш цкъа хийца а ца луш цхьаьна догӀу мифологемашца «яйна ялсамане» а, «Хаза гӀиллакхан акханиг».

Библехь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Микеланджело. Адам а, Хьава а къине эгар. Сикстински капеллан суьртийн дакъа, 15081512 шераш.

Хиламан жайнахь 3-гӀачу суьртехь гайтина Делан бехкам бохийна (ӏебар. אֱלֹהִיםЭлохим) чоме хьаьжна Дика а, гӀуо а довзийта диттан (Библия: сокращение Хилам неизвестно, см. список допустимых), бехкам бохийначул тӀаьхьа дуьххьарлера адамаш Ялсаманан бешара арабахаран сурт (Адам а, Хьава а).

Дуьххьарлера стаге Адаме хаийтина хилла, Дика а, гӀуо а довзийта дитт тӀиера стоьмо валаре вуьгу аьлла:

« Дика а, гӀуо а довзийта дитт тӀиера, ма яа хӀумма а; цу тӀиера хӀума кхаьллинчу дийнахь, леш хир ву хьо
(Библия: сокращение Хилам неизвестно, см. список допустимых)
»

Адаман пӀенданах кхоьллина Хьавас (Библия: сокращение Хилам неизвестно, см. список допустимых) къамел динчул тӀаьхьа лаьхьанца (ӏебар. נָּחָשׁ‎, нахаш), чам баьккхира Дика а, гӀуо а довзийта дитт тӀиера хьараман стоьман, Адаме баа а баийтира, иза бахьнехь:

« Беллабелира бӀаьргаш цу шиннан а, хиира царна шеш дерзина дуй, тийгира инжиран гӀаш, йира шена гӀода юккъе йоьхкург.
(Библия: сокращение Хилам неизвестно, см. список допустимых)
»

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Трохачёв С. Ю. Грехопадение // Современная мультимедийная энциклопедия философских, культурологических и религиоведческих знаний

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]